ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчохь яьллачу цIаро зенаш дина бахархошна


Гуьржийн Iедало хаамбарехь, 70 доьзалш бехачу цIийнан йоллу лакхара 3-гIа гIат яьгна, пIераскан сарахь. Эвакуаци йиначу бахархоша буьйса хьешан цIийнехь яьккхина. Царех жимма а чохь Iен хьелашкахь хIусамаш ерш, тахана цIа боьрзур бу.

Бинчу талламашца, Тбилиссин Чугурети кIоштахь цIеяларан бахьанаш ду, тоькан серий кхачаме цахилар. Орцанна кхаьчначу 20 цIеяйархочо масех сахьтехь болх бира цIе самса ца ялийтархьама, яйа гIерташ. Кхаа орцан министраллан белхахочунна чевнаш йина.

Зен мел хиллачунна хIусамашца гIо а дийр ду, ахчанан барамехь оьшу гIо а кхачор ду аьлла, дош делла Чугуретин администрацин куьйгалхочо Чиквиладзе Зураба.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG