ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ун даьржаш а долуш, республикехь цунна тIехь толам боккхуш ду шаьш, боху Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Парламенте а, мехкан бахархошка а рогIера дIахьедарца вистхилла Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, цуьнан коьртачу теманех хилла могушалла Iалашъярца доьзна хьал.
Политико тешийна, Нохчийчоь "пандемин ирачу муьрех" чекхъяьлла хиларх а, карарчу хенахь оьрсийн вакцинаца прививкаш а йойтуш, кхиаме юкъара иммунитет кхиош хиларх.
Мехкан урхалхочо билгалдаьккхирна, "йоццачу хеначохь санитаран-эпидемиологин ситуаци кара а ерзийна, социалан а, экономикан а, республикан бахархойн дахар а дIанисдан" Iедалхойн аьтто балар.

"Биллам боцуш олийла ду тахана, Нохчийчоь ларийна пандемин ирачу муьрца. Тахана вайн коьрта Iалашо ю коронавирусна дуьхьал "юкъара иммунитет" чIагIъяр", - дIахьедина Кадыровс.

Оцу юкъанна, коронавирус яржаран официалан статистикано гойтуш ду, республикера хьал хIинца а сингаттаме хилар.
Байначу беттан юккъера схьа дуьйна Нохчийчохь цIеххьашха кхиадоьлла цомгашчийн терахь, йоллу бIаьсте а, Мангал-беттан юьхь а дийнахь-буса итт стагана бен ун ца долуш схьаеанехь а, тIаьххьарчу масийтта дийнахь бIеннал а сов бу уьш. Масала, карарчу беттан 18-чохь 124 стаг ву ун даьлла аьлла, дIакхайкхийра, цул а хьалха, 119, 112, 107.

Иштта, тIаьххьарчу кIиранах Нохчийчохь алсамбуьйлу каоронавирусах леш болу нах. Шо карадеачхьана, денна а доцуш, цхьаъ-шиъ дархо леш хиллехь а, хIинца официалан статистикехь а кхайкхош ду масех стаг цхьана дийнахь-буса кхелхаш хилар оцу уьнах. Кху беттан 14-чохь дIахьедира 10 стаг кхелхина уьнах аьлла. Пандеми яьржичхьана а уггар лакхара гайтам бу иза.

ЦIеххьашха коронавирусца долу хьал телхина догIу, бертаза махкахошка вакцинаци йойтучу юкъанна. Мангал-бутт юккъе баьлчхьана прививкаш йинчу нехан терахь лакхадаьлла, хIинццалц мехий диттина нах уггар а кIезиг болчу мехкийн могIарехь йолу Нохчийчоь хьалха а йолуш.

2020-чу шеран Охан-баттахь, коронавирусан пандеми йолаеллачу муьрехь а цхьаьна дозанаш деттара Iедалхоша Соьлжа-ГIала боьлхучарна. Мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан омраца кхечу регионашкара машенаш чу юьтуш яцара. Кадыровс чIагIдора, "коронавирус чу ца яийтархьама махкахь бехарш а буьтур бац Нохчийчу" бохуш.

Вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза, "кислород ца тоар мел хала хIума ду царна дIахаийтархьама аьлла, Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 26-чохь дIахьединчул тIаьхьа хийцаделира Нохчийчохь прививкаш ярца долу хьал.

Вакцинаци яйта езаш хиларх бахархой кхетош болх дIабахьар тIедожийра Соьлжа-ГIалин мэро Кадыров Хас-Мохьмада Мангал-баттахь полицина а, динан урхаллана а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG