ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хан текхначул тIаьхьа ГIиргIазойчуьра аравоккхур ву Мовлаев Мансур. Iазапех веддера иза


Бакъо йоцуш ГIиргIазойччоьнан доза хадорна бехкевен Мовлаев Мансур кхел йоьдучохь
Бакъо йоцуш ГIиргIазойччоьнан доза хадорна бехкевен Мовлаев Мансур кхел йоьдучохь

Бишкекера Первомайскан кхело гIадужу-беттан 4-чохь йалх бутт чохь йаккха хан тоьхна Нохчийчуьра вахархочунна Мовлаев Мансурна, цул тIаьхьа шайн махкара иза ара а воккхуш. ГIиргIазойчоьнан доза бакъо йоцуш хадорна бехквина иза. Цунна таIзар кхайкхорах Кавказ.Реалиига дийцина Мовлаевн адвокато Автандил Бакыта.

"Сан адвокаташа ма-аллара, со кийча ву хан такха. Суна дуьхьал йаьккхинчу артиклехь гIуда кхачош делахь а, сайн са Iалашдархьама, аса доьху шуьга ши шо хан кхайкхор суна. Со кийча ву оцу артиклехула мел а йоккха хан йаккха. Кхузахь итт шарна а набахте ваха реза ву со, сайн дахарх кхоьру дела", -дIахьедина бехкевечо тIаьххьарчу дашехь.

27 шо долу Мовлаев Мансур тхэквандо спортан мастер ву. 2018-чу шарахь инженер болх беш вара иза "Чеченэнерго" компанихь. Цхьадолчу зорбанаша а, иштта нохчийн оппозиционераша а хаамбарехь, 2020-чу шарахь кхо шо тоьхнера цунна меттигерчу Iедална критика йарна. Делахь а, муьлхачу артиклехула цунна таIазар динера - кхелийн сайта тIехь оцу кепара бина сацам бац.

Мовлаев хенал а хьалха 2022-чу шарахь маьршаваьккхира, амма марсхьокху-баттахь йуха а лачкъийра иза Нохчийчуьра Шела кIоштан ОВД-н белхахоша. Цхьахйолчу къайлахчу набахти чохь латтийнера Мовлаев, амма цуьунан ка йелира къайлах вада. ГIиргIазойчу кхечира иза карахь кехат а доцуш, стохка дуьйна цигахь вара иза, йаздо 24.kg сайто. Оьрсийчохь Мовлаев лехамашка велла, экстремизмех гIуллакх долош.

  • Бакъо йоцуш шайн пачхьалкхан доза хадорна ГIиргIазойчохь лаьцначу 27 шо долчу Нохчийчуьра вахархочо Мовлаев Мансура мехкан Iедалхошка дехар динера, шена мухIажаран статус йоьхуш. Карарчу хенахь цуьнан дехар луьстуш ду къоман кхерамзаллин пачхьалкхан комитето.
  • Нохчийн жигархойн хаамашца, кадыровхоша лечкъийна бигинера Йоккхачу АтагIахь бехаш болу Мовлаевн боллу гергарнаш. Шеларчу полицин декъехь уьш латтийна а бохура, амма фициалехь информаци бакъйина йацара.
  • Украинана дуьхьал тIом болийчхьана бакъоларйархоша а, Кавказ.Реалиин сайтан хьасташа а дуьйцура, дукха хьолахь республикера ницкъахоша лечкъийна нах тIаме хьийсорах. Царех цхьаболучарна ультиматум хIоттайора, йа тIаме доьлху шу, йа Iазапаш хьоьгу, цул тIаьхьа шаьш айдинчу гIуллакхца набахте а доьлхуш олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG