ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мел хан яларх ширлур доцуш. СБУ-н бехкаш тIечIагIдо Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша а


Ramzan Kadyrov

Зуламаш лелийна аьлла Украинан Бехктакхаман кодексан Iедалан кхаа къепенца бехке ву аьлла, шеконе эцна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан - пачхьалкхан кхерамзаллин урхалло бехкево иза къиза тIом барна а, Оьрсийчоьнан чугIортар къобалдарна а, дозанийн цхьааллина тIелатарна а. Оцу юкъанна тоьшаллийн базица проблемаш яц: Чиллан-беттан чакхенера схьа дуьйна нохчийн политико денна бохург санна телеграм-каналехь зорбане боху, оцу зуламашна иза бехкеван тарлу хаамаш.

"Кехаташкахь яздина ду, 2022-чу шеран чиллан-зазадокху а беттанашкахь ша Кадыровс куьйгалла дина оцу дакъойн къаьстина тIеман операцийн планаш хIиттош, омранаш деш, дакъойн буьйранчийн рапорташка а, дIахьедаршка а ла а доьгIуш", - аьлла ду СБУ-н официалан сайтехь.

Украинхойн къайлахчу сервисашна жоп делла Кадыровс шен каналехь шина аудиохаамца. Цо дIахьедина, "спецоперацихь" (оьрсийн пропагандо иштта олу тIамах) кхин дIа а ша дакъалоцур ду аьлла, билггал мукIарло дина шен бехкана: "Украинехь айса мел динарг ас тIелоцуш ду, аш ишта бахахь".

"И гIулч оьшу украинхойн Iедалшна, кхин цкъа а дIагайта: уьш тешна бу толам шайгахь хирг хиларх, цундела массо а бехкечарна таIзар дан дагахь бу. Iалашо – шайн агIончийн дог иркарахIоттор", - иштта комментарий йина СБУ-но бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьалдахарх лаьцна оьрсийн политолого Галлямов Iаббаза

Йиттина тIеман йийсархой, нах байъа а, къоланаш дан а кхайкхамбар

Бехкаш хилар тIечIагIдо Кадыровн цIарах цуьнан телеграм-канале хIитточу дуккхаъчу хаамаша:"Ас официалехь дIахьедо, Украинера уггар а буьрса тIемаш боьлхучу меттигашкахула нохчий чекхбевр бу", - яздира цо тIом болабеллачу шолгIачу дийнахь, чиллан-беттан 26-чохь.

Кхечу дийнахь суьйранна Кадыровс хаамбира техника схьаяккхарх: "Ойла йийр ю, Нохчийчуьра лерринчу дакъошна аьлла, цунах пайдаэца. Тарло иштта Соьлжа-ГIалана уьш латтон а". ТIаьхьо Соьлжа-гIала кхачийра тапча а, "инарлин машен" а. "Гуманитаран гIо ду" а бохуш, Кадыов Ахьмадан цIарах Мариуполян бахархошна дIасайийкъира лечкъийна украинхойн сурсаташ. Чиллан-бутт бовш политико пост хIоттийра, шуьйра операци дIахьо "массо а меттигехь" аьлла, агрессин тIом болабе аьлла, кхайкхамбар санна лоруш ду и.

ТIом болабеллачу хьалхарчу деношкахь Кадыров Рамзана жоьпалла шена тIе а оьцуш, элира "цхьана украинхойн эскархочух (уьш карабагIахь.-Редакцин билгалдаккхар.) пIелг Iуттур бац, цуьнан сий а дойъур дац" аьлла, амма оцу сохьта шен агIоне хIиттайора нохчийн бIахоша дIаязйина видеош, цу тIехь йийсархой бара йиттина, таIзарш лелийна лараш йолуш. Йоллу роликаш тIехь аьлча санна, кхерамаш туьйсуш, бертаза "Ахмат сила!" бохуш, маьхьарий деттийтира, церан догIмаш тIехь йиттина лараш яра, цхьаберш цхьалха а баьхна шелонехь латтийнера.

Зазадокху-баттахь Iедалшкахьа йолчу телеграм-каналаш тIехь видео яржийра, Киевн кIошта веана Кадыров бохуш – оппоненташа и хаам фейк ю элира, хIунда аьлча, локаци лаца аьтто боцчу, Iаьржачу ларми чохь яьккхина яра ролик – хIетте а цуьнан вар лара тарло Украинан дозанийн цхьаалла йохор санна. Кадыровс ша и тIе а чIагIдира.

ТIаьхьо Оьрсийчоьно Киевн кIоштара эскараш арадехира: иштта хиира дуьненна Бучехь лелийначу эрчонех, цигахь маьрша нах байъарна бехке лору кадыровхой.

Интерполехула лехар?

Украинхойн экспертийн "Сова" тобанан куьйгалхочо, политикан Iилманийн докторо, профессор волчу Савва Михаила Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь билгалдаьккхира: Нохчийчоьнан куьйгалхо – тIеман зуламех дозалла дечу кIезигчу Оьрсийчоьнан политикех ву аьлла.

"Хууш ду, цо и стенна деш ду: нохчийн хьалханча ву ша бохуш, лелаш ву Кадыров, цундела доьналла долуш а, майра а хила веза иза, "бакъволу тIемало". СБУ-н цуьнан хьокъехь официалан шеконаш – символикан гIулч хилла ца Iаш, практикин тIаьхье йолуш хила а тарло: Кадыров дуьненаюкъарчу лехамашка валаро дуккха а хьовзамаш бохур бу цунна дуьненан муьлххачу а махка воьдуш", - билгалдоккху украинхойн спикеро.

Кадыров дуьненаюкъарчу лехамашка валаро баккхий хьовзамаш бохур бу цунна

Профессоро Саввас билгалдаьккхира, Путинан режимехь бен ша кхерамзаллехь Кадыровна хеташ цахилар, амма тIедогIучу шерашкахь "Оьрсийчохь а хийцадала тарло Кадыровн хьал".

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш дахар – билггал хиларх, формале гIулч цахиларх, тешна ву къобалъязчу Ичкерин Украинера консул, "Дозанал арахьа нах муха бойъу Путина" цIе йолчу монографин автор Шулира Юрий.

"Украинан куьйгалло курс вовшахтоьхна, мел а дукха тIеман зуламашна бехкеболу нах, латтанашна тIелеттарш, церан агIончаш шогачу жоьпалле озон хьажийна", - дIахьедира эксперто.

Цо дийцарехь, Кадыровн а, цуьнан гонерчу нехан а хьокъехь айдечу бехктакхаман гIуллакхашкахула кечъеш тоьшаллийн база ю, тIейогIучу заманчохь дуьненаюкъарчу кхеле бала Оьрсийчоьнан Iедалхой а, иштта Нохчийчоьнан куьйгалхо а.

"ТIеман зуламаш дарна, адамаллина дуьхьал зуламаш лелорна, геноцид хIотторна, кхин долчу жоьпалле а нах ийзон йиш ю мел дукха хан яларх, - билгалдоккху юристо. – Цундела, Украинан урахллехь тIейогIучу заманчохь милла хилахь а, тIаьххьарчу зуламхочунна таIзар даллалц тIеман зуламхошна тIаьхьабевлла лелар бу".

Кавказ.Реалиица къамелдинарг тешна ву, гергарчу хенахь Кадыров а, биссинарш а Интерполехула дуьненаюкъарчу лехамашка лург хиларх.

ТIеман зуламех лаьцна массарна а хезаш Кадыровс хIунда дIахьедо дуьйцучу Ичкерин векало билгалдоккху, иза таIзаре хIоттош цахилар, цуьнан ишта лелар лартIахь доцург ду а олуш.

"Кадыровна, Путинан гонерчу дуккхаъчарна а санна, хета, малхбузена дуьхьал Москвано бен гибридан тIом гуттар а лаьттар бу. Шен дийна виссар Путинах доьзна дуй хаьа цунна, цунах тешаш а ву иза,- дерзийра къамел спикеро. – Иштта, Путинан зуламе тIеман лаамаш кхочушбийриг хиларе терра Кадыровс рогIера юха а тоьшалла до оцу зуламийн уьйр Оьрсийчоьнан президентаца хилар".

Путинах тешна ву иза, шен дийна виссар Путинах доьзна хеташ

Чиллан-беттан 24-гIа де дIадаьлчхьана Кадыровс масийттазза кхерамаш тийсира Киев "схьаяккха", ткъа цуьнан уллорчу накъосташа дIахьедора "Берлине кхача а" кийча хиларх. Оцу юкъанна Оьрсийчоьнан эскархой зазадокху-бутт бовш юхабевлира Киевн кIоштара, украинхойн эскаро дуьхьалоярца дара иза. Цул тIаьхьа кадыровхой олу дакъош довза дуьйлира "тикток-эскарш" аьлла – гуш воцчу мостагIца тIемаш беш видеош дIаязъярна.

  • Нохчийчуьрчу бахархоша Украинаца болчу тIамехь дакъалацар уникале ду. Цхьана агIор, мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан "фронтмен" хилира Киевна а, Мариупольна гергахь а, Луганскан агIор а бечу тIемийн, ткъа цуьнан эскархой билгалбевлира шаьш дIалецначу, нах бехачу ярташкахь къаьстина къизаллаш лелорца, вукху агIор - Украинехьа тIемаш беш ю нохчийн ши батальон а, иттаннашкахь Европан кеп-кепарчу пачхьалкхашкара баьхкина лаамхой а. Цул совнах, тIом болабелла хьалхарчу кIиранашкахь дуьйна дуккхаъчу эксперташа дийцадолийра Мариуполехь а, Соьлжа-гIалахь а бомбанаш йеттарца цхьаьнадогIучух.
  • Мангал-бутт бовш Украинан Лакхарчу Радехь вовшахтуьйхира "Маьршачу Кавказехьа" цIе тиллина фракцишна юкъахь детутатийн цхьаьнатохаралла, цу юкъахь ву 10 парламентхо. Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн комитетан дискуссин гурашкахь украинхойн депутато Гончаренко Алексейс критика йира Къилбаседа Кавказехь Оьрсийчоьно лелочу политикана. Кавказ.Реалиина Гончаренкос елла интервью еша кхузахь.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG