ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Грецера цIа хьажийна жима стаг вайна, боху Нохчийчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Мангал-баттахь Грецин Iедалша Оьрсийчу цIа хьажийна волу Нохчийчоьнан вахархо Мусаев ИбраьхIим юха а вайна, иза зIене волуш вац шен доьзалца. Мичахь ву а ца хууш кIира даьккхинчул тIаьхьа Марсхьокху-беттан 2-хь гучувелира иза шайн гергара нах болчехь.

Цара дийцарехь, Марсхьокху-беттан 4-хь делкъал тIаьхьа Серноводскехь цIера араваьлла Мусаев цIа ца веъна. Лар йоцуш вовш цунна тIехь хилла чохь лело бедарш. Документаш а, телефон а яц цуьнгахь.

"Мемориалан" белхахойн гулъян аьтто баьллачу информацица (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина арахьарчу агентийн статусе, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна – ред.билгалдаккхар), юьртахошна гина Мусаев вехачу ураме еъна ши машен, царах цхьаъ хилла УАЗ "Патриот" полисхойн машен, чохь 3 стаг а волуш. Оцу машенан хилла Къилбаседа ХIирийчоьнан номерш.

Юьртахошна иштта гина урамехь 3 стаг лаьтташ, царах цхьаъ Мусаевх тера хилла. Вовше бистхиллачул тIаьхьа, машена а хевшина, дIабахна уьш.

  • Хьалхо хаам бина ма хиллара, Грецера араваьккхина Мусаев ИбраьхIим Москва кхаьчнера Мангал-беттан 25-хь, цигара оццу дийнахь Оьрсийчоьнан ФСБ-н дозанхоша дIахьажийра иза гIалгIайн "Магас" аэропорте. Амма цIа ца кхечира Мусаев.
  • Марсхьокху-беттан 2-хь хиира Мусаев Серноводскехь шайн гергарчу нахехь хилар. Юьртахоша дийцарехь, цул хьалдха иза латтийнера Сунжан кIоштан РОВД-хь.
  • Ницкъаллин структурийн белхахоша дукхачу хьолахь, дуьйцуш бахьана а доцуш, дIабуьгуш Iедал ду Евробартана юкъайогIучу пачхьалкхашкара арабаьхна нохчий. Иштта зорбанан гIирсаша яздира ницкъ бина хиларх лаьцна кхушара Зазадоккху-баттахь Францера араваьккхинчул тIаьхьа Нохчийчу валийначу Садуев Ильясана.
  • Охан-баттахь цхьана кIиранах Гуьмсерчу РОВД-хь латтийра Францино депортаци йина хилла 44 шо долу Арцуев Лези. Германера цIа хьажийначу Мамуев Нурмохьмада цхьа бутт гергга хан яьккхира Хьалха-МартантIерчу РОВД-хь. Ткъа Францера араваьккхина Гадаев Мохьмад чувоьллина, колонехь даккха цхьа шо ах шо хан а тоьхна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG