ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iазапашна тIехула чуеллачу искех Оьрсийчоьнера €3,5 миллион даьккхина ЕСПЧ-кхело 


Лелийначу къизаллашна а, адамалла йоцчу хьелашкахь набахтехь латторна а дуьхьал 2015-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц Оьрсийчоьнан Iедалхошкара 3,5 миллион евро аьрзнаш чукхачийначарна дIакхачон сацамбина Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Оьрсийчоьнан 46 регионера кхаьчна оцу кепара латкъамаш Европан кхелан инстанци.

Искаш а, ахчанан барам а дукха болчу пхеа лидершлахь ю - Нижегородскан а, Костроман а, Ленинградан а, Свердовскан а кIошташ, ишта Забайкальск-мохк а.

Кху деношкахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело 500 эзар евро кхачийра 17 Оьрсийчоьнан вахархочунна, бакъоларъяран органийн белхахоша церан бакъонаш хьешарна а, гIуллакх луьстучу заманчохь харцонаш лелорна а.

  • 2010-чу шарахь тоьпаш тоьхна вийначу ГIалгIайчуьрчу вахархочун Цечоев Гиланин доьзалехьа сацам бина Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ). Цуьнан вахаран бакъо йохийна хилар тIечIагIдинчу кхело вийначун доьзална 20 эзар евро компенсаци хIоттийна, хаамбина "Правовая инициатива" проекто (арахьарчу агентийн тептаре яьккхина проект - редакцин билгалдаккхар.).
  • 2010-чу шарахь Дагестанехь вайначу ГIалгIайчуьрчу вахархочун Хутиев Мухьаммадан гергарчарна 60 эзар евро компенсаци ялар тIедожийна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело тахана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG