ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ХIинца а тоххарлера йоI езаш ву со". Дас шен доттагIчун йоI ялаяйтинчу 62 шо долчу Шахриеран дийцар


Юккъерчу Азин мехкашкахь тахана а кест-кеста хаало бартбина зуда ялийна меттигаш. Настоящее Время телеканало къамел дина, яло зуда, я маре яха жимстаг а дас-нанас лехначу Таджикистанерчу бахархошца

Шахриеран 62 шо ду. Дас зуда ялийра цунна. Кхо бер ду церан. Шен дахар талхорна да бехкево цо.

"Уьш вайца богIуш бац"

Дуккха а шераш девлла, амма суна хIинца а и йоI еза, сайн да а, нана а бахьанехь айса йитина йолу. Тхан доьзал таро йолуш бара, ткъа иза къечу доьзалера яра. Тхан дас ша реза вац аьлла дIахьедира хиинчул тIаьхьа, шен доттагIчун йоI ялор тIедиллира цо. Сайн ма-хуьллу дуьхьал тийсавелира со, цIера а идира. Масийттаза сан езаран да-нана долчу вахара тхан да, шу тхоьца догIуш дац, шун йоI цкъа а хьийзар яц нус хилла тхан кертахь, бохуш. Сан дас тIеIаткъам барна, оцу йоьIан дас а, нанас а генарчу эвла маре дIаелира иза. Новкъарло ян гIиртира со, амма суна дихкира цо юкъагIертар.

Цул тIаьхьа мала волавелира со, доьзалца йолу юкъаметтигаш а телхира, дас ахчанах дIахадийра со. Ас шен доттагIчун йоI ца ялаяхь, ша паргIат со ваха вуьтур вац аьлла, дIахьедира сан дас. Сан да вара хьуна и къамел динарг! Суна кхин некъ ца бисира, со реза хилира.

Сайн зуда ган а ца гира суна, ловзар хIотталц. ЧIогIа товш йоI яра иза, цхьа корта сол лекха а йолуш. Бакъдерг дийцича, дуьххьара со гича, цуьнан даго со а ца хиллера тIеэцна.

Дан хIума дацара, хан-зама дIаяьлча, безам а гIоттур бу аьлла, хетара суна, амма и ца хилира. Ас моьлура, депресси яра соьца.

Цхьана догIуш дацара тхойша. Хена йохалла дерриг а шен хорша нисло бахар – бакъ дац. Деза ца делира тхойша вовшашна. КхозлагIчу доьзалхочух йолчу хенахь цо со араваьккхира.

Бераш ца гора суна, иза дуьхьал яра, кхин дIоггара лууш со а вацара. Дас кхин хIуммаъ ца элира. ХIусам цунна йитира ас, ткъа со да вехачу керта юхавеара. Сайн деца дов мосазза долу, ас бехкаш дохура цуьнгара. Иза юкъа ца гIоьртинехь – со ирс долуш хир вара. Цул тIаьхьа юха а зуда ялийра ас, доьзалхочух хилира иза, амма остаелира. Тхойшиъ дIасакъаьстира.

"Сонта Ӏалашо юьхьарлацар"

ХIоразза а сайна дош лора ас, къаьркъа дуьтур ду, керла дахар долор ду, берашца уьйраш а тосур ю олий, амма сайчух гIуллакх ца хуьлура. Дахарх самукъа ца долура сан. Цхьанхьа сайн берех бIаьрг кхетахь, уьш бовдура сох. Сан дог этIара цунна, амма хIуммаъ ца дора.

Дуьххьара сайн кIант вовзар хилира сан, цуьнан 17 шо долуш. Башха дика дага а ца йогIу суна и мIаьрго. Сан доттагIчун вина де даздан вовшахкхеташ дара тхо. Мелла волчу сан ойла хилира волавала. Жимма дIавахара со, ас тидам ца бира татолан, охьакхийтира со. ГIатталуш вацара. Кхин хIуммаъ а дага ца догIу суна. Самаваьлча сайн дуьххьарлера зудчун хIусамехь вара со.

Жимма дехьо хиина Iаш яра иза, со меттаваре хьоьжуш. ТIаьхьо цо дийцира суна, шен доттагIашца вогIучу сан воккхахволчу кIантана гина хиллера со, цо цIа валийна а хиллера. Со кхеташ вацара: воккхавен веза со, цкъа а къамел деъна а воцчу сайн кIанта тесна ца витарна, я тхойшиннан вовзар иштачу меттигехь нисдаларна холчу хIотта веза те со аьлла. Сан хиллачу хIусамнанас дIагIо элира соьга, кхин цкъа шайн дахарехь гучу ма вала аьлла. ТIаккха кхийтира со, бераш сайна довза лууш хиларх а, уьш сайна тIе цатоарх а.

Ас дехар дира цуьнга, берех кхета а, цаьрца къамел дан а бакъо лахьара сайна аьлла. Ехха дуьхьало латтийра цо, амма эххар а дош делира, ша берийн дагара а хиъна, жоп лур ду аьлла. Со дIавахара, ладоьгIуш а Iийра. Цо суна кхин жоп даллане а ца делира, тIаккха иза йолчу балха тIе ваха сацам бира ас. Жимахдолчу шинна со ган ца лаьа элира цо, воккхаверг ойла еш ву аьлла. Кхин хан эрна а ца йойуш, айса йист яккха гIоьртира со.

Жимахдолу кIант а, йоI а лардира ас школана уллохь, амма сох бIаьрг ма кхийтти, и шиъ дедира. ХIуъа дина а, цаьрца берта ваха хьесап дира ас. Эххар а сан хиллачу цIийнананас аьтто баьккхира сан доьзалца цхьанакхета. Цхьана шарахь гIиртира со уьш берта балон. Сайчух гIуллакх хилира тIаьххьара а. Бакъду тахана а дада ца олу цара сох, цIе йоккху.

Таханалерачу дийнахь сан берийн шайн а доьзалш бу, берийн бераш а ду сан, хаза юкъаметтигаш а ю тхан. Сайн хиллачу зудчуьнца а доттагIаллин уьйр ю сан. Дика зуда ю иза. Кхечуьнца шен дахар дIанисдан аьтто хилла цуьнан. Тхан дайша-наноша сонта Ӏалашо юьхьарлацарна боккъал а долчу доьзалан ирсах чам ца эцна оха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG