ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хаамийн гIирсаш хьийзорна дуьхьалбевлла Оьрсийчоьнан репортераш


Гайтаман сурт

Кремлан куьйгакIел йоцчу медиана а, хьийзочу журналисташна а тIехIуьттуш акци дIаяьхьна пIераскан дийнахь цхьа могIа Оьрсийчоьнан ресурсаша, шайлахь "Новая газета", 7x7, Republic, Wonderzine, Forbes журналан оьрсийн редакци, "Медуза", "Дождь" (тIаьххьара шиъ арахьарчу агентийн реестре язйина) а йолуш.

Цхьатерра кхайкхам бина цара Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, ФСБ-н директоре Бортников Александре, МВД-н урхалхочуьнга Колокольцев Владимире, Пачхьалкхан Думан спикере Володин Вячеславе, иштта кхинболчу лаккхарчу даржхошка а, пачхьалкхан гIуллакххошка а.

Хаамийн гIирсашна а, уьш кхоьллинчарна а, репортерашна а "арахьара агент" статус луш бина сацам юха а боккхуш, зуламан а, административан а гIуллакхашца шайн коллегашна тIаьхьадевлла лелар сацадар тIедожийна журналисташа.

Иштта цара терго тIеозийна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан а, Росгвардин а белхахоша корреспонденташна йиттина меттигаш хиларна, тIедиллина юьйцу инциденташ таллар.

"Пачхьалкхан боцу хаамийн гIирсаш хIаллакбархьама, цхьаболчу журналисташна тIеIаткъамбан лаамца йолийна кампани ю, публикацешкахь беш болу хаамаш харцбан а ца гIерта уьш тIаьххьарчу хенахь", - яздина кхайкхамехь.

Боллу чулацам бовза таро ю, масала, "Новая газетан" сайтехь.

Ялх тIебилламца кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалхошка хаамийн гIирсаша:

  • Сацаде Оьрсийчоьнан зорбанаш а, церан цхьаболу белхахой а арахьарчу агентийн а, оьшуш йоцчу организацийн а реестре бахар;
  • "Арахьарчу агентех" а, оьшуш йоцчу организацех а низамаш дIадаха;
  • Журналисташна йеттар сацаде, йиттина меттигаш талла;
  • Бух боцу административан а, зуламан а гIуллакхаш журналисташна дуьхьал ийдар сацаде (хьахийна ишта пачхьалкхана ямартваьлла аьлла шеконашка эцна Сафронов Иван);
  • Оьрсийчоьнан Зуламан кодексан "журналистийн бакъонца болчу профессионалан белхана новкъарлонаш ярна дуьхьалоярх" артикл ларъе;
  • Зорбанех а, Оьрсийчоьнан журналистийн бакъонаш демократин пачхьалкхахь Iалашден кхиндолу низамаш а ларде.

Марсхьокху-беттан 20-чохь Оьрсийчоьнан юстицин министралло "арахьарчу агентийн" тептаре язйина телеканал "Дождь" а, Латвихь регистраци йина Istories fonds ("Важные истории")а. Ерриг а оцу тептарехь ю тахана 43 организаци а, репортер а. Ю царлахь ишта РСЕ/РС медиакорпорацин масех оьрсийн маттахь арайолу проект, Свобода Радио а, цуьнца болх бен журналисташ а.

ТIаьхьарлерчу шерашкахь Радио Свободан а, кхийолчу а проектийн а гӀapaйоьвлар дӀа схьа ца теӀаш кхуьуш ду. ХIора кIиранах лаьрча, Радио Маьрша Европа/Маршо Радио корпорацин аудиторин терахь ду 7 миллион стаг. Маршо Радион Оьрсийн сервисан сайташка хьажаран терахь ду 16 миллион. Дуьненчуьрчу 63 пачхьалкхера 250 журналисто г1о даьккхира Стигалкъекъа-баттахь йозуш йоцчу медиашкахьа. Йозуш йоцчу хаамийн гIирсийн Iа а лакъийна, Оьрсийчоьнан бахархошна бакъйолу информаца дIа ца кхачийта гIерта Кремль, аьлла хета кехатан авторшна. Цара кхайкхам бина Оьрсийчоьне, дешан маршо ларъян тIелаьцна декхарш кхочушде аьлла. Кехатна куьйгаш яздина The Guardian, The Washington Post, Le Monde, Süddeutsche Zeitung, Reuters, "Немецкая волна", "Украинская правда", ишта кхин болчу хаамийн гIирсаша а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG