ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Херсонан кIоштахь Волгоградерчу дивизин хьалханча валарх дIахьедина украинхойн Iедалша


Новая Каховка, Херсонан кIошт, Украина
Новая Каховка, Херсонан кIошт, Украина

Херсонан кIоштахь Оьрсийчоьнан эскархой байарх дIахаийтина Одессан кIоштан тIеман администрацин спикеро Братчук Сергейс. Ву царлахь пхи эпсар – хьахийна гвардин полковник, Волгоградерчу къаьстинчу 20-чу бригадан командир Горобец Андрей. Хьалхо буьйралла дира цо Нохчийчохь тIеман тобанан, цхьанакхийтира мехкан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца а.

"Херсонан кIоштарчу штабана тIе HIMARS ракеташ тоьхначул тIаьхьа вийра ВС РФ-н 22-чу армин корпусан хьаькам (в/ч 73954, Симферополь) инарла-майор Насбулин. Вийна аьлла, селхана хаамбина полковник Кенс а, цигахь дIаваьлла. Иза воцург а – 20-чу дивизин командир (в/ч 22220, Волгоград) полковник Горобец Андрей, штабан 20 мсд оперативан декъан куьйгалхо подполковник Коваль, 20 мсд артиллерин куьйгалхо подполковник Гордеев а. Верриг а вийнарг ву 150, шайлахь 5 эпсар а волуш", - яздо Братчука шен телеграм-каналехь.

Карладоккху, Товбеца-беттан 11-чохь суьйранна украинхойн эскарша тохарш дира Оьрсийчоьно оккупаци йинчу Новая Каховка гIаларчу тIеман гIирсаш латточу гIишлошна. Оьрсийчоьнан агIоно чIагIдо, селитраш йолчу складашкахь хилира эккхийтар, зенаш хилла иштта "базар йолчу меттигера" гуманитаран гIоьнан складашна а бохуш.

Волгоградера 20-гIа бригада Украинерчу тIамехь дакъалоцуш хиларх хиира Стигалкъекъа-бутт бовш. 2021-чу шарахь полковник Горобец Андрей хIоттийнера цуьнан урхалле. Къаьстина, 2016-чу шарахь Нохчийчуьрчу Борзойхь гвардин къаьстинчу 8-чу тобанан куьйгалла цо дина хилар а.

2016-чу шарахь цигахь дуккхаъчу эскархойн летарш хилира, хезаш герзаш а долуш. Бахьанаш хаанза дисира, амма Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира хIетахь, кега-мерса хIуманна тIехула хиллера, къаьмнийн билгалонашца доьзна дацара, дов дирзина аьлла. Оцу тIеман декъе ваханера Кадыров, цигахь цхьаьнакхеттера иза хьаькамца Горобец Андрейца, дIахьедира, иза "тIеман Iалашонашца дика ларош ву, дисциплина а, къепе а латтош" аьлла.

Полковник Горобец верах официалехь тIечIагIдина дац Оьрсийчоьнан Iедалша. ТIемаш боьлхучу юкъанна информаци талла аьтто бац.

ТIаьхьо VI.ru гIирсе Горобец кхалхар бакъдира Вогоградерчу ветеранийн Кхеташонан куьйгалхочо Струков Александра.

  • Хьалхо Украинан талламан урхалло зорбане яьккхира, чIагIдарехь, радиоперехват, цуьнца а догIуш къаьстина, Новая Каховкехь эккхийтар дича Оьрсийчоьнан "Херсонехула долчу буьйраллера" I2 стаг велла хила тарло аьлла. Оьрсийчоьнан Iедалхойн векалша хаамбо, велларг ворхI стаг ву бохуш, лазийнарш – 60 гергга, бIеннашкахь херцаршна бухахь а, дIахьулдинчу цIеношкахь а бисина. Оьрсийчоьнан Iедалхойн зерашца, велларг 7 ву, чевнаш йинарг 40 гергга.
  • Карарчу хенахь Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а Украинерчу тIамехь вийнарг 836 бIахо хилар къаьстина Кавказ.Реалиина, царех 89 – Волгоградан кIоштара ву. Йиллинчу хьосташкара гулбина бу и хаамаш, билггал аьлча, кхин а дуккха а алсам хила тарло церан терахь.
  • Украинерчу тIамехь байинчу Оьрсийчоьнан эскархойн хIинцале а масийттазза кешнаш керийра Кубанерчу жигархошна, церан кхалхарх хьалхо хаийтина а дацара. Масала, Стигалкъекъа-баттахь Краснодарерчу Копанский кIотарарчу кешнашкахь мел кIезиг а бархI керла бIахойн кешнаш хааделира Вотановский Виталийна а, Черкасов Виталийна а, ткъа Мангал-беттан юьххьехь – кхин а ши каш карийра Краснодарерчу Славянскан кешнашкахь. Цхьаъ хиллера ФСБ-н подполковникан Молчанов Дмитрийн.
  • Украинерчу тIамехь Кадыров Ахьмадан цIарахчу леринчу полкан шолгIачу тобан буьйранча, полицин капитан Идрисов Асвад Стигалкъекъа-баттахь кхалхарх хаамбира Украинан стратегин зIенийн Урхалло. ВЧК-ОГПУ телеграмерчу канало шен хьостанна тIе а товжуш, бинчу хаамца, и хилла Северодонецкан кIоштахь. Идрисовца, дийцарехь, пхоьалгIачу полкан буьйранча, прапорщик Дакалов Гапур а велла, иштта Кадыровн леринчу полкан йоьалгIачу тобан буьйранчан гIовс, лакхара сержант Бетишев Iела а. ТIеман буьйранчаш кхалхарх лаьцна, йа тIеман министралло а, йа Нохчийчоьнан Iедалша а дуьйцуш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG