ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хангошвили вийначунна велла дIаваллалц чохь яккха хан йоьху Германин прокуратуро


Хангошвили Зеламха
Хангошвили Зеламха

Нохчийн тIемалойн командир лаьттина Хангошвили Зеламха 2019-чу шеран Марсхьокху-беттан 23-чохь Берлинехь верна бехкевечу Оьрсийчоьнан вахархочунна Соколов Вадимна велла дIаваллалц набахтехь яккха хан тохар дехна Германин прокуратуро. Урхаллин хаамашца, яздо "Медузас" (Оьрсийчоьнан Iедалхоша арахьарчу агентийн статусе яьккхина ресурс; "Медуза" цунна реза яц - Редакцин билгалдаккхар.), Соколов Вадим билггал аьлча, ФСБ-н "Вымпел" спецназан лаккхара даржхо волу Красиков Вадим ву.

Бехкевийриг оьрсийн къайлахчу сервисащца воьзна хиларх иштта дIахьедора талламбаран Bellingcat тобано (оьрсийн Iедалхоша проект арахьара агент лаьрра; Bellingcat цунна реза яц - Редакцин билгалдаккхар.).

Талламан версица, Оьрсийчоьнан тIечIагIдазчу пачхьалкхан органера омра кхаьчнера Красиковна Хангошвили ве аьлла, оьрсийн Iедалхойн тIемало лаьттинчуьнгахьа "мостагIалла хиларана", бекхам беш. Талламхойн материалашца а догIуш, Красиков вилспетахь Берлинерчу Тиргартен паркана герга а веана, кхоазза герз тоьхна вийра Хаенгошвили. Оцу дийннехь лецира киллер.

Гуьржийчоьнан вахархо, нохчех схьаваьлла Хангошвили Зеламха Оьрсийчоьно терроризмна бехке а вина, лаца кхийкхийра 2002-чу шарахь. Германи дIавахара Хангошвили, 2015-чу шарахь Гуьржийчохь шена рогIера тIелатар дича. Шо сов хан ю цуьнан гIуллакх Берлинехь толлуш долу.

"Бандитийн къестамашкахь" нисделла цуьнан валар, элира президента Путин Владимира, Хангошвили верца боьзначу хааманна комментари еш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG