ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хаттам: Къилбаседа Кавказехь хIора пхоьалгIа белхахо вакцинацина дуьхьал ву


Къилбаседа Кавказерчу белхан меттигашкара 20% сов бу диллина коронавирусан уьнах вакцинаци ярна дуьхьал. Доккхачу декъанна, шайна цалаар кхетало цара Оьрсийчоьнан медицинан препаратех цатешам хиларца, яздо, "Мегапланан" а, HeadHunter-н а талламашна тIетевжина obzor.io ресурсо.

Оцу зерашца а догIуш, 35 процент регионерчу компанешкахь вакцинаци дIаяьхьна шайн лаамехь, ткъа 31% респондеташа дIахьедарехь, бертаза йина царна.

Прививка яйта дуьхьал хиллачу 34 процент бахархошна кхерамаш тийсина хилла, балхара дIабохур бу аьлла, ткъа 7 проценте - алапа лахдийр ду аьлла.

Хьалхо хаамбора, Краснодаран кIоштарчу 32 процент белхазалла хьоьгучу нехан дегайовхо цахиларх тIебогIучу кхаа баттахь цхьанхьа балха хIитта аьтто шайн хир бу аьлла.

COVID-19 вирусна дуьхьал мехий ца тохийтина, я цхьацца бахьанашца вакцина юхаяьккхина студенташ дистанцин роже баха аьлла, хьийхира дешаран а, Iилманан а министралло лакхарчу доьшийлашна

Зазадокху-баттахь эксперташа дийцира, Оьрсийчохь коронавирусо белхан рынкашкахь динчу зенех. Шо хьалха тоьхначу карантиан барамаша чIогIа тохар дира экономикана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG