СаIудийн Iаьрбийн верасан принц (паччахь хир волу) Мухьаммед ибн Салман, хетарехь, вен дагахь хилла карарчу хенахь дуьненчохь воцу паччахь IабдуллахI, цунна Оьрсийчохь кечдина даийтина дIаьвше мухIар а делла. И тайпаниг хилла хила мегаш ду аьлла дийцина америкахойн Си-би-эс телекааналана лаккхарчу даржехь хиллаxчу саIудийн талламхочо аль-Джабри Саада.
Аль-Джабри коьрта декъашхо вара СаIудийн пачхьалкхан талламан сервисан. Цо интервью елла Си-би-эс каналан "60 минот" программина. Шен къамелехь Джабоис дIахьедина верасан принц Мухьаммед ибн Салман ибн Iабдул-Iазиз Аль СаIуд, паччахьан Салманан кIант а, тахана ма-дарра аьлча, СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан урхалхо а "психопат а, адамаш дайархо а ву, Гергарчу Малхбалехь барам боцуш дукха рицкъ долуш волу аьлла. Джабрис чIагIдарехь, "принц кхераме ву уггар хьалха шен халкъана а, америкахошна а, дерриг а дуьненна а".
"Би-би-си"-но яздарехь, ши шо хьалха Джабри ведда Канаде. Стохка цо Мухьаммад ибн Салманна дуьхьал лехам чубелира Американ федералан кхеле, паччахьан кIант ша вен гIоьртинера аьлла. Ибн Салмана юахатуьйхира цо дуьйцург.
СаIудин масех Iедалан хьукмат ю коррупци лелорна Джабрина бехке дехкина гIуллакхаш толлуш, ткъа Канадерачу суьдхочо омра дина цуьнан банкашкара активаш болх бечуьра совцор тIедожош, "цо ахчанна тIехь нах Iехийна хиларан баккъалла а долу тоьшаллаш хиларна".