ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчоьнна юхкур ю Американ Javelin-аш


Американ ракетин системин комплекс Javelin

30 миллион долларна Javelin олу танканашна туху Американ ракетин системан комплексаш кхачор ю Гуьржийчу. Цунах лаьцна хаам бина тIеман а, кхерамазаллехула а цхьаьнакъахьегарехула йолчу Пентагонан урхалло.

Билгалдоккхуш ду Тбилисино ехна хилар Вашингтоне Javelin-нна 82 ракета а, 46 урхаллин а, ракета хоьцу а механизм а. Американ администрацоно и сацам ша бина хиларх лаьцна официлан кепара хаийтина Конрессе.

Официалан динчу дIахьедарца а догIуш, хила мегаш болчу махбаро "хуьйцур яц оцу регионехь хIоттийна тIеман баланс".

Цуьнца цхьаьна Пентагонна хетарехь, цо гIо дийр ду "Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн арахьарчу политикана а, къоман херамазаллина а гIортор ян стратегин партнер а, регионехь кхерамазалла хилийтарехь коьрта мохк а болчу Гуьржийчоьнан кхерамазалла чIагIъярца".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG