Украинера тIом болабелча шен Оьрсийчуьра болх сацийна йолчу АО "Конде Наст" (Condé Nast) компанино Москван Арбитражан кхеле арз кховдийна ООО "Фирдаусера" декхар а, зен хилла ахча а схьадоьхуш – иза Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIа, республикан культурин министра Кадырова Iайшата лелон модин цIа ду.
Арбитражан гIуллакхца а догIуш, кхоллархочо дIахьедина Кадырован моделан хIусам 814 эзар сом декхар хилар, иштта хилла зен меттахIоттош 893 эзар сом а дехна. Декхар 2019-чу шарахь дуьйна тIехьарчийна хилар хууш ду. Марсхьокху-беттан 8-хь тIеэцна и арз, дуьххьара кхеташо маца хир ю, билгалдаьккхина дац. Арзах дерг кхин хууш дац.
1998-чу шарахь дуьйна болх бора Condé Nast медиатобано. Оьрсийчохь шен болх сацабале "премиум" сегментера журналаш арахоьцура цо: Vogue, GQ, GQ Style, Tatler, AD, Glamour и Glamour Style Book.
2021-чу шарахь ООО "Фирдаусо" 75 млн сом ахча даьккхина хилар гойту, тIаккха деккъа тIедаьлла ахча – 26 млн сом. Гайтаме ду, 2018-чу шаре кхачалц компанино хIора шарахь доккху ахча 1,5 млн соьмал сов ца долура. Коммерцин компани кхоьллинарг юьссуш ю Кадырова Iайшат, лаккхарчу хьаькаман даржехь ша йоллушехь.
- 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь хIоттийра 22 шо долу Кадырова Iайшат культуран министр.
- Мангал-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикан культуран министран даржехь йолчу шен йоIана регионан лаккхара совгIат делира – Кадыров Ахьмадан цIарх орден.
- Адамийн бакъонаш шогачу кепехь хьешарна Американ Пачхьалкхан департаменто Кадырова Iайшатана тIе дIаяхйира 2020-чу шеран аьхка Кадыров Рамзанна дуьхьала яьхна хилла йолу санкцеш.
- Кадырова Iайшатан хьал 2021-чу шарахь 50-зза сов кхиъна – 845 эзар соьмана тIера 44 миллионе кхаччалц. Кадыров Рамзана шен телеграм-канале хIоттийначу шен йоьIан кертахь яьккхинчу видео тIехь гуш ю уьйтIахь дIахIоттийна Lamborghini Urus машен, иза яц хьаькамо официалехь чуеллачу деклараци тIехь. Иштта 2021-чу шарахь Нохчийчоьнан культуран министран долахь 1 617 квадратан метарш йолу доккха цIа а, ялх бIе метр лаьтта тIехь ши хIусам а гучуелира – оцу боллу бахаман мах хила тарло 50 миллион сов сом.