ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хийцамашка дог ма дахалаш". Шойгу Сергей - "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин верас


Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин 2021-чу шеран Гезгмашин-беттан 19-чу дийнан харжамаш герга мел кхочу лакхайолуш хаало тIеман министран Шойгу Сергейн жигаралла. Нахалахь шен цIе южуш лаьттачу оцу партин харжамийн тептара, №1 веш, дIаязвина иза президента Путин Владимира. Партин рейтинг хьалаяккха векал винчу цо, пачхьалкхан маьI-маьIIашка а лелаш, даккхий хабарш дуьйцу бахархошна хьалха. Оьрсийчуьрчу харжамхойн хьаштех а, дахарх а херъеллачу "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин сий оцо айдийр дац бохучух тешна бу дукхахболу эксперташ.

Кегийрхойн "МаьIанийн территори" форумехь Шойгу Сергейс дIахьедира шен ирс хилла Боснерчу сербийн лидершца Караджичем Радованца и генерала Младич Раткоца а цхьаьна болх бан (геноцид латторна а, адамаллина дуьхьал зуламаш дарна а бехкебинчаьрца). И нах а, Югославехь президент лаьттина, Гаагехь таIзар кхайкхадале велла Милошевич Слободан а вазвеш, цара шега дийцира "халкъ доха" мел герга дахана, изза кхерам лаьтта хIинца Оьрсийчоьнна тIехь а, бохура Шойгус.

Цунна хетарехь, Милошевич, Караджич, Младич кхетта хилла Югослави "шена чохь юхуш лаьттийла". "Цхьа пачхьалкх ялх пачхьалкхе екъаялар – иза леррина бина болх бара", – элира тIеман министра, амма ца бохура, мила вара иза динарг. Ша хIун болх бина Караджичца а, Младичца а, Милошевичца а ца дийцира Шойгус. Боснехь тIом боьдучу хенахь иза Оьрсийчоьнан орцан министраллин коьртехь вара.

Хенаш йиттира масех зуламна дуьхьал, коьртаниг геноцид хIоттор, 8 эзар бусалба Сребреницехь 1995-чу шарахь вер а долуш. Валлалц хенаш токхуш набахтехь ву хIинца Караджич а, Младич а.

Югослави йоцуш, "халкъ дохарх" лаьцна масал далош, Шойгус хьахийра Шема, Мисара, Тунис, Либи. Оцу пачхьалкхашкахь I0 шо хьалха Iедална духьал гIаьттира халкъ, хийцабелира мехкашкара куьйгалхой, я лилхира чоьхьара тIемаш. Официалехь Москварчу хьаькамаша оцу мехкашкахь хиллачух, шайгара цабезам а гойтуш, "беснийн революци" олу, оццу декъахьо Серби а, Гуьржийчоь а, Украина а. И революцеш тIекIаярна а, царна гIодина хила тарлучу бахьаница а Кремло бехкейо Малхбузе.

Кегийрхошца къамел деш кхин цхьа кхайкхам а бира Шойгус: ма хьеде шен партерчу коллегин, Оьрсийчоьнан дезачу вастан Терешкова Валентинин сий.

"Вайн мехкан шен васташ хила деза. Вайи за Гагарин а ву, Терешкова а ю, Шаляпин а ву, Рожденственский а ву, Вознесенский а ву, дуккха а кхтберш а бу. Аьр вай, Мстислав Леопольдович Ростропович – инзаре тоьлла адам ду, ма-дарра аьлча, аракхоьссина вайн пачхьалкхера. Иза вехха къийсавелира, дерг ма-дарра аьлча, вайн пачхьалкхехьа", - бохура Шойгус "МаьIанийн территори" форумехь.

Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIамехь Оьрсийчоь толарх дозалла дан деза, ветеранаш лара беза, инарлаш лара беза, "цунах лаьтта истори вайн истори, вайн пачхьалкхан цхьаалла, вайн мехкан васташ", - бохура тIеман министра. Цунна гарехь, цхьа нах, "Терешкова ишта яц, Гагарин а вон ву" баха боьлла. …Вайн бакъо яц иза леладайта. Хуьлда иза хьан петарца петар ерг я арахьара нажжаз-мостагI", – чIагIдеш элира Шойгус.

Шойгу Сергей а, Белоруссин тIеман министр Хренин Виктор а
Шойгу Сергей а, Белоруссин тIеман министр Хренин Виктор а

1963-чу шарахь дуьххьара космосе яхана зуда ю Терешкова Валентина. Оцу тIера болабелира цуьнан Iедалан даржашкара болх Советан пачхьакхехь а, юха Оьрсийчохь а. Путин Владимиран президенталла дIадахдеш, цунна 2036-чу шаре кхаччалц и дарж карахь латто конституцехула некъ баккхар къадийнарг яра иза 2020-чу шарахь.

Терешкова Валентина
Терешкова Валентина

66 шо долу Шойгу Сергей ву Путин Владимира къобалдинчу "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин тептарахь хьалхара язвина. Iедал карахь долчу партин тептара хьалхара язвеш ву Шойгу хIинца шозлагIа. Партин могIаршна хьалха язвина вара иза 1999-чу шарахь а – хIетахь Путинехьа йолчу таханлерчу партех "Цхьаалла" олура.

Политологна Галлямов Iаббасна хетарехь, Шойгус гойту жигаралла эрна ю, аьтто бер бац "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин рейтинг лакхаяккха.

"Цхьааллин Оьрсийчоьно" халкъе хьажийна месседж кхето атта ю: хир бац хийцамаш, эрна са ма тийса

– Суна гарехь, гIалат ду "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин хатI цIандархьама Лавров Сергей а, Шойгу Сергей а хьалхататтар. ХIунда аьлча, Оьрсийчуьра харжамхо хьагна вац кхерамзаллин проеблемаш а, архьара политика а язъярх, цунна пачхьалкхан чоьхьара проблемаш дIайовлар, дахар тодалар ду тахана коьрта. Экономика, социалан хьашташ, могашаллин сфера, белхазалла, кегий алапаш, кхидерг деза ду тIеман а, арахьарчу а политикал.

"Цхьааллин Оьрсийчоьно" шен лидерийн могIаршкахь арахьарчу политикан а, тIеман а ши министр хьалхаваккхаро харжамхошка бохуш нисло: хIорш ю шуна приоритеташ, хийцамашка дог ма дахалаш. "Цхьааллин Оьрсийчоьно" халкъе хьажийна месседж кхето атта ю: хир бац хийцамаш, эрна са ма тийса, тхо Iедалехь мел ду дерриг а лаьттар ду ма-дарра, тхуна коьрта ю арахьара политика, тIеман турсан гIуллакхаш, дисинарг даккхийчех а дац. Билггал иза ду оцу партин рейтинг йожаран бахьана: ца беза харжамхошна и нах Iедалехь. Хууш ду, электорато ца баьхна уьш хьалха, Iедал карахь хиларна бевлла. Путиннна гуш болу некъ бу иза. Кхеташ ду, электорато хаьржина бац, Iедал карахь долучара шайн кхетамца хаьржина бу. Оьрсийчуьра Iедалан зIе хаьдда харжамхошца, халкъаца, шен приоритеташ хьаха яьхна хьийза иза. Цхьана ца догIу нахана луург а, Iедална луург а.

– Мила хир ву Шойгу харжамаш бирзинчул тIаьхьа? Шен тIеман министраллехь соцур ву иза, я партин хьалханча санна оьшур ву?

– Юхаван тарло тIеман министралле, тарло Пачхьалкхан Думин депутатан гIента хаа а. Хуур вац могIархо санна, Думин спикер хIуттур ву – цунах иштта мукъавала лууш делахь Путинна.

– Иза Путина шен метте хаор ву аьлла ца хета хьуна, дуккха а дика зеделларг долуш а, президентанна тешаме волуш а иза хиларе терра?

Шойгу мегар ду ресторане вига, амма даиманненна уллехIотториг хуьлийла дац цунах

– Путин ша вуно консервативе стаг ву, цо шеца хьалакхиинарш бен ца буьту шена герга. Питерера цхьаъ хила мега бухавуьсунверг, масала, Медведев. Шойгу оцу маьIнехь хийра стаг ву Путинна. Цо-м тешаме а хилла дIакхоьхьу шегара даржаш, Путин цунна резаволчух тера а ду. Амма бухавуьтург къастор – иза экаме гIуллакх ду, милла а хаавойла дац оцу метте. Ресторане муьлха йоI йига еза, амма ялош ерг мила хила еза къастор санна хIума ду иза – йоккха башхалла ю цигахь. Шойгу мегар ду ресторане вига, амма даиманненна уллехIотториг хуьлийла дац цунах, – тешна ву Галлямов Iаббас.

Галлямов Iаббаз
Галлямов Iаббаз

Тергамчина Федоров Юрийна хетарехь, кхин гIолехьа кандидаташ бацарна къастийна Шойгу Сергей "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин хьалханчин метте – цуьнан цIе, рейтинг нахалахь лакхаро ю кхечу хьаькамашца дуьстича.

Федоров Юрий
Федоров Юрий

– Доцца аьлча, чIара боцчохь, искогберг а ю чIара. Наха кхечу хьаькамел алсам лоруш адам ду Шойгу. Амма цуьнан тIеман министран даржехь бевллачу аьттонашка хьажча, кIезиг бу бу цунах лидер ван. Шегарчу даржехь цунна коьртаниг бу Оьрсийчоьнан тIеман коьртачу буьйранчина муьтIахь хилар. Оцу тIехь цуьнан мел аьтто болу ала хала ду. ТIеман хьаькамаш массо а бу президентан бага хьавссина, я церан Путинна реза ца хила бахьана ду аьлла а ца хетало. ТIамехь зуьйш хуьлу инарлаш, кризис хIоьттича, ткъа цкъачунна дац уьш зен хьелаш. Иза тIеман министран даржах мукъа ца ваьккхина – оцо гойту ларош хилар. Реза ву цунна президент. Амма юха а боху ас, тIамехь зуьйш ву тIеман буьйранча, ирс ду и вайн тайпа хьелаш цунна доцуш.

Харжамаш чекхбевлча стенгахь хир ву Шойгу?

– Суна хетарехь, партехь болх бийр бац цо. Парти – иза Оьрсийчоьнан Iедалан коьрта гIирс а бац. ТIеман министран даржехь мегна ву иза Путинна. Циггахь вуьсур ву аьлла а хета суна. Хабарш ду даьржина, цунах премьер-министр ван тарло, бьохуш, амма со шек ву. Дац цуьнан экономикехь, финансашкахь IаIийна хаарш. Бакъду, оцу хьоле хьожий йоккхуш яц Оьрсийчохь даржийн ирхе. Делахьа а, ган хала ду Шойгу экономикан проблемаш дIатаръеш. Ца го суна иза Путинах дуьсур долчу гIентахь а – Путин шен лаамехь гIур волуш вац оцу тIера дIа, иза цунна сов кхераме ду, – элира тергамчас, тIеман экспетра Федоров Юрийс.

"Левада-центро" (Оьрсийчоьнан арахьарчу агентийн тептара язйина ю и цхьаьнакхетаралла) Стигалкъекъа-баттахь нахе бинчу хеттамаша гойту "Цхьааллин Оьрсийчоь" партигахьа кхаьжнаш таса кийча болу харжамхой 15% бен бацар. Ткъа Чиллан-баттахь 27% хилла иштанаш. Социологаша шайн балханна тIе а тевжаш хоуьйту Москвахь тахана "Цхьааллин Оьрсичоь" партина 28% наха бен кхаьжнаш тосург цахилар. Цу тIе, Москван бахархойх ах сов бу Пачхьалкхан Думе харжамаш маца хуьлу ца хууш, 25% харжамхоша шаьш цхьаьнгахьа а тосур бац кхаьжнаш, аьлла, ткъа 17% нахана ца хаьа харжамашкахь шаьш хIун дийр ду.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG