ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьарам ахча? "Ахмат" клубан спонсор - букмекерийн контора


Кадыров Рамзан маьждигехь (архивера сурт)
Кадыров Рамзан маьждигехь (архивера сурт)

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша ларамбеш хIоттийна президент волчу футболан "Ахмат" клубана магийна бусалба динехь магош доцу ахча. Американ санкцеша къоьлле кхачийначу "Ахмат" клубанна ахча дала долийна букмекерийн PariMatch конторера – ткъа хьарам ларало исламехь спортан кхаьжнашкахула гулдина ахча.

Букмекерийн контора "Ахматна" ахча дала йолаеллийла хаийтинарг ду оппозицин 1ADAT телеграм-канал. Цо гайтина шен агIонехь "ахматхойн" футболан кучамашна тIетоьхна логотип - ишта коч совгIатйина Кадыровна а.

"Шовкъе ловзаршна кхаьжнаш а туьйсуш доккху ахча хьарам ду бусалба динехь. Хуьлда иза футбол, ММА, нардаш, картанаш, я кхидерг. ХIунда аьлча, ловзучунна ца хаьа ша ахча доккхур ду я иза шегара дIадоккхур ду: цхьаммо дIаоьцу, вукхуьнгара дIадоккху", – элира Кавказ.Реалиица къамелдеш Ниццерчу бусалбанийн ассоциацин президента Магомадов Рамзана.

Профессор Кадыров

Корта бахош долу малар, шовкъе ловзарш, цIуй, палтасар – Иблисан боьхачу гIуллакхех ду, боху КъорIано.

Кадыровна КIорIан девзаш хилар кхушеран Товбецан-баттахь билгалдаьккхира Аш-Шафии имаман мазхьабан коьрта шейх ларалучу Аль-Азхар университетерчу Iеламчас Iабдель-Iазиз аш-ШахIавис, чIагIдо Нохчийчуьрчу официалан хьасташа. Мехкан куьйгалхочуьнга цуьнан хьехамчехула иджаза даийтина шайха дийцарехь (иджаза – шафиитийн мазхьабехь адамаш Iамо бакъо – ред.).

Билгалдаккхар: Кадыровна иджаза даларх йолу информаци бакъхилар къасто аьтто ца белира Кавказ.Реалиин. Аш-ШахIавис цхьа кехат яздеш геннара гойтуш видео ю, амма цу чохь къасташ дац документа тIера йоза, ша кехат геннара гойтуш бен дац. Амма Iаьрбийн хьасташ ца карийра редакцина, хала ду иджаза Нохчийчоьнан куьйгалхочунна делла хилар билгалдаккха, яц оцу хьокъехь информаци Ал-Азхар университетан сайта тIехь а. Шайхан аш-Шахавин яц агIонаш социалан машанашкахь, ткъа цуьнан дешархоша шайн телеграм-канале дехкинчу хьехархочун къамелашкахь ца карийра редакцина "Нохчийчоь" дош.

Иза доцуш, 2019-чу шарахь дуьйна ву Дуьненаюкъарчу Исламан лигано "Исламан турпал" цIе тиллина, паелстинахоша елла цунна "Къудсан Седа" орден, Нохчийчуьрчу муфтиято елла "Ислам динна гIуллакх дарна" 1-чу даржан орден.

2014-чу шарахь Кадыровх вира Соьлжа-ГIаларчу Кишин Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу Оьрсийчоьнан исламан университетан ларам болу профессор. Делахь хIинца вац иза оцу доьшийлан педагогийн могIара язвина гойтуш.

2012-чу шарахь Кадыровн цIе яьккхира, иза Везачу Мохьаммад Пайхамарца йоьзна хазанаш шегахь кхобу стаг ву аьлла. ХIеттахь делира цуьнга бусалбанийн дезачу маьждиган Кхаабин шира догIанаш – оцу хьокъехь дехха дийцира Оьрсийчуьрчу прессо.

Оццул деза сий дина волчун цIарах деш маьждиг ду Соьлжа-ГIалахь тахана. 202I-чу шеран Дечкен-баттахь васт-ботт лаьттах йоьллина иза дендолчу меттехь.

Шех леррина турпал винарг

Оппозицехь волу нохчийн блогер Абдурахманов Тумсо цец ца волу "Ахматна" спонсор яьлла хьукмат хьарам ахча доккхучех хиларх. Цо дагадоуьйту Кадыров вазвина вийцарна бухахь ледара лард карош хилар.

Зен воьлча карош дерг ду и массо а Кадыровн цIерш, даржаш фейкаш хилар

"И керла хаам вуно богIуш бу Кадыровца, цуьнан массо а цIерашца - "латторхо", "кхабархо", "агIонча" иштта дIа кхин а. Зен воьлча карош дерг ду и массо а Кадыровн цIерш, даржаш фейкаш хилар. Боксан мастер – фейк. Экономикан Iилманийн кандидат – фейк. ТIемало – фейк. СагIанаш дийриг – фейк. Цундела букмекерийн контора а ю Кадыровн Iедалца йогIуш", – элира Абдурахмановс Кавказ.Реалиига.

РИА "Новости" агенталло хIоттийначу Кадыровн биографино бахарехь, иза баккъал а ву спортан мастер, 2000-гIа шо тIекхаччалц цо "дукха дакъалецна боксан къовсадаларшкахь". Амма "Московский комсомолец" газетерчу журналиста Речкалов Вадима 2007-чу шарахь хеттарш дира Къилба федералан гонерчу спортхошка, бара царалахь Кадыровн хенарнаш а – цара, шайна хезна яц боксеран Кадыровн цIе, бохура. Цу тIе, спортан мастер хуьлийла дац, къовсадаларшкахь финале а кхаьчна, цо тоьлла болу спортхой эшийна бацахь – иштаниг диссане а дуьсийла дац тергамза.

Экономикан Iилманийн кандидат хIоьттина Кадыров 2006-чу шарахь, диссертацин тема ю "ГIишлошъяран коьртачу декъашхоша юкъаметтигаш билгалйохуш бинчу бертах эвсара урхалла дар" ("Оптимальное управление договорными отношениями между основными участниками строительного производства").

Ткъа 2011-чу шарахь Кадыровх хилла экономикан Iилманийн доктор, яздина диссертаци: "Нохчийчоьнан гIишлошъяран агIо меттахIоотарх а, кхиорах а урхалла дар" ("Управление восстановлением и развитием строительной отрасли Чеченской республики"). Экономисташа критика йира оцу балханна, бохура, "тоьшаллаш доцу информаци ю цуьнца сов дукха". Бакъду, физикан-математикан Iилманийн докторна Ростовцев Андрейна кара а ца бира и Iилман болх бибиотекашкахь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун тIеман хьунарех лаьцна дуккха а дуьйцу цуьнан гоно а, цо ша а, Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира а. 2019-чу шарахь президента бохура, Кадыров ша "гIерта дIаьндаргашна буха", цо дакъалоцу тIемалошна дуьхьал дIахьочу леринчу операцешкахь, цунна йогIуш ю "Оьрсийчоьнан Турпал" цIе. Шен "доьналлах" лаьцна Кадыровс ша алссам дуьйцу. Яздина оцу туьйранех лаьцна Кавказ.Реалиино а.

Оцу туьйранех самукъане ду цо ша дийцинарг: гIодаюкъах йихкина мина а йолуш, иза гучу шайна ваьлча, цунах къаьхкина, 1500 тIемало дIасавадар; Кадыров вуьйриг ахча луш хилла хилар – цхьана дийцаршкахь - 0,5 миллион, вукху дийцаршкахь – 2 миллион Американ доллар; шеца цхьа тапча бен а, я накъост а воцуш, тIемалойх яьккхина лаьттачу Бена чу Кадыров вахарх, тIемалой цуьнга шайна къинхетамбар доьхуш хьийзарх, иштта дIа кхин а.

Кадыров Рамзана сагIанаш дарх долчуьнца а ю шалхенаш. Кавказ.Реалиино бинчу талламаша гойту республикехь Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу фонданна (цуьнан президент ю мехкан куьйгалхочун нана Кадырова Аймани) тIеязъеш йолу дукхахйолу проекташ ю федералан бюджетерчу ахчанах еш.

Кадыровс бусалба дин лардарца а ю шеконаш. 2019-чу шарахь СаIудийн Iаьрбийчоьно веза лоручу муфти ибн Баз Салехьан кIентан кIанта бехк биллира Кадыровна дин харц кхеторна, аьшпаш буьттуш леларна, ткъа ша Нохчийчу веъна волуш гайтира шегара цабезам кху дешнашца: "Суна дегаза ду уллехь [Кадыровца] хиина Iан". Британерчу шайха Димашкыйя Iабдуррахьмана а емалйина Кадыровн идеологи шен къамелашкахь ютьюбехула, цо шеконе диллира иза Дела цхьаъ веш хилар.

"Ахмат" - пекъар?

Кхушара клуб дуккхаза а литкъина шена ахча тоьуш дацарх далхош. Дерриг а доладелла Американ Цхьаьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло 2020-чу шеран ГIура-баттахь кхайкхийначу санкцешца (Магнитскийн тептара яьккхина иза а, изза цIе йолчу латархойн клуб а, Кадыров Ахьмадан цIарах йолу фонд а – кьуйгаллехь болу нах адамийн бакъонаш хьоьшуш леларна).

Охан-баттахь Пачхьалкхан Думерчу спортан комитето кхайкхам баржийра Оьрсийчуьрчу компанешка, Iедале "Ахмат" клубна хенера йийла гIодар доьхуш. Санкцешна кIел клуб нисъялар дара бахьана, депутаташа дийцарехь.

Арахьарчу компанешца гергарло ц алела, ур-атталла Словакеар эцначу футболхочунна Альмаши Ладиславна алапа латто а таро яц шайн, бохура клубан коьртачу тренеро.

Санкцеш ю лелаш клубан куьйгалхошна дуьхьал а. 2020-чу шеран ГIуран-баттахь Британино шен санкцийн тептара ваьккхина клубах жоп лучех волу Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад – республикехь адамийн бакъонаш хьешарна.

Даудов Мохьмад
Даудов Мохьмад

Клубан лараме президент волу Кадыров Рамзан а ву шен доьзалхошца цхьаьна Американ Цхьаьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан Департамента санкцийн тептарахь 2020-чу шеран Товбеца-баттахь дуьйна. Кхидерг доцуш, цунна бехкедо махкахь нах таIзарна кIел латтор, йина кхел а йоцуш хIаллакбар.

Клуб къоьлло хIалакъеш ю бахахь а, Нохчийчуьрчу лаккхарчу хьаькамашна карадо хьаш доцчу гIуллакхашна дохка миллионаш. Масала, Соьлжа-ГIала кхойкхура цара "Ахмат" клубехь шен тIаьххьара латар гайта говаьллачу дагестанхочуьнга, ММА-латархочуьнга Нурмагомедов Хьабибе, лур ду бохура 440 миллион сом.

"Дадала ахча долуш ду", – билгалдаьккхира оцу муьрехь клубан лигин вице-президента. Хаттар хIоттало тIаккха: гIуллакхаш оццул ледара а ца хилча, стенна доьхуш ду шовкъе, къехьа ловзарш латточу букмекерашкара хьарам ахча?

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG