ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ХIинца урс доцуш наб ца йо ас". Нохчийн мухIажаро шен гергарнаш лечкъийча елла интервью


Джабраил Абубакаров
Джабраил Абубакаров

Финляндехь вехачу 31 шо долчу Нохчийчуьрчу Абубакаров Джабраилан Соьлжа-ГIаларчу гергарчаьрца зIе хаьдда гIадужу-бутт болалуш. Шен 71 шо долу да, 66 шо долу нана, йиша, ваша кадыровхоша лечкъийна, оппозицин 1АDAT телеграм-каналаца шен уьйра хиларна, аьлла дIахьедина цо.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Абубакаров Джабраила дийцина, билггал стенца бахийтина цо нохчийн ницкъахойн тидам шена тIе, доьзало шена гечдийр хиларх хIунда ца теша иза.

– Хьайн гергарчаьрца зIене вала аьтто хиллий хьан?

– Уьш лечкъийначул тIаьхьа кIирнахь сов гергарчех лаьцна цхьа а хаамаш бацара соьгахь. ДIа а лаьцна, оцу дийнахь дIахецна болу нана, да, йиша а соьца зIене ца бовлалора, хIунда аьлча, царна кхерамаш туьйсура. Аса орца дехна болчу "Iазапашна дуьхьало латторан тобанан" бакъоларъярхошца къамелдан а ца хIуттура нана - ша кхерарна. Цуьнан аз тIаьххьара гIадужу-беттан 8-хь хезнера суна, нохчийн оппозицин 1АDAT телегам-каналан чате цо дIаязйина аудио чукхоьссича – суна неIалташ олура цо цу тIехь, администраторш элдит даржорна бехкебора. Iаткъамца цуьнга и дIаязйина хиларх тешна ву со.

Гергарнаш хIинца Оьрсийчуьра дIабахна, тхан зIе меттахIоьттина. И соьца баккъала а хуьлуш ду аьлла тешаш вац со хIинца а.

– Доьзал лачкъорах лаьцна муха хиира хьуна?

– Ас критикан дIахьедарш дарна гIадужу-беттан 6-чу сарахь тхан цIа кадыровхой баьхкина элира соьга нанас телефонехула. Цо бахарехь, ФСБ-ра наха сан доьзале хеттарш дора, сан ваша ИбрахIим лаьцна латтош ву Курчлойн РОВД-хь.

Со цIа кхачалц, соьца воьзна мел верг кадыровхоша лечкъор ву, лаьцна латтор ву

Со гучувер ву ца моьттура суна. Со масехазза Нохчийчу веанера аьлла ницкъахоша сан доьзале. И бакъ дац дера – кехаташ доцуш цIаверза йиш яц сан, Европехь мухIажаран статус ю сан. Со цига кхаьчна хиллехьара, камершкара видеош хир яра церан, ас доза хадош гур дара тIаккха. Схьагайта тIаккха видео цара.

– Ницкъахой хьоьца зIенехь барий?

– ХIаъ, буьйсанна Курчлойн РОВД-н бекхзуламан лехамийн куьйгалхо Акаев Ислам зIене велира сан вешин телефон тIера, хаьттира, ша дагавогIий суна. Ас и къамел дIаяздеш дара, цундела сайна ца вевза элира ас, шен цIе цуьнга яккхийта гIертара со. Цо ша мила ву элира, ультиматум хIоттийра: со Нохчийчу ца вагIахь, сан ваша закъалтехь латтор ву бохура.

Цул тIаьхьа сан вашас дехар дира соьга, цIавола аьлла. Со реза хилира, амма доза хадо оьшуш долу кехаташ кечдеш ву со элира. Акаевс тIаккха жоп делира: "Хьуна хIумма ца оьшу, дозане дIагIо, тхан лерринчу сервисийн белхахочо хьо схьавалор ву". Оьрсаша финхойн дозанехь эцна стаг хир ву-кх тIаккха, аьлла ойла йира ас. Финхойн кхерамазаллин сервисе велира со, Акаевца дIадаздина къамел цаьрга дIа а кховдош, цаьрга и гIуллакх таллийта.

Хьалхара къамел хилча соьца юха а нохчийн ницкъахой зIене бевлира, Адам цIе йолу сан хьалхлера доттагI лачкъийна аьлла хаамбира. Цуьнан фамили суна ца хаьа. Сан вешин телефонехь яра цуьнан номер. Керла кехерамаш туьйсура: со Нохчийчу ца вагIахь, соьца уьйр мел ерг кадыровхоша лечкъа а беш, закъалтехь латтор бу бохура. Кхузара аравала кехаташ кечдеш ву со, элира ас, сайн ваша дIахецар дийхира, сан да заьIапхо ву элира.

– Ишттачу хьолехь наха хилларг хьулдо, кадыровхошкара бекхам хиларна коьруш. Гуш-хезаш уьш лечкъорах лаьцна дIахьедан хIунда хIоьттира хьо?

– Со хьалха а вара Янгулбаев ИбрахIимца зIенехь (1АDAT болам кхоьллинарг, цуьнан цхьаволу куьйгалхо а. – Ред. билг.). Ас цуьнга язйира, эфир йан план хIоттийра оха, тIаккха гIадужу-беттан 7-хь уьш лечкъийнарш гучубехира. Соьца хиллачу къамелехь ницкъахой сан ваша лачкъорна къера хилира, низамехь доцург лелорна а. РОВД-хь хьийзийнера иза, сийсаза къамелаш деш, етташ. Бахархой ларбан безарш мелла а уьш лечкъош бу.

1АDAT-ца сан интервью хиллачул тIаьхьа ткъа минот яьлча ницкъахоша сан ваша дIахийцира шолгIачу дийнан суьйре кхачалц, амма бехкам биллира, Нохчийчоьнан Iедална критика ярна ас Кадыровга къинтIеравалар доьхуш видео дIаязъян еза аьлла. Ас иза ца дахь, сан вашас соьга ма-аллара, суьйре хиллалц вехар вац иза. Шен бераш телефоне а кхайкхина, уьш бобераш дисса мега элира цо, хIунда аьлча, шена герз тухур ду цара бохура. Иштта вашас бохура, верриг гергарстаг схьа а гулвина, цаьрга суна неIалт олуьйтуш, харц бехкаш дохкуьйтуш видео дIаязъян декхаре вина ша. Соьлжа-ГIалин телехьожийлехь оцу сюжете ладоьгIуш Iара со, амма и гучу ца елира.

Кадыровхой иштта къонахий хилча, сан доьзал ца хьйизош, ниссс схьа соьца дов къасто деза. Сан гергарчех цхьанна а ца хаьара ас лелочух лаьцна. Соьца къасто уьш лууш балахь, Европан муьлххачу маьIIе ваха а, муьлххачу стагца цхьанакхета а кийча ву со, амма иштнехьа къарлур вац со. Сан гергарнаш соьх дIахерлахь – иза церан бакъо ю. Дахаре шайн хьежамаш бу церан хIоранна а. Амма со сайн некъаца чекхвера ву. Цара со дIасацор вац. Ас сайна хетарг дийцина, дуьйцур а ду.

– Хьайх лаций дийцахьа. Европе муха кхаьчна хьо?

– Сан доьзал Дубин-эвлара бу, со Устрада-ГIалахь вина ву, 2016 шо тIекхачалц Нохчийчохь ваьхна ву. Сан вада дийзира, хIунда аьлча, Iедалан хьежамашца реза вацара со. Масехазза суна кIело йан гIиртира Соьлжа-ГIалин ленинскан РОВД-н белхахой, наркотикаш кхийса гIоьртира. ТIаккха со лачкъа а вина, кхаа баттахь Соьлжа-ГIаларчу ОМОН-н базехь латтийра.

Цакаев Алиханан омраца лачкъийнера со, хIинца МЧС-н Нохчийн республикехула министр ву иза. Цо ша Iазапехь латтийра со, цуьнца инстаграмехь динчу къамелан скриншоташ ю сан. Ас кехате яьхна уьш, уьш баккъала хилар тIечIагIдайтина, адвокате дIа а хьажийна, суна Оьрсийчохь кхерам лаьтташ хиларан тоьшаллех санна пайда эцийта.

Iазапах, сийсазаллех чекхваьлла со. Сан ког кагбира, ток йиттира, хедийра, хин буха теIийра, сан дегIехь моьнаш диссина. Финляндера лор цецваьллера: со дийна муха виссина? Миграцин сервисна лерина сацам белира цо, и чевнаш, моьнаш Iазапехь латтийча бен хила йиш яц аьлла. 2018-чу шарахь мухIажаран статус елира суна – дешнашца дуьйцийла дац, мел хала дара оцу сацаме ладоьгIуш Iар. Депортаци йийр ю бохуш, мехашна тIехь санна Iара.

– Статус хьайна елча хIун лелийра ахь?

– 2017-чу шарахь кехаташ суна далале "Зов Ичкерии" анониман агIо лелайора аса инстаграмехь, цигахь Кадыров Рамзанан политикана гуттара критика йора ас, Ичкехь хилла Iедал а, таханалераниг а вовшашца дустура. ТIаккха таханалерчунгхьа ца хуьлура жамI. ТIебазбеллачара къобалдора сан дIахьедарш, жигара дийцаредарш хуьлура тхан.

Дас, нанас, вашас, йишас суна цкъа а гечдийр дац

Интернетехь хIора дашна тидамбеш лелаш болу кадыровхой реза бацара. Суна а, ишттачу тобанийн кхечу администраторшна а кхерамаш тийса буьйлира. Боташца тIелетарш деш, аккаунтана блок тохийтира цара. Берриг кхерамашна ас скриншоташ йохура, тIечIагIбойтура, уьш сайн миграцин гIуллакхе бахийтархьама.

Финляндехь мухIажаран статус елча, юкъараллин дахарехь дакъалаца хIуьттира со. Ингалсан, финхойн меттанаш Iамийра, доьшийле дIатасвелира. Инстаграмера агIо метта ца хIоттийра, амма жигара доьшура 1ADAT телеграм-канал. Сайн даймахкарчу Iедало хьалха санна нах лечкъорна, Iазап латторна, нах байъарна тIехь тидам бора ас. Тайп-тайпанчу аккаунташ тIера сайн хетарг яздора ас 1ADAT-н чатехь.

– Хьайга телефон тоьхначу Акаевн аз хьайна девза элира ахь. Мичара вевза хьуна иза?

– Акаев Исламна тIехь ас къиза забарш йина. Нохчийн ницкъахой "Iехо" дагатессинера цкъа мацах суна а, Янгулбаев ИбрехIимна а – 15-16 тIемло волу меттиг евза тхуна аьлла, уьш мичахь лечкъина бу хаьа аьлла тешийнера ас уьш. Дерриг къамелаш дIа а яздеш, кадыровхошна компромат кечйора ас. Бен доцуш нах байъа, набахте хьежо, муьлхха нах кIелкхийса а шаьш кийча хилар гойтура цара оцу къамелашкахь. Сан туьйранах теша а тешна, хаамашна дуьхьал муьлхха а ахча дала кийча бу шаьш элира цара. Банкан чоьтан реквизиташ елира ас царна – цара ахча деллехьара, ас и 1ADAT-н чоьте дIахьажор дара.

Амма ахча дала дагахь бацара уьш, АллахIаца дуйнаш дуура, ахча кара дIалур ду бохуш. Куршлойн РОВД-н куьйгалхочуьнца Агуев Рустамца зIене ваьккхира со Акаевс – Даудов Мохьмадан (нохчийн парламентан спикер. – Ред. билг.) юххера доттагI а, цхьана классехь дешна а ву бохуш чIагIдора, тIаккха цо и тIемалой дIалацаран план къобалйина бахара. Ахча дуьххьара схьало аьллера ас, амма уьш реза ца хилира. КIира даьлча Агуевс шен батальон кхоьллира, туьйранан тIемалой схьалацаран Iалашонца – ас уьш ерриг Шелан кIоштехула идийра, тайп-тайпана адресаш лора ас царна: БелгIтой, Дубин-эвла, Шела, Шуьйта. Иштта ерриг республикехула лелара уьш.

И дагадеъча вуно самукъане ду иза, бIаьхишна юккъехула велар. Акаевс телефон туху соьга, тIаккха ас олу – Жимчу АтагIара школа йолчу а гIой, собар де, цигахь цIен духар доьхна стаг тIехвала веза оцу урамехула. И гучу ма-валлара, цунна герз детта мегар ду, амма машенчуьра охьа ма восса аьллера ас. ТIаккха цо соьга телефон еттара, хоьттура, хьаштангIа аравала мегий, шина дийнахь кхачанах ца кхетта бохуш латкъамаш дора. Ас боху: "ТIаккха а Iе цигахь хийшина, собар де, бен дац". Цара Iазапехь латтош болчу наханна кIирнашкахь кхача ца кхочий кхетара со. Сан жима бекхам бара и царна.

– ХIун Iалашо яра хьан?

– Со царах воьлуш вара, наханна тIехь Iазапеш латторна меттана, цара шайн хан уьдуш йойъу бохуш Iара со. Цара ницкъбеш болчу нехан садаIа йиш яра. Лачкъийначех лаьцна хаамаш цаьргара даха гIертара со, тIаккха компромат кхолла а. Диверси кхочушхилла ала мегар ду. Амма цхьабакъду, цхьаъ нис ца делира – ахча ца делира цара. Цара иза деллехьара ас царна дуьхьал хьажор дара и ахча.

Шина-кхаа кIинахь Iехош лелийра ас уьш. Со гучу а ваьлла, сан ваша цара лачкъийначул тIаьхьа, тIаккха а тIемалойх лаьцна хаамаш боьхура цара. Информаци яц, хилла а яц ас аьлча, царна иза ца дийзира, террорхой хIаллак а бина, Кадыровн хьалха шаьш гайта гIерташ ма бара уьш. Агуевс элира Лорде (спикерах Даудов Мохьмадах олург ду и. – Ред. билг.), тIемалой эшош леррина операци дIаяхьа гIерташ ву ша, тIаккха телефон тоьхна латкъамаш дора: "Ахь воккха балабол вина соьх! Ас массо куьйгалхошна дош деллера леррина операци дIаяхьа, амма хIумма ца дина ас".

Кадыровхойн системера ах сов белхахошна Iедал бIаьргдан ца деза, аьлла тешна ву со

Кадыровхоша ФСБ-н белхахой кхайкхина хиллера. Цара цхьана агIор со билгалваьккхина, суна хаац церан и муха нисделла. Телефон схьатохар дихкина дара сан телеграмехь, номер лачкъийна яра. Цхьа муьлхха а электронан адресца кхоьллина яра инстаграмера агIо а. Кхеташ вац со, царна гучу муха ваьлла.

И хиллачул тIаьхьа суна сой Финляндехь а кхерамазаллехь ца хета. ЦIеранаш лечкъийна аьлла хаамаш а кхаьчна, кхерамаш тийсиначул тIаьхьа, арахьарчу неIарна улле кока-колан даьсса шишнаш а хIиттийна, стогар дIа а байъина, кийчча Iаш ву со, петар чу цхьа волуш хилахь сайна хезар ду бохуш. Урс йистехь долуш наб йо ас хIинца.

– Нохчийчуьрчу кхечу гергарчаьрца зIе юй хьан хIинца?

– Цхьанца зIеневала кхоьру со – кадыровхоша сан массо а гергарчу нехан контакташ дIаязйина, уьш цаьрга ладоьгIуш Iаш хила мега. Ницкъахой – Iовдлаш, уьш соьх тешна, амма соьца къамел ца дичахьана бовлура уьш.

Дас, нанас, вашас, йишас суна цкъа а гечдийр дац. Хетарехь, цхьана агIор со а бехке ву сайн гергарчана хиллачунна. Со уьш Iехо ца гIоьртинехьара и хир дацара. Амма нах лечкъор, Iазап латтор хIора денна ду, хьайн ницкъ кхочург дан хьожу хьо. Кадыровхошна кхин а чIогIа зен дан аьтто хилча ас и дийр дара.

Суна тIаьхьбевлла лелаш бу хIинца. Финляндехь дукха нохчашна, гIалгIашна со юьхь тIера вевза, царах верриг аьлча санна оцу видеога хьаьжна. ТIаьххьарчу масех шарахь кадыровхой иштта чIогIа беламе ца хIиттийнера – уьш эфирехь къера хилира, шаьш нах лечкъорна, аьлча а, ас декхаре бира.

Кадыровхойн системера ах сов белхахошна Iедал бIаьргдан ца деза, аьлла тешна ву со. Уьш цигахь сийсазбо, кхерамаш тийсарца декхаре бо. Царна бехкаш дахка йиш яц сан, цхьана агIор шайн доьзал кхаба беза церан а. Со диссидент ву. Путинан а, Кадыровн а Iедалехь тхо цкъа а ца дезна, тIехьбевлла лелла, лелар а бу.

***

"Iазапашна дуьхьало латточу тобанехь" Кавказ.Реалиин корреспондентана тIечIагIдира, Абдурахмановс шайга гIо дехна хилар.

"Зуламех зен хиллачара шаьш тхоьга орца дехча бен гIуллакх доло йиш яц тхан, кхузахь буьйцург Абдурахмановн гергарнаш бу. Шен ненан телефонан номер елира цо, со зIене елира, "Iазапна дуьхьало латторан тобанера" ю со аьлча, цо телефон охьатессира, юха кхин жоп ца делира. Цундела юьхьанца дан дезарг а доло аьтто бац тхан", - дийцина Тобанан Къилбаседа-Кавказерчу филиалан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас.

  • Ши шо хьалха кхоьллира 1ADAT оппозицин телеграм-канал – тахана иза Нохчийчуьра уггара боккхачех цхьаъ оппозицин болам бу: гIадужу-беттан 27-хь долчу хьолаца, канале вазвелла 80 эзар стаг ву. Республикехь адамийн бакъонаш хьешарх, меттигерчу хьаькамаша курхалла лелорах хаамаш баржабо цуьнан авторша, иштта анонимехь бахархошна дош ала аьтто а ло. Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан сих-сиха оьгIазехь латтавора 1ADAT-о, оцу боламца воьзнарг "йа набахте, йа латта буха" кхочур ву аьллера цо. Хьалхо боламан куьйгалхочо Янгулбаев ИбрахIима дийцира Кавказ.Реалиига, муха болх бо 1ADAT-о.
  • Дечкен беттан 20-чу сарахь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Янгулбаевг1еран Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Янгулбаев Ибрах1иман нана Мусаева Зарема Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. Цкъа дуьххара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхо сийсазварна бехке а йина, цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелетта хиллера боху иза. Таллам боьдучу юкъанна Соьлжа-Г1аларчу СИЗО-хь латтош ю иза. Мусаева д1алацаран баккъалла долу бахьанаш ца лечкъадо Кадыровс – цо бахарехь, Янгулбаевг1еран доьзал оппозицин 1ADAT телеграм-каналаца боьзна бу.
  • Нохчийн республикехь товбеца-беттахь 17 стаг лачкъийна. Бакъоларъярхоша бахарехь, баккъала долу терахь кхин а лакхара хила мега. Цхьаболчу лечкъийначу нехан цIерш ялийна: уьш бу Мачукаев Адам, Чекиев Азамат, Амриев Исропил, Хаяури Беслан, Дадаев Ризван, Сукишев Мохьмад а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG