ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIиндойн штамм яржарца дузу Нохчийчохь коронавирусан ун чIагIдалар


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана мукIарло дина, Нохчийчохь коронавирусан уьнца долу хьал чIагIлуш ду аьлла. БIостане ду цуьнан дешнаш мехкан урхалхочо кху деношкахь "пандемин ирачу муьрех чекхъяьлла" Нохчийчоь, карарчу хенахь оьрсийн вакцинаца прививкаш а йойтуш, кхиаме юкъара иммунитет хьалайоккхуш ду шаьш аьлла, динчу дIахьедарца.

ХIиндойн "дельта" штамм республикехь яьржаш хиларца кхетийна Сулеймановс коронавирусан инфекцех ун далар а, баларш а кхуьуш хилар. Оцу кепара дIахьедар дина цо леринчу махкахошка бинчу кхайкхамехь.

"КхозлагIа кху лазарх гIовттуш ду вай. Новкъа ду, вирус хийцалуш, цо мутаци лелош хилар, тахана доллу дуьненахь, Нохчийчохь а санна, хIиндойн "дельта" штамм ю карзахъяьлла. Кхул хьалха яьржинчу штаммех хIара къаьсташ ю маса дIасаяьржаш хиларца. Нагахь санна, хьалха цхьана ун даьллачо лазар 2-3 бен дIалуш ца хиллехь, хIинца ялх охьавилла тарло цо. И бохург ду, ун сиха кхуьуш хилар", - хаам бина "Грозный" телехьожийлан эфирехь министро.

50 процентна лакхара бу керлачу штаммах вала йа реанимаци кхача кхерам, ткъа прививкаш йина боцчу нахалахь дукха хьолахь лазар халонга долу, Сулеймановс бахарехь.

Министро кхайкхам бина мехкан бахархошка, вакцинацех чекхдовла аьлла, 100 процентна тешам бу, боху цо, тIаккха оцу цамгарх хьалхавер ву аьлла.

Официалан статистикаца а догIуш, яхначу буса а, дийнахь а коронавирусан инфекцех велла 13 стаг, ун къаьстина 131 вахархочуьнца.

  • Вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза, "кислород ца тоар мел хала хIума ду царна дIахаийтархьама аьлла, Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 26-чохь дIахьединчул тIаьхьа хийцаделира Нохчийчохь прививкаш ярца долу хьал.
  • Стохкалерачу шарца дуьстича, Мангал-баттахь Оьрсийчохь баларш 14 процентна ала мегар долуш алсамдевлла, керла коронавирусан "дельта" олу штамм яржарца аьлла, дIахьедира пачхьалкхан вице-премьера Голикова Татьянас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG