ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьалхарчу рогIера кадыровхой. Бахмутана гергахь дуккха а кадыровхой байъина бохучух хIун девза


Оккупаци йинчу Украинан латтанаш тIехь хадеш ву "Ахмат" тобанан эскархо 2022 шеран охан-беттан 5-хь. Гайтаман сурт
Оккупаци йинчу Украинан латтанаш тIехь хадеш ву "Ахмат" тобанан эскархо 2022 шеран охан-беттан 5-хь. Гайтаман сурт

Нохчийчохь тIаьххьарчу кIиранашкахь уггар йийцаре йеш йолу тема йу Бахмутана гергахь дуккха а кадыровхой байъина бохург – дуккха а эшамаш хиларна ЧВК "Вагнеран" йолахоша дIатийсина йолчу меттигашкахь. Оппозицихоша лач тоьшаллаш гойту – гергарчу наха кадам беш, "Ахматан" эскархойн цIерш йолуш скриншоташ, тIемалоша шаьш дIайазйина видеош, аудиош. Оцу йукъанна Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а масийттаза чIагIдора, и хаамаш харц бу бохуш. Стигалкъекъа-баттахь билггал Кадыров Рамзан вара вагнерхой нохчийн эскархошца хийца бохуш президенте Путин Владимире дехарш динарг.

Уггар хьалха кадыровхошна дуккха а эшамаш хилла аьлла дIахьединачех бара Украинехьа тIом беш Шейх Мансуран цIарх йолчу нохчийн батальонан пресс-секретарь хилла волу Белокиев Ислам а, оппозицин NIYSO телеграм-канал а. Цхьайолчу видеош тIехь эскархоша баккъала а Бахмут хьехайо. Оппозицихоша бахарехь, бIеннашкахь бу байъинарш, лазийнарш – кхин а дукха.

ТIеман хьалхенера декъий

"800 байъинарш, тIепаза байнарш" бу царлахь, аьлла товбеца-беттан 27-хь дIахьедира Белокиевс. Цо бахарехь, оцу бахьанца республикан куьйгалла товбеца-беттан 28-хь байъиначийн гергарчу нахаца цхьанакхета дагахь дара Соьлжа-ГIалина йккъерчу маьждигехь.

Иштта Белокиевс шиъ анониман аудио арахийцира нохчийн маттахь, "Север-Ахмат" спецназан хьалхрчу батальонан хьалхарчу тобанан Муса цIе йолу буьйранча а, контрактхо Халадов Халид а, кхинболу эскархой а байъарх лаьцна. Хааман авторо бахарехь, 500 эскархочух виссинарг вара 60, вуьш байъинера шина-кхаа дийнахь. ШолгIачу спикеро дIахьедора, тIемаш боьдучера итта дакъа дIаэцна, вуьйш цигахь диссина аьлла.

И хаамаш хиллачул тIаьхьа Нохчийчоьнан зорбанан министро ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан кертахь йуьхьйехира масех баккхийчу нехан, фейкаш йаржорна бехке а беш. И хаамаш мессенджерехула баржор бара церан "бехк".

Товбеца-беттан 23-хь дуьйна NIYSO телеграм-канало иштта йаздора, Украинерчу позицешкара кадыровхой йухабовларх, царлахь дуккха а эшамаш хиларх а лаьцна – масех дийнахь каналан авторша суьрташ арахоьцура, дийцарехь, Клещеевка эвлана гергахь байъиначийн, лазийначийн а – Бахмутан къилбехьа йолчу нах беха жима меттиг йу йуьйцург. Эскархойн гергарчу нехан социалан манашкара схьаэцна ду и суьрташ.

"Гергарчу наха дуккха а хаамаш баржабо, царна доIанаш дар доьхуш, декъеш йухадерзоре сатуьйсу цара", – дуьйцу цхьайолчу постехь.

2023 шеран дечкен-баттахь Клещеевка ЧВК "Вагнеран" эскархоша дIалецира, амма ВСУ-но контртIелатар дича, цигара тIемаш йуха а доладелира, и эвла кар-кара кхочура хIетахь. Марсхьокху-беттан 1-хь "ДНР-н" куьйгалхочо Пушилин Дениса элира, иза йуха а оьрсийн эскарийн карахь йу. Оьрсийн пропагандин зорбанаша марсхьокху-баттахь йаздира Клещеевкехь украинхошна дуккха а эшамаш хиларх лаьцна, амма ца бохура хIумма тIеман оьрсийн министраллина хиллачу эшамех.

Хьалха санна тIе ца лацар

Диллинчу хьасташкара Кавказ.Реалиин редакцина Нохчийчуьра 270 вийначу эскархочух бен ца девза. Цундела Бахмутехь байъина бохучу нехан терахь цецвоккхуш ду.

Оппозицихоша бохучунна жоп луш итт минотехь нохчийн маттахь видео арахийцира республикан зорбанан министро Дудаев Ахьмада. Цара бохург "эхь ца хета аьшпаш, дезинформаци" йу элира хьаькамо. Цунах лаьцна вистхилира "Ахмат" спецназан буьйранча Алаудинов Апти а. Оццул эшамаш хиллехьара, "Нохчийчохь дийцина ца Iаш, йерриг Оьрсийчохь, Украинехь дуьйцуш хир дара". Масех де даьлча Кадыров Рамзана а комментари йира оцу хаамашна.

Кхечу меттигашкахь а хилла кадыровхошна эшамаш, амма кхул а кIезга

"Цхьана а тIеман операце ца хьийсабо цхьана хеначохь 500 эскархой. Массарна а кхеташ хилийта боху, 500 цхьана оха цкъа а ца хьажаво. Оццул бахийта хьашт а дац, леррина тактика, стратеги йу цигахь. Уггар хьалха, кхерамазалла а, адамийн синош лардар а ду дуьйцург", – элира цо видео тIехь.

Нохчийчоьнан куьйглахочо масийттаза дIахьедора, "лерринчу операцехь" дакъалаца кхин дукха нах хьийсорах. Масала, 2022 шеран зазадоккху-баттахь бохура, фронте эзарнаш нах хьийсийна, стигалкъекъа-беттан 25-хь элира, "Нохчийчуьра ворхI эзар сов стаг ву кхиамца Оьрсийчоьнан интересаш ларйеш", кху шеран дечкен-баттахь чIагIдора, "тIеман хьалхенехь" цхьана хеначохь 9 эзар сов республикера эскархо вара аьлла. Байначу лахьан-баттахь хьаькамо церан терахь 10 эзар ду бохура.

ДIахьийсор бац, аьлла дош деллера

Хаамаш тIе ца лацар – Нохчийчоьнан Iедало массо хенахь йеш йолу реакци йу, амма республикан бахархой тешор бац оцу цара, хIунда аьлча, хаамаш тIечIагIбо цигахь дакъалоцучара, кхетадо Кавказ.Реалиин сайтана йеллачу комментарехь оппозицихочо Белокиевс. Эскархоша шайн цIерш йоху, батальонийн терахьаш, байъинчу нехан терахьаш дуьйцу, тидам бо цо.

"Лаккхара куьйгалла ду Кадыров, Даудов, кхинболу го а – уьш фронтана улло а ца гIерта. ШолгIа тIегIа – оккупацехь долчу латтанаш тIера кадыровхойн эскаран буьйранчаш – духьало латторан шолгIачу-кхоалгIачу тIегIанехь, амма цара шаьш дакъа ца лоцу, – дуьйцу спикеро. – ТIаьххьаре а, кадыровхой, – билггал уьш бу кхалхарна кIел кхуьйсурш".

Белокиевн хаамашца, хIора дийнахь цигахь мел кIезга 10 стаг воь, бIе гергга стагна чов йо – ишта хаамаш балабо цо шен хьасташна а, эскархоша бохучунна а тIетевжаш.

Украине хьийсор бац аьлла дош делла кхоьллина йара и полк

"Оццул болчу эшамаша Нохчийчохь протест стенна ца гIаттайо? ХIунда аьлча, Кадыровн раж адам кхерорца лаьтташ йу – байъинчу нехан баккъала долу терахьах лаьцна къамел бен ца дахь а, йа цунах лаьцна хаам дIаса бен ца кхоссахь а, стаг лачкъийна, цунна тIехь таIзар дан мега", – дуьйцу оппозицихочо.

NIYSO телеграм-каналан векалша Кавказ.Реалиин сайте динчу къамелехь билгалдоккху, Нохчийчуьрчу пропагандо хIоразза а тIе ца лоцу оцу кепара хаамаш. Цара дийцарехь, уггар даккхийра эшамаш хилла Зингиев Зайндис буьйралла деш йолчу "Север-Ахмат" полкана (нохчийн зорбанашкахь и хаамаш харцбеш вистхилира иза а).

"Ала дашна, Украине хьийсор бац, аьлла дош делла кхоьллина йара и полк. Амма хIинца цига кхин эскархой хьийсош бу аьлла хаамаш а бу. Амма хIинца тхоьгахь бакъболу хаамаш бац, Бахмутна гергахь кадыровхой дIасахьийсорах", – дийцина къамелдечо.

"Ахматан" оццул эскархой цхьана меттигехь кхалхар нисдла йиш йарий бохучух дуьйцуш, боламехь билгалдоккху: "массо хенахь тIамна йукъа кхуьйсуш болу" рогIера кадыровхой къесто беза "баккъала ларбеш лелочех".

"Оха а, кхечу хьасташа а дийцар бахьана долуш, нохчийн йукъараллина девзина оцу инзаре дукха долчу эшамех. Дера, церан гергарнаш, бевзарш Iадийнера хьоло, амма протестех лаьцна ойла йолуш дукха бац. Масала, хьалхо ишта митинг гулйан гIиртинера, амма цигахь дакъа лаьцначийн гергарнаш Украине хьийсийра", – дуьйцу NIYSO каналехь.

Оьрсийн кадыровхой

Бахмутна гергахь Клещеевка эвлахь артиллерийн тохаршца 650 кхачалц кадыровхой байъина, чIагIдо Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь Бахмут ларйеш дакъа лаьцна хиллачу нохчийн Шейх Мансуран цIарахчу батальонан тIемалочо Очерхаджиев Аслана. Царна тохарш динарш, дийцарехь, Украинан тIеман ницкъаш хилла ца Iаш, Оьрсийчоьнан тIеман министралла а йара.

"Церан декъий Iоьхкуш ду, шинне агIора тохарш вуно чIогIа хиларна, уьш дIадахьа тIекхочийла дац, – дийцина тIемалочо. – Кхечу меттигашкахь а бара кадыровхойн эшамаш – оцу Бахмутан агIора, амма кхузахьчул а кIезга".

Шейх Мансуран цIарх йолчу батальонан векал волчу Чеченский Богдана редакцина йеллачу комментарехь тидам бира, Нохчийчуьра тIаме хьийсочех берриш бац нохчий. Иза гуш ду Соьлжа-ГIалара тIаме хьийсор гойтуш йаьхначу пропагандин видеош тIехь а. Цуьнан зерашца, дIахьийсочех хIора уьтталгIаниг бен вац нохчо, биссинарш республике кхечу регионашкара баьхкина.

"Шайна хиллачу эшамех ца дуьйцу Кремло, тIаккха Кадыровс муххале дуьйцур дац. ХIинцалц кхин башца зенаш ца хуьлуш, Оьрсийчуьрчу йолахойх пайда оьцуш, кIелхьарабовлура кадыровхой. Путинан а догдаьлла хир ду оццул чIогIа реклама йина хилла болчу кадыровхойх, шайха вуно баккъийра сатийсамаш ша боьзна хилла болчу. Цундела царна таIзар дан сацам бина цо, вагнерхойн метта тIеман хьалхене а кхийсина", – дуьйцу Чеченский Богдана.

Кавказ.Реалиин корреспондент масех тIеман аналитикашка къамеле велира, амма уьш ца хIиттира кадыровхой байъарх болчу хаамашна комментареш йан, шайгахь тоъал бакъболу хаамаш бац аьлла. Клещеевкан эвлахь хIинца а тIеман тийсадаларш ду элира эксперташа, тIаьххьарчу деношкахь цу меттигна ВСУ-но, оьрсийн тIеман министралло а масийттаза тохарш дина бохура – тахана байъинчу нехан терахьах дерг дийца таро йац. Амма эксперташа билгалдоккху: "Ахматан" эскархой йеххачу хеначохь тIеман хьалхенехь бацара. Хьал хийцадала мегара ЧВК "Вагнеран" тIелатаран тобанаш цигара дIайахначул тIаьхьа.

Нохчийчуьрчу куьйгалло дIахьедира, "Ахмат" спецназ хьалхо ЧВК "Вагнеран" йолахоша дIалаьцна хиллачу Бахмутан кIошта хьажош йу аьлла. Цул хьалха и позицеш дIалаьцнера ЧВК "Вагнеро". Bloomberg ресурсан хьасташа дийцира, Украинана дуьхьал болчу тIамехь кадыровхойн терахь алсамдаккха хьийза Оьрсийчоьнан буьйралла аьлла. И дан лаам хилла ЧВК "Вагнеран" йолахой тIамера арабевлча "йассайелла меттигаш дIайуза". Политологийн а, экспертийн шеконаш йара, "Вагнеран" йолахошца хийцабала кадыровхойн таро йу бохучух, амма бохура цара, махкахь йуха а мобилизаци кхайкхон тарло.

  • Кадыровхой Украинехь гIарабевлира "тикток-эскарш" аьлла: тIеман эксперташна а, тешашна а хетарехь, нохчийн салтий Оьрсийчоьно схьайаьхначу территореш тIехь бу. Цигахь цара роликаш йоху йохийначу гIишлошна йукъахула герзаш детташ а лелаш, маьрша нах "кIелхьарбоху" шаьш бохуш.
  • Бахмутана гергахь йийсаре вахначу кадыровхойн "Ахмат" декъан эскархочо Медведник Сергейс дийцира, шайн буьйранчаша дукха хьолахь нохчий йукъахь боцу тобанаш хьийсайо тIеман хьалхарчу позицешка аьлла. Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара бахархошна – кхарна, йийсархочо дийцарехь, ледара тIеман гIирс ло, цхьана а кепара уьш кеч ца бо. Медведника тIечIагIдира, Бахмутана гергахь тIемаш беш "Север-Ахмат", "Юг-Ахмат" дакъош хилар.
  • "Медиазона" сайтан зераша дийцарехь, Кавказерчу республикаш Украинерчу тIамехь нах кхалхарца дикка хьалхайевлла йоьлху. Дагестанера, Нохчийчуьра вахархочунна тIамехь валарна кхерам ворхIузза алсам бу Москван вахархочунна болчул а. Йа Вологодск мехкан вахархочунна болчул цхьаъ ах сов.
  • Кхечу пачхьалкхашкара даймахка хьажа-хIотта цIабогIучу нохчашна герз кхийса Iамош курсаш чекхйахар хьехна республикехь. Берех хьакхадала мега иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG