ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хиджабаш лелор дихкинчу университетана дина латкъамаш "листа" аьлла Кадыровс


Гайтаман сурт, Соьлжа-ГIала, 2017-гIа шо

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикан парламентан урхалхочуьнга Даудов Мохьмаде листа аьлла Астраханерчу пачхьалкхан лоьрийн университетан студенташа хиджаб ца лелайойту шайга, бохуш нохчийн зорбанашка дина латкъамаш.

Даудов Мохьмад Оьрсийчоьнан могушаллин министраллица зIене ваьлла, бусулба дин лелочу студенташна лоьрийн куйнаш кIелахь хиджаб лело пурба далар тIе а дожош.

Кавказ.Реалии Астраханан пачхьалкхан лоьрийн университетаца зIене яла гIоьртина, амма сайтехь хьахийна йолчу гIалин телефонашкахула цхьамма а жоп ца делира. Университетан сайтехь 2019-чу шарера кехат ду дешархойн духар муха хила деза дуьйцуш. "Цхьана къомаца, йа динца воьзна хилар билгалдоккху духар, йа кхин билгалонаш (духарна тIехула) магош дац", - аьлла яздина ду кехатехь.

Шен цIе ма яккха аьлла волу, хьал девзаш волчу Астраханерчу бусулбачу юкъараллин векало дийцина Кавказ.Реалиига: хиджаб лелор ца магош йолу проблема баккъала а йолуш ю, 20 гергга Къилбаседа Кавказера республикашкарчу студенташа латкъамаш бина. Делахь а, цо билгалдаьккхина, дешархошна юкъахь Мароккера студентийн тоба ю – царна магадо йовлакхаш лелор.

Кавказ.Реалиино иштта зIе йира телефонехула Астраханан махкарчу бусулбачу динан урхаллица, проблемех лаьцна шайна дуьххьара хезаш ду элира цигахь.

  • Амма Нохчийчохь республикан муфтис Межиев Салахьа а, Соьлжа-ГIаларчу МВД-н урхаллин куьйгалхочо Ирасханов Аслана а ворхI йоI чехийра никаб лелорна – бIаьргаш диссалц юьхь дIа а къовлуш бусулбачу зударийн коьрта туьллург ю иза. Межиевс кхайкхам бира тIекхуьучу тIаьхьене, бусулбачу дино бохург Юххерчу Малхбалерчу къаьмнийн ламасташца ма кегаде. Никаб лелочу зударшка Iарбойн мехкашка дIагIо аьлла хьахийра Ирасхановс.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG