ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iазап лайна ша аьлла дIахьединчу нохчочунна тховкIело ца елла Швецино


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Швецин миграцин Iедал реза ца хилла нохчочунна Ш. Артурана мухIажаран статус йала (карарчу хенахь цуьнан кхерамазалла ларъярхьама цуьнан фамили ца йоккху). Оьрсийчу депортаци йан мега цунна, цигахь цунна кхерам лаьтта, дIахьедо бакъоларъярхоша.

Швецехь йолчу нохчийн бакъларъяаран "Вайфонд" организацехь Кавказ.Реалиига дийцира, Ш. Артуран аьтто баьлла, ша ницкъахоша Iазапехь латтош хиллачу Нохчийчуьра вада.

"Тхан хаамашца, низам лардаран органашца воьзна волчу питанчаца юкъаметтиг лелийна хилла цо Нохчийчохь, ишттачух "крот" олу. Артурана бехканна дуьллу цо дина къамелаш, йозанаш, амма баккъала а зуламаш цо ца дина. Низамхоша бакъо йоцуш дIа а лаьцна, Iазапехь латтийнера иза – оцу хенахь иза реза ца хилира кхечу наханна а, шена а дуьхьала кийтарлонаш йала. Iаламате хиламца аьтто баьлла Артуран эмиграци йан", - дийцина бакъоларъярхоша.

Цара бахарехь, оцу хенахь Швеци дIаваха йиш хилла мигрантан вешин а – мухIажаран статус елла цунна. Артурана и статус ца елира, хIунда аьлча миграцин сервисан векалш шеконехь хиллера, латкъам бинчунна шена дина Iазап ма-дарра дагадогIуш ца хиларна, цундела цуьнан дийцар кIезиг тешам болуш лерина цара. Амма ЦIен жаIаран векалша таллар а дина, кехаташка дехира мухIажаран дегIанна тIера, къаьсттина коьрта тIера моьнаш, ницкъбаран лараш хила мега уьш.

"Цкъа-делахь, Артурана коьртаха хIума йиттина, иэсаца кхачамбацарш ду цуьнан, шолгIа-делахь, кегийра долу хIуманаш дицдаро гойту и дийцар шегара доций а, иза ша чекхваьлларг дуйла – иза фейке дийцар хилча, цо кегийра хIуманаш шен дагара дийцина боху проблема хир яцара", - билгалдоккху "Вайфондехь".

ДIалаьцнарг хIинца депортацин набахтехь ву Оьрсийчу дIахьажон кечвеш.

  • Стигалкъекъа-беттан 4-хь Румынин Лакхарчу кассацин кхело юхатеттина нохчо Гериханова Амина Оьрсийчоьне дIалуш бинчу сацамна дина арз. ТIаьххьара масех шарахь ша яьхначу Украинера жимачу шен кIантаца дIалецира иза. Оьрсийчохь иза Интерполан системехула лехамашка елла терроризмаца йоьзна ю аьлла бехке еш.
  • Оьрсийчоьнан орзаца Украинерчу тIамах ведда хилла 30 шо долу дагестанхо Забагиров Мохьмад дIалецира Польшехь. ХIинца № 4 йолчу Москварчу "Медведь" СИЗО-хь ву иза. Стенна бехкевеш ву иза хIинца а хууш дац.
  • Украинера бевддачу мухIажаршкахь Къилбаседа Кавказера схьабевлларш бу – царах цхьахберш Оьрсийчоьно хьалхо Интерполан системехула лехамашка беллера харц диллина бекхтакхаман гIуллакхашкахула. Оьрсийчоьне кара дIабала мега уьш, цигахь церан дахаршна кхерам лаьтта. Кавказерчу мухIажаршна гIо даран шатайпаналлах лаьцна, иштта Оьрсийчу дIахьовсийча царах хIун хир ду дийцина Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциаци йиллинчех цхьамма Садулаева Аминас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG