ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iазап латтор, нах лечкъор, нах байъар. Нохчийчохь муха бевзаш бу Украинехь тIом бен нохчий


Кадыров Рамзан куьйгкIеларчаьрца, 2015-чу шеран Стигалкъекъа-бутт

Буча, Ирпень, Гостомель гIаланашкахь маьрша нах байъарна бехке ю аьлла украинхойн Iедалхоша 141-гIа Кадыров Ахьмадан цIарах йолу, иштта "Север" цIарца евзаш йолу леррина полк. Кадыровхойн оцу тIамера – видеош яхарал совнаха, меттигера нах кхерамех латтор ю аьлла гиначара деллачу тоьшаллийн дуьххьара официалехь тIечIагIдар ду иза.

Кадыровн тIемалой Оьрсийчохь стенца гIарбевлла бу теллина Кавказ.Реалиино – гучудаьлла, царах дукхаберш Украине кхачале Iазап латторца а, нах байъарца а боьзна хилар. Мел-кIезга царах шиъ лехамашка велла киллераш бу, ворхI стаг дукха наханна тIехь Iазап латторца а, кхел хилале Нохчийчуьра бахархой байъарца а боьзна бу, цхьа эскархо велла лоруш вара.

Батальон "Север"

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедо , Оьрсийчоьнан Украинана тIелатарехь хIинца дакъалоцуш ворхI нохчийн тоба ю (Кадыровн цIарах леррина спецназан полицин полк, 141-гIа полк, "Ахмат-Грозный" ОМОН а, "Ахмат-Крепость" а, "Ахмат" СОБР, 249-гIа батальон а, хадархойн полк а), эзара шайн лаамехь вовшахкхеттарш а. Делахь а, Украинехь билггал нохчийн маса тIемало ву, хууш дац. Биллинчу хаамийн буха тIехь, Кавказ.Реалиино тептар хIоттийна цигахь "командировкехь" болчу, лаккхарчу жаржашкарчу кадыровхойн - ю цу тIехь 32 цIе.

141-чу полкан, йа "Север" батальонан командир ву, тIом болабелла ши де даьлча украинхойн агIоно вийна аьлла Тушаев Мохьмад . Кадыровс харцдина иза – цуьнан каналехь Тушаев тIехь волуш масех видео араелира, тIаьххьарниг Охан-беттан 2-хь арахецна ю.

Тушаев Мохьмад, 141-чу полкан, йа "Север" батальонан командир, ЧГТРК "Грозный" телеканалан фильман тIера скриншот
Тушаев Мохьмад, 141-чу полкан, йа "Север" батальонан командир, ЧГТРК "Грозный" телеканалан фильман тIера скриншот

36 шо долчу Тушаевх лаьцна дукха дац хууш: доьзалехь цхьа кIант ву, "жимачу хенахь дуьйна тIемалойн говзаллица бала болуш хилла". Нохчийн телевизионехь араяьллачу ах сахьтехь йолчу фильмехь Тушаевс дуьйцу, шен карьера нохчийн ОМОН-хь йолийна ша 22 шо долуш, цул тIаьхьа исс шо даьлча "Север" батальонан командиран гIовс хилира ша, биъ бутт баьлча, 2018-чу шеран Охан-баттахь, - цуьнан командир а бохуш. Командиро бахарехь, хIинца Север" юкъахь болх беш ву 712 контрактхо а, 75 срочник а ву, Тушаевс уьш ша гулбеш бу, къеста а беш.

Оппозицин 1ADAT телеграм-каналан хаамашца, дахначу кIирнах Кадыров Рамзана даржах вохийна Тушаев Украинехь каракхаьчна долу герз дIадохка гIертарна.

Карьерехь лакхавалале хьалха Тушаевн куьйгалхо Цакаев Алихан вара (тахана Нохчийчухула йолчу МЧС-н хьалханча) – иза цигахь волуш нохчийн ОМОН-а жигара леладора меттигера нах лечкъор, царна гIело йар, цхьахйолчу ишттачу меттигашкахь Цакаевс ша дакъа лаьцнера. Оцу хенара уггара гIаръяьллачех цхьаъ истори яра бехктакхаман гIуллакх доладайта аьтто баьлла волу Умарпашаев Ислам лачкъор а, цунна тIехь гIело яр а. "Новая газетано" яздарехь, оцу хенахь Цакаевс кхерамаш тийсинера оьрсийн талламхочунна, ОМОН-о герз деттар ду, церан базана улло веанчу муьлххачу стагана бохуш. Тушаевн куьйгалхо тIаьхьа а ца Iара массарна а хезаш, кхерамаш ца туьйсуш - бегаш бора цо, 40 минотехь кхетон гIертачул а гIоле хуьлу тапча тIетаIор, ткъа дукха хан йоццуш тIетайра иза, бакъоларъярхочун Янгулбаев Абуабакаран доьзалан коьртеш даха деза аьлла, бинчу кхайкхамна.

Батальон "Север" кхоьллинчу доллу шерашкахь тIемалой хIаллакбарца йоьзначу леринчу операцешкахь дакъа лацарца евзина ца Iа. Оцу декъан белхахой ямарт хиларна бехкебора, цхьахберш даьхний схьадохуш хьийзина, вукхара Шемарчу тIамехь дакъа лаьцна. Цул совнах, "Север" батальонаца дузу оппозицин политик Немцов Борис вер а.

Геремеев Руслан Нохчийчохь
Геремеев Руслан Нохчийчохь

Немцов верна чувоьллиначу пхеаннах цхьаъ – "Северан" хилла эскархо Дадаев Заур ву. Вер кечдинарг хила мега аьлла шеконашкахь ву Геремеев Руслан – батальонан командиран хилла гIовс. Оцу гIуллакхехула Геремеевга хеттарш ца дира талламхоша, хIунда аьлча, царна цхьаммо а неI схьа ца йиллира – 2015-чу шарахь дуьйна бехкевийриг тIепаза вайна лоруш вара.

2022-чу шеран Зазадоккху-баттахь Геремеев Мариуполехь яьккхинчу видео тIехь гучувелира – Кадыров Рамзана дIахьедира, цунна "лерина ду уггара хала дакъа", хIунда аьлча, "хьомечу ВАШАС шега кховдийнарг массо ханна чекхдоккху". Кхо де даьлча Геремеев чIогIа лазийна хилар а, иза цIавига везаш хилар а гучуделира.

"Тасвалархо" а, "коьрта гIуллакхаш листархо" а

ТIаме хьажийначу кадыровхошлахь хаавелла кхин а ши киллер. Мамадиев Iусман а, Рашаев Султан а ву и шиъ.

Мансур Старый цIарца вевзаш волу Алиев Iимран верна шеконашкахь ву Мамадиев. 2020-чу шеран Дечкен-бутт чекхболуш цуьнан дакъа карийра францхойн Лилль гIалара отелерчу номерехь – 135-зза уьрсан чевнаш йинера цунна. Иза верна бакъонийн органаша бехкевора Кадыров Рамзанна юххера стаг. Оппозицин блогера Абдурахманов Тумсос шен хьостанашна тIе а тевжаш, дIахьедира, киллер Мамадиев Iусман ву аьлла, дийцарехь, иза кIирнах Алиевн хIусамехь ваьхна хилла, тIаккха цуьнца Франце а вахана, хьешийн цIийнахь молханашца цунна наб а кхетийтина, логах масийттазза урс тоьхнера. Цул тIаьхьа киллеран аьтто баьлла Европера дIа а вахана, Нохчийчу юхаверза.

Рашаев Султан, йа, Нохчийчоьнан куьйгалхочо цунах ма-аллара, "тасвалархо", Кадыров Рамзанна йиллина дуьхьало йина хилла волу ФСБ-н подполковник, нохчийн "Горец" тобанан командир Байсаров Мовлади верца воьзна ву. 2006-чу шеран ГIуран-баттахь герз диттира цунна Ленинан проспектехь "леррина операции дIахьош" - дийцарехь, Байсаровс ша дIалоцучу хенахь дуьхьало йинера, амма гинчара дуьйцура, ницкъахочунна оцу мIаьргонехь тIе ма кхоччу герз диттина хиларх. Байсаровна тоьхначу 11 даьндаргах ворхI Рашаевн яра, иза оцу хенахь Нохчийчухула йолчу МВД-н урхаллехь йоцчу хадархойн Урхаллин лакхарчу лейтенантан чинехь вара.

Иза хилчул тIаьхьа оьрсийн хьаькамаш пачхьалкхан думан депутатах Делимханов Адамах, Байсаров верца воьзна вуй хьожуш, таллам болабайта гIиртира, амма церан аьтто ца белира. Дахначу шеран аьхка политика Яшин Ильяс Делимхановх "Оьрсийчоьнан уггара кхераме депутат" элира, Немцов Борис верца иза воьзна хилар дага а доуьйтуш. Яшина билгалдаьккхира, терроризм лелорна а, закъалтхой лецарна а валлалц чохь яккха хан тоьхна волчу Радуев Салманан машен лелочунна тIера йолийна депутата шен карьера. Видео чохь дуьйцуш ду, ЯмадаевгIеран вежарий байъарна Интерполо Делимханов лехамашка велла хиларх а, депутатаца Журавлев Алексейца цуьнан латарх а, иштта цуьнан Москвара "коьрта гIуллакхаш листархо" репутацих лаьцна а. Делимханов иштта вевзаш ву кхерамаш тийсарца, масала, ЯнгулбаевгIеран доьзална, ММА-н латархочунна Емельяненко Федорна, йа Москван Мещанскан кIоштан депутатийн Кхеташонан хьалханчана Закускин Александрна.

Делимханов Адам
Делимханов Адам

Делимханов Адам хIинца – Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграмерчу каналан коьрта турпалхо, оццул "эфиран хан" яц Кадыров Рамзана гонера кхин цхьаннан а (текст арахоьцучу юкъанна Делимхановца яьккхина 20 видео ю). Депутата камерана хьалха тIелоцу "шайн лаамера"-керла эскархой, совгIаташ доькъу, шена карабирзина болх лелабо – резабоцурш резабо. Иштта хилира масала, сепаратистийн "ЛНР-н" "Восток" батальонан командирца Ходаковский Александрца, Делимхановца цхьанакхетар хилча цо юхаийцира ша кадыровхойн говзалла ца хилар дуьйцуш аьлла дешнаш.

ТIамехь Делимханов Адаман ши ваша а ву – Къилбаседа-Кавказан тIеман гонан Нацгвардин эскаршна куьйгалла дечун хьалхара гIовс Делимханов Алибек, Нохчийчухула йолчу Росгвардин Урхаллин хьалханча Делимханов Шарип. Алибек теш санна дакъа лоцуш вара Немцов верна тIехула йоьдучу кхелехь, ворхI киллерах шиннан куьйгалхо ша хиларна, Нижний Новгородера лачкъийначу Мусаева Заремин доьзална кхерамаш тийсиначех цхьаъ вара Шарип.

Iазап латторан говзанчаш

Зазадоккху-бутт болалуш Кадыровс дIахьедира, Украине ша хьажоре "вуно чIогIа сатуьйсуш ву" Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу леррина полицин полкан куьйгалхо Чалаев Замид. Шиъ ах кIира даьлча цуьнан а, цуьнан полкан а и аьтто белира – хIинца, Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, цара "Мариуполян агIонехьа" тIемаш беш бу, иштта "уггаре жамIаш гойтучу тобанех цхьаъ ю".

Чалаев Замид
Чалаев Замид

Республикера лечкъийна бахархой Iазапехь латтош, уьш бойъуш йолчу полкан куьйгалла деш ву Чалаев Замид – цигахь гIело яран камераш хилар а, нах дIабоьхкина меттигаш хилар а "Новая газете" дийцина полкан хиллачу белхахочо. Чалаев жоьпалле ву Нохчийчохь бозбуанчала лелораш лецарна а, бехк баьллачийн гуш-хезаш юьхь яхарна а, иштта кхерамаш тийсарна а – кегийра зуламаш диначарна а, бевзачу бакъоларъярхошна а.

Кадыровс цкъа бен ца яьккхина Украинерчу цхьахйолчу батальонан командиран Таймасханов Iийсан ц1е, иза нохчийн доккхачу цIийнах, тайпера ву. Масала, Таймасханов Хьусайн – Нохчийчоьнан парламентан депутат, Таймасханов Заур – СОБР "Терекан" эпсар, Таймасханов Бекхан – вице-премьер, республикан кхоччуш бакъонаш йолу векал.

Цхьахйолчу полицин полкан декъан командир вара Iийса. Цуьнан куьйгкIел хиллачу цхьаммо динчу тоьшаллица, гайтамна хIиттийначу спецоперацешкахь тIемалой хIаллакбеш дакъа лоцура Таймасхановс, амма уьш хуьлура, карахь герз доцуш, бойъуш болу лецна нах. Цул сов, полкехь кхуьуш дара ахчанаш лехьор, курхаллаш, низамехь доцу лецарш, наггахь валарца доьрзуш гIело йар. "Новая газетан" хаамашца, Таймасханов иштта хила тарло оппозицин 1ADAT телеграм-каналан чатан модераци еш хилла волу Тепсуркаев Салман лачкъорехь дакъалаьцна а – иза хIинца а вац карийна.

Зазадоккху-бутт юкъабаьлча "эзарнашкахь шайн лаамехь вовшахкхеттачийн" куьйгаллехь Украине вахана Кадыров Рамзанан ницкъаллин блокехула волу гIоьнча Алаудинов Апти. Дийцарехь, оцу хеначохь цо Iуналладен нах ларийна ворхI украинхойн эскархо закъалте лаца а, бIеннаш ша дIакхайкхийначу ЛНР-ан бахархашна эвакуации йан а. Алаудинов Аптис гойту Кадыровна хьестваларца (цкъа мацах цо баркаллаш бахарца бIаьрхиш даьхнера куьйгалхочун) 10 шарна юккъехь инарлан чин муха даккха деза.

Алаудинов Апти
Алаудинов Апти

Къаьсттина Алаудиновна бехкаш дахкарца доладелира Байсаров Мовладина тIаьхьбовлар, "Новая газетан" хаамашца, Кутаев Русланна тIехь гIело латтош а, Кадыров Ахьмадан цIарахчу ППС-н полкехь ткъе итт стаг вуьйш дакъа лаьцна ву инарла. Цул сов Алаудиновс дакъа лаьцна шайна ца тайначу кегийрхошна еттарехь, Давыденко-эвлара нахана а, дозанал арахьа а, республикехь а беха критикашна кхерамаш туьйсуш хьийзина иза. Инарлас масийттаза адамийн бакъонаш хьешна хилар Америкехь а билгалдина: 2014 шарахь дуьйна ву Алаудинов санкцийн "Магнитскийн тептаре" ваьккхина.

Рубежное гIала "кIелхьара йоккхуш" хьийза хIинца СОБР "Ахматан" Iаморан-кечамбаран центран командиран гIовс Мудуев Хьусайн. Зазадоккху-баттахь машанехь видео гучуелира дуьххьара оцу меттигера къайлаха набахте гойтуш – цигахь, масала, гIело йинера Янгулбаев ИбрахIимна, федералан кхелахо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин а, Соьлжа-ГIалахь лаьцна латточу Мусаева Зареман а кIантана.

Ша дIакхайкхийначу Луганскан республикехь ву Нохчийчоьнан транспортера ОМОН-н командир Хизриев Адам, иза ву, дийцарехь, маьрша нахана эвакуаци ярна жоьпаллехь верг. Амма оппозицин 1ADAT телеграм-каналан хаамашца, Зазадоккху-беттан 7-хь дуьйна Хизриев Нохчийчохь вара, 35 шо долу Энгеной-эвлара вахархо Сайдалиев Якъуб лачкъорна тIехь куьйгалла деш, каналан авторийн хаамца, хIинца иза Iазапехь латтош ву. Хизриев иштта бехкевеш ву Умарпашаев Ислам лачкъорна, ткъа Кадыровн режимна дуьхьала лаьттачу телеграмерчу каналийн хаамашца, иштта воьзна ву иза доьзалхочух хилла Хамидова Биназира а, цуьнан цIийнда Ислам а, марваша Исханов ИбрахIим а байъарца, иштта Сайдахмадов Асланбек, Ахмадов Асхьаб лачкъа а вина, верца а.

Межидов Хьуьсейн , "Юг" батальонан экс-командир. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан официалан телеграм-каналера видео тIера скриншот
Межидов Хьуьсейн , "Юг" батальонан экс-командир. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан официалан телеграм-каналера видео тIера скриншот

Кадыровн Рамзанан аккаунтехь уггаре жигара турпалхо вара Межидов Хьусайн, "Юг" батальонан экс-командир. ТIелатаран юьххьехь цуьнан куьйгкIелболчара видео яьккхира Кадыров Ахьмадан сурт тIехь долу байракх Гостомелерчу № 3018 йолчу тIеман декъан кевнашна тIе уллуш – украинхойн Iедалша бакъйира и видео, амма дIахьедира, кадыровхой яьсса объектан керта бахана аьлла.

Дахначу кIирнах хаам кхечира Межидов шен командиран даржах ваьккхина аьлла – Кавказ.Реалиин хаамца, иза ("Север" батальонан командиро санна) Украинехь карадерзийна долу герз къайлаха Нохчийчохь дIадохка гIерташ хилла.

2019-чу шарахь Межидов гIарвелира блогерна Аабдурахманов Тумсона кхерамаш тийсарна – арахецначу аудио тIехь Межидовс дIахьедо, блогеран кхалхар цо шена тIелоцу бохуш, иза "тасавелла, лаьттах кхетта" лахь а.

"Даймохк ларбан" денвелларг

Дахначу шеран гурахь крапан береташ лелон бакъо лучу къовсадаларш харцонаш лелорца иккхинчу скандалана юкъанисбеллера Нохчийчухула йолчу Росгвардин ОМОН-н командира Бисаев Анзор а, СОБР "Ахматан" командиран гIовс Лорсанкаев Сайди а.

Говзалла дIахьош яра Ставрополан махкара "Тамбукан" Iаморан центрехь, цигахь дакъа лоцуш 115 спецназан тобанийн белхахой бара. Кечйинчу программан ерриг дисциплинашкахула зачеташ дIалуш бара уьш, шен декъехь 10 километр йолу хедийначу майданехула марш-кхоссар йолуш. Цига юкъа догIура ирхе яккхар, минаш йоьхкина, кхераме йолчуха кечйинчу, дуьхьал хиш а долуш, цунах а, кхинйолчу дуьхьалонех а чекхбовлар. Оцу декъехь спецназхошна хааделира, нохчийн эскархой доттагIаша машенашкахь финише дIакхачо болийра.

ТIаккха 604-гIа леррина хьажоран "Витязь" центран ницкъахошна а, Нохчийчуьра схьабаьхкиначарна а юккъехь латар иккхира, журналистан Коц Александран хаамца, латар сацо дийзира Росгвардина леррина хьажоран Коьртачу урхаллин ницкъийн куьйгалхочун Семиляк Игорян. Скандал хиллехь а, нохчийн 43 ницкъахочунна шайн береташ дIаелира. Царах шинна – Бисаевна а, Лорсанкаевна а – Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу фондо керла Mercedes машенаш елира.

СОБР "Терекан" командиран даржехь вара Лорсанкаев Сайди оцу хенахь. ХIинца Украинехь цо куьйгалла до "Юг" а, СОБР "Ахмат" а батальонийн.

Охан-беттан 8-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша Чахкиев Руслан ву бохуш, стаг тIехь волу видео арахийцира: шен 15 шо долуш, къобал ца йинчу Ичкерин агIо лаьцна, тIом бина цо, ткъа хIинца, 43 шо долуш цо, дийцарехь, Украинан латтанаш тIехь "даймохк ларбан" аравала сацам бина. Амма архивера зорбанийн арахецаршца а догIуш, Чахкиев 24 шарна чувоьллина вара Буьри-ГIалахь. 2008-чу шарахь вада гIертачу юкъанна, дийцарехь, вийнера.

Пайда эцаран а, таIзаре а тIом

Украине мел-хьажийна нохчийн эскархой бекъа йиш ю масех декъе: белхан декхаршца цига кхаьчнарш, шайна пайда лоьхуш арабевлларш, йа таIзарна цига хьовсийнарш. Оппозицин блогера Абдурахманов Тумсо тешна ву, багарбинчу кадыровхойх цхьаъ ца вахана шайн лаамехь аьлла.

"Росгварди декхаре ю Украинехь хила, кхузахь хеттарш дац. Алаудинов, Мамадиев – уьш бехкала бахана нах бу, паччахьаллина уллора дIахилийна, уьш бехказаллин миссица бахийтина бу цига. Амма баккъалла царах цхьамма а ца гайтина шайн лаам", - аьлла Абдурахмановс Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.

Оцу тайпа керла монстраш кхион чIогIа хала хир ду

Цунах тера ойла йовзийтина Кадыров Рамзанан критико Халитов Хьасана а: цунна хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо тIаме хьийсабо "шена мел ца оьшу нах", цхьана хIуманна тIехь бехке берш.

"Алаудинов Аптис цкъа мацах Устрада-ГIалин хиллачу мэраца Темирбаев ИбрахIимца Кадыровн суьртана тIехь беламе забарш йинера – тIаккха Темирбаев машенахь гу тIера чукхоьссина, иза некъан хьовзамехь велла аьлла. Алаудинов а хьийзийна – амма, со ма-кхеттара, цуьнан Москвахь "тIетовжийла" ю. Алаудинов Украинехь вуьйр вац-те аьлла, хьажийна [Кадыровс] цига", - хета Халитовна.

Цо дIахьедира, тIом боьдучу юкъанна хIинца Оьрсийчохь дукха хIуманашна гечдеш ду, цундела гIарбевллачу байъаршца боьзна киллераш, масала, Геремеев, Мамадиев санна, хIинца ца кхоьру ма-варра видео тIехь гучувала.

"Оьрсийчохь маьрша хан йолуш а и нах шек боцуш бехара, массарна хаьара уьш мичахь бу а, хIун лелош бу а. Уьш ларбина, царна тIера бехктакхаман гIуллакхаш дIадаьхна. Ткъа хIинца муххале оцу хIумма а доцучу хIуманашна тIе тидам бохуьйтуш стаг хир вац. Кхиндерг ду, Кадыровна уггаре чIогIа уллора нах, Патриот санна (Висмурадов Абузайд, Нохчийчоьнан вице-премьер. – ред.), кхинберш а – иштта шена муьтIахь болу, цIийца шена декхаре болу нах Кадыров цига ца бахийта гIерта. Оцу тайпа керла монстраш кхион чIогIа хала хир ду", - аьлла Халитовс.

Нохчийчоьнан куьйгалло тIом таIзар санна лелабо

Цунна хетарехь, тIамах шена са лоьхучийн декъехь ву пачхьалкхан думан депутат Делимханов Адам. Цхьана агIор, цунна лаьа Нохчийчохь гIараяьлла Оьрсийчоьнан турпалхочун мидал яккха, вуьшта – Кадыровс ша кхочушдан а лууш, амма кхераро чекхдаккха ца вуьтуш долу хIуманаш кхочушдо, Делимхановх пайда а оьцуш, боху оппозионера.

Кавказ.Реалиига Абдурахманов Тумсос ма-дийцара, эскархой боцурш а, Нохчийчохь Украине дIабуьгу ницкъахошца цхьанне агIор боьзна боцурш а. Масала, дIакхайкхаран хан а кхаьчна, амма армех чекх ца бевлла кегийрхой военкомато луларчу махка хьийсош меттигаш евза цунна. Иштта цо дийцина, низамца а доцуш дIалецна Нохчийчуьра бахархой, чубоьхкина хилларш, йа хан текхна а бевлла тидамехь латтош хилларш Украине хьийсорах лаьцна.

Цул сов, Нохчийчоьнан куьйгалло тIом таIзар санна лелабо – Охан-беттан 7-хь Халитов Хьасана хаамбира, шен ваша ницкъаха Украине вигина хилар. Блогерна хетарехь, иза дина цо сих-сиха тIамехь беллачу ницкъахой суьрташ чу а кхуьссуш, царах "утилизаци" йина президент Путина "цкъа пайдаоьцу" эскархой бахарна.

"Ваша цига дIа а вигина, цуьнца видеош яьхна, цаьрца суна Iиттарш йан гIерта уьш – хьажал, хьан ваша вахана, ткъа ахь критика йо бохуш. Цара иза цигахь вен а мега, юха эр ду Оьрсийчоьнна дуьхьа велла. Иштта сийдоцуш бу уьш", - бохура оцу хенахь Халитовс Кавказ.Реалиица къамел деш.

Ши де даьлча нохчийн Iедалехьа йолчу пабликаша видео арахийцира тIехь Халитов Рамзан волуш, блогеран ваша. 100 стаг юкъахь волу тобанан командир хIоттийна иза – ЧГТРК "Грозный" телеканалана еллачу интервьюхь цо олу ша "Делан дуьхьа" тIаме воьдуш ву, иштта "Туркойчохь хиънаIашверг" сийсазвеш, дIахьедарш до цо. Халитов Рамзанна тIехьа гуш бу тIеман барзакъ доьхна, тIоьрмигаш лаьцна "шайн лаамернаш", царна тIехьа Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а байракхашца автобусаш ю.

***

  • Охан-беттан 11-гIа де – буьззинчу барамехь Оьрсийчоь Украине чугIоьртина 47-гIа де ду. Австрин канцлер Нехаммер Карл Оьрсийчоьнан Украинана а юккъехь диалог нисъян меттигаш бийца а, Украинехь деш долу тIеман зуламаш дийца а оршот-дийнахь Москва а веана Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьанакхетар ву. Спутникера даьхначу суьрташ тIехь гуш ю оьрсийн тIеман техникан йоккха тоба, Изюм гIала йоьдуш ю иза. ТIом болабелча Украинехь 177 бер делла, 336-нна чевнаш йина. И хаамаш Украинан Коьртачу прокуратуро бина. ООН-о чоьхьа беха меттиг хийциначийн терахьан барам 7,1 миллион стаге кхаччалц хьаладаьккхина. Хьалхо организацино церан терахь 6,5 тIера 6,7 миллион стаге кхаччалц ду бохура.
  • Украинехь тIом болабелча кадыровхой " ТикТок эскархой " санна гIарбевлира – тIеман эксперташна, тешашна хетарехь, нохчийн салтий Оьрсийчоьно дIалецначу латтанаш тIехь бу. Цара цигахь йохийначу хIусамашна тIе герз детташ, маьрша нах "кIелхьарабохуш" ,видеош йоху. Кадыров Рамзанан ден цIарахчу фондера гуманитаран гIо ду бохуш, цкъа мацах дIасадекънера лечкъийна украинхойн сурсаташ .
  • Зазадокху-беттан 4-чуьра схьа дуьйна шен телеграм-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 26-зз дIахьедира, оьрсийн эскархоша а, иштта Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министарллан полкан дакъоша а, Росгвардино а юкъаерзийна украинхойн Мариуполь кест схьайоккхур ю аьлла . Дукха кадыровхоша Мариуполехь яьхна видеош оьрсийн дозанна уггара йистехь йолчу гIалин цхьана кIоштахь яьхна ю . Дийцарехь, кадыровхоша кхиамца меттигаш дIалоьцучу операцех лаьцна йохучу дукхахайолчу видеош тIехь кадыровхой бу Казачество скверан дозана тIехь.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG