ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчоьнан дозанехула дехьа ца довлуьйту шаьш бохуш, латкъамаш бо кавказхоша


Верхний Ларс, Гуьржийчоьнна а, Оьрсийчоьнна а юкъара доза
Верхний Ларс, Гуьржийчоьнна а, Оьрсийчоьнна а юкъара доза

Гуьржийчоьнца долу лаьттахулара доза хадош, «Верхний Ларс» олучу постехь (КПП) дехьадовлуш шайна дуьхьалонаш Iиттаяларх дIахьедо Къилбаседа Кавказан мехкийн бахархоша.

Церан тоьшаллашца, Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а бахархой чу ма бита аьлла, къайлах дина омра ду пачхьалкхехь, яздо Кавказ.Реалиино.

Шен цIе къайлаяьхьначу Нохчийчуьрчу вахархочо дийцира Кавказ.Реалиига, Гуьржийчу кхача дозанаш деттарх цуьнга дIахьединера, иза махкара араваьккхинчу оьрсийн дозанхоша. Гуьржийн агIоно, официалан бух боцуш, цуьнан пачхьалкхе вар къобал ца дира.

Доза хадош проблемаш хиларх хаамаш зорбане баьхна йиллинчу хьосташкахь. Масала, "Владикавказ-Тбилиси" телеграм-чатан декъахоша яздо, КПП-хь «фильтрацин барамаш» лелабо бохуш. Цхьахйолчу республикашкара бахархой халла дехьабовлийтинехь, "Нохчийчуьра бахархой массо а бохург санна, юхаберзабо".

"Ши сахьт хьалха цхьа а бахьанаш ца дуьйцуш юхаверзийна Гуьржийчоьнан дозанера кхо стаг. Жимма хан яьлча юхабуьйла аьлла хьехна. Хетарехь, кхайкхийна а боцуш, бина цхьа сацам бу и. Божарий (Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а шаьш боьлху божарий а, тобанашца берш а) цхьа цаторийла яцахь (дарбадан, транзит) ца вахарал бен гIоле яц", - яздина цхьахволчо.

Стигалкъекъа-беттан 16-чохь видео яра зорбане яьккхина, цу тIехь хаамбора, къаьсттина кочаоьху гуьржийн дозанхой "мажош йолчу божаршна а, хьиджабаш техкинчу зударшна а" бохуш. Дозатохар хьакхало нах Гуьржийчу транзитца тIехбовлуш белахь а, Оьрсийчу юхабоьлхуш хилахь а, дIахьедо роликан авторша.

"Жимма сирла косынкаш тахкийша олура машенлелорхочо, ткъа божаршна хьоьхура, мажош дIаяша, и дан аьтто белахь. Iаьржа, къевлина духар долу а, мажош йолу а нах чекх ца бовлуьйту гуьржийн дозанхоша элира цара. Тхо тIаьхьа ца кхиийра стенна, амма боллу пассажираш – 20 стаг- юхаверзийра", - дийцина видеоролика тIерачу Хьавса цIе йолчу зудчо. Ши кIира хьалха Гуьржийчухула Дагестане кхача гIоьртинера иза.

Гуьржийчоьнан Iедалша бакъ ца до дуьхьалонаш яр. Гуьржийчоьнан дозанхойн полицин белхахочо Кавказ.Реалиига дийцарехь, ковидах вакцина елахь, йа ПЦР-тест карахь елахь, Оьрсийчоьнан массо а бахархойн бакъо ю чубахка. Къилбаседа Кавказера бахархойх леррина хьовсуш хиларх хаьттича, жоп дала ца хIоьттира иза, дош делира, дозанхойн кхеташо чекхъяьлча телефон тухур ю, керла информаци хилахь аьлла.

Гуьржийн доза хадорехула долчу хеттаршна маса жоп лучу линехула хаьттича, Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а бахархой чу буьтуш бац бохург – "бакъ дац, дезинформаци ю". "Цхьа а проблемаш яц",- элиар цо.

Лаьттахулара долчу дозанехула Гуьржийчу кхача цхьа бахьана хилча бен пурба цадалар юхадаьккхинера хьалхо Оьрсийчоьно. Кхул хьалха Оьрсийчоьнан некъахойн тоьшалла дан дезара, доза хадор деша Iалашонца, йа дарба лохуш, йа белхан хьокъехь ду аьлла.

  • 2022-чу шеран Дечкен-баттера – Зазадокху-батте кхаччалц пачхьалкхера дIаоьхучу бахархойн терахь цIеххьашха лакхадаьлла аьлла, бакъдира Оьрсийчоьнан ФСБ-но. Гуьржийчу леста Оьрсийчоьнан бахархой пхоьазза совбоьвлла – цхьаъ бен боцчу Верхний Ларс постехула дехьаваьлла 38 эзар Оьрсийчоьнан вахархо. Дустуш аьлча: 2021-чу шеран хьалхарчу кварталехь доза хадийнарг Оьрсийчоьнан бархI эзар стаг бен вацара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG