Соьлж-ГIалин юккъерчу журналистийн скверехь дIабаьхьанчу куьйга говзанчийн гайтаме шортта говзанчаш баьхкинера, шайн похIма нахана шуьйрра довзийта. Лаам болчун хIума йохка аьтто а бара, амма соьман тIаьхьабевлла нах боцийла гуш дара цара шайн белхех дош олуш. Дечиг а, Iадхьокху а пондарш а, суьрташ а, дечигах йина пхьегIаш а, детех йина хIуманаш а, иштта кхин дIа а. Истангаш деш волу Исаев Султан жима стаг ву. Вуно чIогIа хаза а, дика а ду цуьнан белхаш. Маршо радионна цо йовзийтира ша лелочунна цхьацца агIонаш.
Исаев: "Цхьа истанг деш цхьа кIира сов хан йолу. Ас басар дина тIаргIа оьцу. Со петарехь вехаш ву. Хала ду цу чохь иза лело. Керча а беш батабо тIаргIа . Сан шичан ненан нана яра уьш деш. Цуьнгара схьаэцна ас говзалла".
Гайтаме хьажа а, хазаелларг эца а веанчунна, халкъан историх цхьацца къамелаш а хезара дара. ХIора пхьеран гонахь аьлча санна лаьттара нах цуьнан говзаллех а, кхин а шуьйра а хаттарш луш. Масала, дечиг пондарш деш волу Базаев Хьасан санна.
Базаев: "Урарту заманахь хенахь нохчийн тIеман байракх тIехь ши корт болу аьрзо хилла. Ткъа машаран байракхан тIехь ши корт болу кхокха хилла. Ас цундела дечиг-пондарш тIехь ши корт болу кхокха буьллу".
Дечиг-пондараш деш дуккха а говзанчаш бу Нохчийчохь. Базаев Хьасан массарна а вевзачарах цхьаъ ву. Вистхуьлуш цо иштта элира.
Базаев: "20 шо сов хан ю ас пондарш деш. Балалайкаш дIадахархьама, вайн къам самадаккхархьама деш ду ас. Къахьегча ша дерриг гуш хуьлу-кх".
Дечкех ша йина пхьегIаш лаьттачу стоьлан хьалхахь дуккха а нах бара. Iайг, чами, шун, куржка, чоьлпа а, шортта кхина а хIума йинарг ву Хьалха-Мартан тIера Салтханов ВахIид. Кхуран дечках йина цо дукха йолу хIума. Наха хеттарш а дора цуьнга.
Салтханов ВахIид: «Кхура дечка хилла массо а хенахь вайн дайш лелош. 20I5 шарахь хи чохь гуьйриг карийра суна. Ас цуьнах сайн кресло дина. ХIара ниттийн гал схьаоьцу чоьлпа ду».
Шен говзаллех а, цо шена бечу томах а лаьцна иштта дуьйцу дечкан пхьеро Салтханов ВахIида.
Салтханов: «Сайн цхьа сингаттам хилча, цхьа дечк схьа а оьций охьахуу со. Бежнаш а ду сан лелош. Вайнехан стаг пайденна хила веза чохь а, арахь а».
Ильясов Адам цIе йолу махкахь вевзаш волу суртдиллархо а вара гонахь дуккха а нах а гулбелла цхьаъ деш волуш. Халла цу гонна юккъевахча гира иза сурт дуьллуш вуйла. Цуьнан техниках тахана хIун олу а ца хаьа. Акрил а, басар а цхьана а тухий, гуран чуьра гатана тIе а дуттий, иза дIай-схьай сеттадо цо. Иза дIасаттийнчу агIор дIасадоьду. Ша садоIу боху цо иштта суьрташ дохкуш.
Ильясов: "ХIара техника суна гина а яц. Берашна иштта сурт дуьллуш хилча, цунна шена а лаьа иза дилла. ТIаккха компьютерна уллора дIавер ву иза. Ас садоIу уьш дуьллуш".
Дечиг-пондар бекаш хиларх цец ца волу тахана цхьа а, амма Iадхьокху пондаран аз хезча, дуккха а нах тIебоьху цо шена. Иштта хилира оцу гайтамехь, говзанчас ша бинчу цунна тIехь мукъамаш балийча.