ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Iазап чIагIделла даьлла Кавказехь": Советан заманара зеделларг а, тIеман лар а


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчохь хIора пхоьалгIачу вахархочо торуш лору тутмакхашна набахтешкахь гIело яр, боху "Левада-центро" ("арахьарчу агентийн" тептарахь ю иза) довзуьйтучу хаттаман жамIаша. Ткъа Къилбаседа Кавказехь лахара ду набахтешкахь Iазап латтор нийса хетачийн терахь, чIагIдо Кавказ.Реалиица къамел динчу бакъонашларъярхоша.

"Левада-центре" хетарг довзийтинчех 11 проценто бахарехь, наханна гIело ян мегар ду нагахь санна оцо бехк боцчу нехан дахар кIелхьардоккхуш делахь". Кхин а исс процент наха аьлла, гIело ян мегар ду адамашна тIехь Iазап латторца доьзна чувоьлинчу тутмакхна. Цхьана а бахьаница гIело ян мегар дац аьлла 66 процент реципиенташа.

2019 шарахь 60 процент нах дуьхьал бара набахтешкахь ечу гIелонашна, 2018-чохь - 57. ХIетахь хаттамехь дакъалаьцначу хIора уьтталгIачу стага аьллера, шаьш Iиттаделла ницкъхоша ечу гIелонашца. Амма 40 процент бахархошна хетарехь, гIелонна дуьхьало ен болам тIех жигара баьржаро лахдийр ду зуламаш Iорадахар.

Iедалехь болчу ницкъхошкара юьйлу къизалла оцу кепехь наха ловш хилар схьадогIу Советан заманахь чIагIъеллачу леллачу авторитаризмера, аьлла хета конфликташ зеран а, царна дуьхьояран а Центран куьйгалхочунна Сокирянская Екатерина.

"Пачхьалкхан цIарах латточу гIелонна дуьхьало ян ницкъ болчу демократин буха тIехь дукха ца лаьттина вайн мохк. Советан авторитаризм дIаяьлча хIоттайоьллачу маршонехь кIезиг даьхна вай, юха а чIагIъелира ницкъхоша урхалла ден таханлера авторитаризм. Iедалхошна ца лаьа демократин низамаш даржийта", - боху цо.

Къилбаседа-кавказхошна юьстахара хезна хIума дац Iедалхоша стагна гIело яр – лайна шаьш я гергарчара

Къилбаседа Кавказехь Iазап къобалдийраш кIезиг хилар доьзна хила тарло, цигахь Iазап чIагIделла даьлла, билгалдоккху Сокирянскаяс.

"Iазап Къилбаседа Кавказехь тIеман гIеранахь латтарна я терроризм бахьана долуш оьккхуьтуш дац, кхин зуламаш динчу наханна а кхочу цуьнан дакъа. Наханна юьстахара хезна хIума дац Iедалхоша стагна гIело яр – лайна шаьш я гергарчара. Къаьсттина Кавказан къилбаседа-малхбалехь: Нохчийчохь, ГIалгIайчохь, Дагестанехь. Цундела наханна хаьа иза хIун ду – адамаша шайна етташ бина дегабаам лаьтта церан иэсехь белла дIабовллалц", – боху эксперта.

Оьрсийчоьнан набахтешкахь хенаш токхуш бу эзарнашкахь бусалба нах – Къилбаседа Кавказера. Уьш бу тутмакхашлахь, бакъонашларъяроша дечу тоьшаллица, уггаре дукха а, атта а таIзарна кIел буьгу нах. Царна кхечарначул дукха етта, гIело йо, боху Сокирянскаяс.

"Оцу хьесапехь къилбаседа-кавказхошна набахтешкахь гIелояр доьзна хила тарло церан къоман, динан башхаллашца, цул совнаха, дукха бу Къилбаседа Кавказехь тIемаш бина нах Оьрсийчоьнан набахтийн системехь белхашкахь, цара ца лов кавказхой, мостагIалла лелораш а хуьлу царалахь", – яздо конфликташ зеран а, царна дуьхьояран а Центро ба арахецначу "Оьрсийчоьнан набахтешкара Къилбаседа Кавказера бусалбанаш" цIе йолчу талламехь.

Документан авторша дийцарехь, Оьрсийчоьнан набахтийн урхалло уггаре хьалха шен тергонехь латтийна тIемалойн машанашкахь хиларца доьзна лецна нах, доккхачу декъанна Къилбаседа Кавказера бахархой бу уьш.

Къизалла йолайо, бакъонашларъярхоша дийцарехь, лоцучу муьрехь. Лаьцна, таллам болабечу хенахь, официалехь лацар тIе а чIагIдале гIелояр – иза дахаре дирзина зеделларг ду Къилбаседа Кавказехь, билгалдоккху Сокирянскаяс.

Делахь а Оьрсийчуьрчу кхечу набахтешца дуьстича, гIеххьачул гIолехьа ду Къилбаседа Кавказерчу набахтешкара хьал, боху Центро бинчу талламо.

Демократи вайн адамашна дагаоьккху шайн дахар Iазапна буханисделча

"Iазапна дуьхьабалояран комитетан" Къилбаседа Кавказерчу декъан куьйгалхочунна Аламов Мохьмадна гарехь, набахтешкахь гIелоян мега аьлла хетачу нахалахь дуккха а бу зулам динчарна тIехь Iазап латтор нийса ду аьлла хета нах. Цунна а го оцу кхетамца Советан замано йитина лар.

"Школашкахь берашна тоха мега аьлла хетара хIетахь. Дешархо соне хIоттавора, цунна хьехархочо ша хьоьхуш лелош хуьлу гIаж тохара. Низамаша магориг а, цамогариг нахана хууш дацарца а дозу иза. Демократи вайн адамашна дагаоьккху шайн дахар Iазапна буханисделча. ТIаккха хаьа Iазап латтор низамехь доцийла, цхьа а цунна кIел вахьа мегаш доцийла", – элира Аламовс.

Цунна хетарехь, гIелоне хьажам шайн-шайн бу Советан пачхьалкхехь баьхначу нехан а, кегийрхойн а. "Баккхийчара дукха хьолехь туьду, бехк ца хилча чувуллур а вацара, олий. Кгийрхойн алсам ду хаарш, царна ца тов гIелояр, иза хьанна а тIехь еш елахь а", – билгалдаьккхира баконашларъярхочо.

***

2015 - 2020 шерашкахь Оьрсийчоьно 3,5 млн евро дайъина Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело шен сацамашкахула набахтешкарчу тутмакхашна а, лецначарна тIехь изоляторшкахь а гIелоярна къастийна компенсацеш дIалуш. И терахь билгалдаьккхинарш бу "Гоь оьшу" фондан "Билггал аьлча" цIе йолчу проектера тергамхой. Уггаре дукха компенсацеш дIаяла дезна Новгородан, Кострома Забайкальен, Сведловскан мехкийн, Ленинград-мехкан а, Петербергерчу а набахтшкахь, изоляторшкахь хан текхначу наханна.

ГIадужу-беттан юьххьехь бакъонашларъярхойн Gulagu.net проекто видеогайтамаш Iорабаьхна тутмакхашна ен гIелонаш йовзуьйтуш. Белгородан махкарчу, Камчаткерчу набахтешкара а, Оьрсийчоьнан набахтийн урхаллин туберкулезна дарбадечу хIусамера а ду и тоьшаллаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG