ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинжа-ГIалахь вайнарг полицехь карийна тIехь ницкъбина ларашца


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Карарчу беттан 28-чохь вайна Дагестанан вахархо, 25 шо долу Абакаров Тамерлан карийна полицин декъехь. Цуьнан дегIа тIехь ницкъбина таммагIаш ду. Иза бехкево низамехь доцуш герз а, оьккхуьйтург а латторна, хаам бина адвокато Гададов Исрафила.

Бакъоларъяран органийн версица, яхначу кхаарин буса полицин а, ФСБ-н а белхахоша ХIинжа-ГIаларчу Примаковн урамехь оперативан барамаш дIахьочу заманчхь "шеконе стаг" гина хиллера царна. Кехаташ хаьттича, къайлавала гIоьртинера иза, маьттаза мотт а лебеш. Куьйгех гIоьмаш а тоьхна, цуьнан дегIах хьоьвсича карийнера патармех юьйлина тапча а, тIоьрмигчохь граната а.

Адвокат Гададов цхьаьна а волуш, Абакаровс динчу мукIарлонца, оцу дийнахь автобусан социйлехь иза лаьтташ волчу юкъанна, масех стаг цунна тIе а веана, бертаза иза машен чу хаийнера.

"Боьха мотт буьйцура цара соьга, шозза коьртах тIара а туьйхира суна", - аьлла яздина ду Абакаровс материалашкахь.

Цо дийцарехь, цхьана меттиге иза дIавигина, "Амин а мила ву, иза стенга ваха гIерташ вара дйица" баьхнера цуьнга. Шена ца вевза аш вуьйцург аьлла, жоп деллера кхуо. Цул тIаьхьа цунах серий а тийсина, ток еттийтинера дегIах. ТIаккха Примаковн ураме иза дIа а вигина, цуьнан гIодаюккъе тапча а юьллуш, рюкзак чу граната нисъеш, иза лоцуш санна, сурт хIоттийнера. Ленинскан кIоштарчу полицин декъехь юхавалийнера иза, кехаташна кутйгаш яздайта.

Де хьалха Кавказ.Реалии проекте адвокато хаам бинера, Абакаровн зудчо бахара аьлла, ницкъхоша масийттазза шайна болх бе баьхна хиллера цуьнга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG