ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIума лачкъоран гIуллакхехула статус йевзаш йац доьзалера йеддачу ГIалгIайчуьйрчу йахархочун – бакъоларйархой


Гиреева Лайла
Гиреева Лайла

ГIалгIайчуьрчу 18 шо долчу Гиреева Лайлан хIума лачкъийна аьлла долийначу гIуллакхехула бакъонан статус йевзаш йац, оцу бахьанца масех сахьтехь полицехь латтийнера и. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиига "СК SOS" кризисан тобанехь дийцира. Гуттара а шена тIехь ницкъбарна шен доьзалера йедира йоI – стомара Санкт-Петербургера цо тховкIело санна лелош хилла йолчу петаре цуьнан гергарнаш баьхкинера.

Дагадоуьйту, гергарчу наханна ша карийча, цо полици кхайкхира, ша доьзална дIа ма ло аьлла видеокхайкхамаш дIабазбира. №28 йолчу полицин декъе дIайигира Гиреева. Суьйре тIекхачалц муьлхачу бух тIехь латтийнера полицино Гиреева полисхоша ца кхетийра, боху бакъоларйархоша. Хьалхо хаамбора, низамхой и ГIалгIайчуьрчу полицига дIайала гIерта бохуш.

"Гергарчарна дуьхьал цхьа а санкцеш ца йехира, и дан бух ца карийра. Хетарехь, петаре гIертар – и бахьана дац", - элира "СК SOS" тобанехь.

Кризисан тобанан векал йолчу Мирошникова Александрас тIетуьйхира, хIума лачкъийна аьлла арз гина дац бакъоларйархошна. ХIинца цуьнан гIуллакхехула йолу статус адвокаташ билгалйаккха хьовсуш бу.

"И селхана дIахецна хилар тIечIагIдан йиш йу сан. Амма кхин цхьа а комментареш йала йиш йац", - дийцина Кавказ.Реалиига Гиреева ларйеш волчу адвоката Передрук Александра.

Бакъоларйархочо Анохина Светланас тIетуьйхира, хIинца Лайла кхерамазаллечу меттехь йу – кризисан петарахь.

"Оьрсийчуьра арайаккха ша аьлла кхайкхам ца бинера цо, лехамашкара дIайаккха а, тIаккха экстремалан хьолехь тховкIело йала а бинера кхайкхамаш. Шен планаш билгалйаха йеза цо хIинца", - кхетийна Анохинас.

Хууш ду, Гиреева Лайла а, жигархо Хорев Александр а Петербургерчу полисхоша дIалецира, гIалгIайчуьрчу шайн белхан накъосташа дехар а дина. Карарчу хенахь МВД-н лехамийн базехь 18 шо долчу Лайлан кехат ду, "бехктакхаман гIуллакхехула лоьхуш йу" аьлла.

"Ши агIо гора тхуна – и гергарчу наха йайнарг санна лехамашка йелла хилар, йа хIума лачкъорна бехкейина хилар. ТIаьххьаре а кIоштан декъехь хаамбира, 75 эзар соьманна хазаллина тIеухкурш, ахча а лачкъийна аьлла бехкейеш йу бохуш", - тIетоьхна Анохинас.

  • 18 шо долу ГIалгIайчуьра Несаран кIоштара Гиреева Лайла лахьан-беттан 14-хь къайлаха цIера дIайахара Санкт-Петербурге. Гирееван гергарчара ницкъахойн хьукматашкахь зIенаш хиларца кхерамаш туьйсура цунна – цуьнан да хьалхо полисхо хилла ву, ден ваша полицин майор ву. Масех де хьалха йоI лехамашка йелира, хIума лачкъорна бехке а йина. Селхана Гиреевас дийцина, Санкт-Петербургерчу петар чу кхача гIерташ, тIаккха ша цIа йига лууш шен гергарнаш бу аьлла. Цо полици кхайкхира, тIаккха иза цара дIайигира.
  • Дагестанан йахархочо Ирисова ПетIамата дийцина, цIахь Iаткъам шена, нуьцкъаха дарба лелийна, иштта гергарчара лачкъийнера ша аьлла. Бакъоларйархойн гIоьнца махкара дIа а йахана, шен цIе хийца аьтто хилла цуьнан.
  • ГIадужу-беттан чакхенехь Гуьржийчоьнан дозанехь 11 сахьт даьлча Дагестанера йиъ йиша дIалецира, цIахь ницкъбарх бевдда хиллера уьш. Бакъоларйархоша бахарехь, мехкаршна бераллехь йетташ хилла, бехкечу меттигашкахь операцеш йина хиллера, тIаккха царах цхьаъ шичига маре йала сацам бина хиллера. Аьхька регионера дIабахара уьш, бакъоларйархойн гIоьнца доьзалера а бевдира.
  • Гергарнаш ницкъаца йижарий цIабига гIоьртира, уьш мехкаршна тIе ца битийта аьтто хилира адвокатан. Шайна бина ницкъ буьйцуш аьрзнаш дира йижарша шайн доьзалерчу наханна. ТIаккха нейтралан дозане бахкийтира уьш, цул тIаьхьа Гуьржийчуьрчу а.
  • 2021 шеран гIадужу-бутт йукъабаьллачу хенахь Сайгидгусейнова Iайшат а, Сайгитова ПатIимат йадийна йигира Казанерчу кризисан петар чуьра. Царах цхьаъ карахь жима бер долуш яра. Цара дийцарехь, цIера йеддера и шиъ, даима а шаьшинна гергарчара Iаткъамбарна: йетташ хиллера цу шинна, балха йохуьйтуш ца хиллера, бертаза марехь сецош хиллера. Царах хиллачух хIумма а хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG