ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iазапийн архив: бакъоларйархо – Нохчийчуьра тIамах, депортацих, Кадыровх а


Нохчийчуьра арайолучу автобуса хуьйшучу нахах хьожуш ву оьрсийн салти
1994-чу шеран гIуран-беттан 24 де
Нохчийчуьра арайолучу автобуса хуьйшучу нахах хьожуш ву оьрсийн салти 1994-чу шеран гIуран-беттан 24 де

"Европан машаран цIа" йукъараллин куьйгалхо Гашаева Зайнап – башхачу видеархиван цхьахйолу автор йу. 400 сов кассета йу цуьнгахь Нохчийчохь федералан эскарша лелийначу зуламех йуьзна. Махкахь ши тIом боьдучу заманчохь оьрсийн наношца салтий кIелхьарабохура цо, дийцарш дора оьрсийн инарлашца а, Орсийчоьнехьа волчу регионан куьйгалхочуьнца Кадыров Ахьмадца а, иштта кхин дIа а. Камераца дIайаздора цо тIом бирзинчул тIаьхьа долу дахар. Бакъоларйархочо бIе сов сахьтехь документалан тоьшаллаш гулдина "зачисткех", нах лечкъорах а, байарх а.

ХIунда декхаре хилира иза Оьрсийчоьно Нохчийчохь лелочу зуламех лаьцна дийца, и кризис малхбузехь пачхьалкхан "чоьхьара гIуллакх" ду аьлла, стенна дитира, иштта Кадыров-воккхаха волчуьнца хиллачу цхьанакхетарех а дийцира Гашаева Зайнапа Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь.

Гашаева Зайнап
Гашаева Зайнап

Билгалдаккхар: Гашаева дуьненчу йаьлла 1953-чу шарахь Казахстанехь, цига хьовсийна бара цуьнан нах. 1995-чу шарахь Москвара Кремлана тIера Нохчийчу кхаччалц дIайаьхьна маршонан марш вовшахтуьйхира цо. 1977-чу шарахь "ТIеман йилбазмохь" организаци кхоьллира цо. 2000-чу шерийн йуьххьехь оьрсийн эскархоша бехкейира иза террорхошца уьйраш йу аьлла, декхаре хилира пачхьалкхера дIайаха, Швейцарихь тховкIело а луш Бакъоларйарехь доккха дакъа лацарна Швейцарин маршонехьа а, адамийн бакъонашкахьа а совгIат а, иштта Лев Копелевн а, Сомацци Идин а цIарах совгIаташ а дира цунна. 2005-чу шарахь режиссеро Бергкраут Эрика цунах лаьцна документалан кино йаьккхира "Кхокха: Нохчийчуьра Кхокха" аьлла. Жима йолуш ишта йоккхура дас-нанас цуьнан цIе.


– Дуккха а шераш ду хьо бакъоларйархо йолу. Муха кхечира хьо цу балха?

– Хьалхара тIом балале дукха хан йоццуш тхан доьзал Москва дIабахара. Телехьожийлехь цхьаъ бен доцчу тхан 16-зза тIекIелдинчу цIенна бомбанаш йетташ гича, йухайан ойла хьоьвзира сан.

Оьрсийчоь тапъаьлла Iара, СемаIашкахь хилларг хIинца а хууш дац

Аккредитаци йолуш журналисташ дацара тхо, организаци цхьанна а башха йевзаш а йацара, амма со кхийтира, со декхаре йу цара тхан лаьтта тIехь лелориг а, и дерриг гучийн тоьшаллаш а дIайаздан аьлла. 1995-чу шарахь СемаIашкахь хиллачо хьалхатеттира со. ГIалгIайчоьнца дозанехь оцу деношкахь лаьтташ йара со кхечу жигархошца, тхуна схьахезара дуккха а нах къизаллица цара байарх, Iадийнера тхо. "Общая газетера" Чайкова Надица дIайазбира оха уьш, гIалгIайн телехьожийле даьхкира тхо, инзаре и тоьшаллаш цара Iорадехира тхан массарчул а хьалха. Оьрсийчоь тапъаьлла Iара, СемаIашкахь хилларг хIинца а хууш дац дуккхаъчарна.

– Хуьлуш долчух дийца а, хаийта, дIайаздан а хьуо декхарийлахь йу аьлла, хIунда хийтира хьуна?

– Со Казахстанехь йина, депортацихь. Тхан доьзал Нохчийчу йухабеара, сан 13 шо долчу хенахь. Дас-нанас дегаза дуьйцура оцу шайн а, сан къоман а дахаран агIонех. Ша депортаци а советан хенахь йийца йиш йоцуш йара. Ларамза сайн дас-нанас дечу къамелашкахула хиира суна, сан дай баьхначу Хьайбахахь НКВД-но нохчий багорах. Царна депортаци йан ца кхиинера. Сан ден агIор 26 стаг а хиллера царлахь.

Цундела, тIом баьлча, ойла йира аса: тIаьхьарчу тIаьхьенна дерриг а айса Iалашдан деза, бах-бахарехь а доцуш, и сурт гинчеран дийцаршца царна бакъдерг довзийта.

Суьрташ доху аппарт а, камера а ийцира аса, СемаIашкахь нах байина масех де даьлча цига даьхкира тхо. Тахана а сан бIаьргашна хьлаха лаьтта суна гина дакъа: лаьттахь Iуьллура стаг, цуьнан кийрара схьадаьккхина дог цуьнан некха тIехь дара. Тхуна дIоггара хIума а ца хаьара, дуьххьарлера кадраш дIа ца йазделлера, меттигерчу цхьана кIанте дехар дира оха, камера муха лелон йеза дийцахьара аьлла.

Ши тIом боьдучу шерашкахь бакъоларйархошца Газиева Фатимица а, Юнусова Тоитица а йоккха видеоархив гулйира оха, Оьрсийчоьно Нохчийчохь лелочух. Харц-бакъ аьтто хилира тхан и кассеташ Малхбузе дехьайаха, дуьненна а бакъдерг дIадовзийта. Европан ортодоксан миссишкахула, бакъоларйархочуьнгахула Миронов Андрейгахула арайехира оха уьш, цкъацкъа бевзаш боцчу нехан гIоьнца а. Карарчу хенахь и архив швейцархойн банкехь йу. Со теша, цкъа мацца а дуьненайукъарчу кхело уьш дIайоьхур йу аьлла, Москвано динчу тIеман зуламийн тоьшаллаш санна. Цул совнах, оха гIо дира оьрсийн наношна церан байна кIентий лохуш.

– Ала дашна, оьрсийн а, нохчийн а нанойн тIеман хенахь цхьаьнакхнетарх… Хьуна хетарехь, тахана хила йиш йоцург хIунда ду и? ХIунда ца хеза тахана салтийн нанойн комитетийн балхах лаьцна, хIетахь 1990-чу шерашкахь чIогIа жигара уьш хиллехь а?

– Гой хьуна, тIаьххьарчу шерашкахь оьрсийн пропагандо йаржош йолу гамо хIетахь йацара. Мискачу нахана хаьара, мохк дIабаккха, харцонца Москвано болийна и тIом буйла. Нохчийн могIарерчу салташка мел цабезам хиллехь а, царех цкъацкъа къа хетара. Оха 70 сов кIант кIелхьараваьккхира, инзаре хьелашкахь шаьш латторна оцу дакъошкара бевддера уьш. Нохчийн зударша лачкъийна латтийра уьш.

1990-чу шерашкахь нанойн йозуш йоцу комитеташ а, кхинйолу бакъоларйаран организацеш а йара, цара тIаме хьийсочуьра кIелхьарабохура салтий. Танкашна дуьхьалбийла ца кхоьрура наной, лаккхарчу даржашкара инарлашка шайн берийн бакъонаш Iалашйар тIедожадора цара. Цхьана дийнахь иштта цхьа хIума нисделира, йоллу пачхьалкхехула машаран марш йира оха. Республике схьакхаьчча тхуна го бира масех БТР-ро, зуламхой тхо долуш санна голаш тIехь латтийра тхо лаьттахь. Цхьа а кхера ца велира, зударий, мелхо а, оьрсийн зударий эргIад оьхура: тхуна тIе герз стенна хьежадо бохуш? Шу Iалашдан даьхкина ма ду тхо бехира.

Таханалерачу Оьрсийчохь и тайпаниг хир дара олийла а дац. ХIинцалерачу оьрсийн нанойн майралла хIунда йац, кIентий кIелхьарабаха? И чIогIа чолхе а, кIорге а хаттар ду.

– Чиллин-беттан 24-чуьра схьа дуьйна масийттазза йийцина Украинерчу а, Нохчийчохь хиллачу а тIемашна йукъарчу башхаллех. Хьуна хетарехь, хIетахь Ичкерина тIе хIунда ца тайра дуьне?

– Цу шерашкахь со дукха Европе листира, политикашца цхьанакхетарш хуьлура, Бундестагехь, лордийн палатехь къамел дора аса лекхачу трибунаш тIера. Европера бакъоларйархой тхоьгахьа хуьлура, уьш реза бацара империно жимачу къомана дуьхьал тIом баккхарна, цигахь йоккха харцо гора царна. Амма Европера политикаша кхечу кепара тIеоьцура и дерриг а.

Цкъа Европан Кхеташонан куьйгаллица цхьаьнакхетар дIахьочу хенахь, цхьа дош а ца олуьйтуш, цхьана хьаькамо куьйг айдира, тIаккха дIахьедира цо: Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бан арми йац сан! Оха салтий ца боьхура, йа герз а, гIентара хьала а гIаттий цхьаъ де бохура, нохчийн хIаллакбар сацадайта.

Оьрсийн мехкадаьттан а, газан а дуьхьал цара тхо къиза дайда дитинера

Боллу европахойн политикаша массара а бохург санна цхьаъ олура: тхан Орсийчоьнца экономикан интересаш йу, и Москван чоьхьара гIуллакх ду. Оьрсийн мехкадаьттан а, газан а дуьхьал цара тхо къиза дайда дитинера.

– 2000-чу шерийн йуьххьехь ООН-хь кхеташо йоьдучу заманчохь хьан къамел хиллий хаьа суна Кадыров Ахьмадца. Дийцахьа оцу цхьаьанкхетарх лаций.

– 1990-чу шерашкахь масийттазза цхьаьнакхийтира тхойша. ХIетахь, цуьнан, Ичкерин муфтийн, офис йара Минтука олучу майданан кIоштахь. Цкъа цига дахара тхо, оцу кабинет чохь хилла йийбар – стол а, ши гIант а, кхин хIуммаъ а дацара. ХIетахь таро йара тхан, гIоьналлин организацешкахула масех офисан йийбаран комплект йелира оха цунна.

2003-чу шарахь, "харжамаш" хиллачул тIаьхьа Кадыров вистхуьлуш вара ООН-н адамийн бакъонашкахула йолчу сессихь. Со нохчо йуй хиъча, тIе а веана, хаьттира цо, кхул а хьалха вай стенахь гина аьлла. Дагадаийтира аса стол а, гIанташ а даларх. ТIаккха къамел хилира тхан дукха хан йоццуш хиллачу харжамех. ЛартIахь хIиттийна харжамаш бацара уьш элира аса, хIунда аьлча, федералхойн автоматашна бухахь кхаьжнаш тийсира аьлла. Со суо йара цуьнан теш. Цо дерзийра: "ХIетте а вай дан ма дира и" аьлла.

Соьлжа-ГIаларчу нах бехачу цIенна тIетоьхна ду Путин Аладимира Кадыров Рамзанна орден луш даьккхина сурт. 2005-чу шеран лахьанан-беттан 8-гIа
Соьлжа-ГIаларчу нах бехачу цIенна тIетоьхна ду Путин Аладимира Кадыров Рамзанна орден луш даьккхина сурт. 2005-чу шеран лахьанан-беттан 8-гIа

ООН-ехь вистхуьлуш, Кадыровс кхайкхамбира масаьрга а Нохчийчу а дуьйлий, цигахь хIун ду хьовса аьлла. Гуш дара, Ичкерин агIонча а лаьттина, Москвагахьа ваьллачу цунна башха атта дацара. Шен къамел дерзийра цо: кху чохь сан махкахо а йу, иза а йола аьлла. Со Европехь йеха дуккха а хан йу аьлла хеттачух тера дара цунна, ишта дацара и. Цул тIаьхьа дуккха а шераш девлча йеара со Швейцари.

Зал чуьра аравелира Кадыров, ша вистхилла ваьлча. Оцу сохьата хьала а лилхина цунна тIаьхьа хьоьвдира иттех хадархо. Цо тIаьххьара аьллачу дешнашна чIогIа оьгIазйаханера цо, сихха цуьнга цунах лаьцна йистхила лиира суна. Дийцира аса, Нохчийчохь тIом болабелча Москвара цIайарах а, дуккха а шерашкахь бакъоларйархочун болх айса беш хиларх а. Дера тIеийцира со сан дешнаш: хьо бакъоларйархо йелахь, дийцахьа, сан молланаш муха бойу. Хуьлучу дерриг а айса дийцарх хаийтира аса, ама къаьсттина дукха зуламаш оьрсийн эскархоша леладо аьлла. ТIаккха уьш сийсазбан волавелира иза: "Дала хIаллакбойла уьш, мила вара цаьрга кхойкхуш…". Оцу тIехь тхо дIасакъаьстира.

Кеп-кепара тIеоьцийла ду иза а, цуьнан харжамаш а. Амма цуьнца къамел дан йиш йара, дикка ладугIура цо, и бакъ до цуьнан оппоненташа а цхьаьна.

– Йуъадоьрзур вай нохчийн архиве. Бучера сурт гучудаьлча, хьуна гирий СемаIашкаца а, кхинйолчу метиигашца а цуьнан цхьаьнадар?

Буча, 2022-чу шеран оханан-беттан 2-гIа де
Буча, 2022-чу шеран оханан-беттан 2-гIа де

Дера гира! 30 шарна суо кIегар йахча санна хийтира – изза хатI дара. Кхин цхьа хIума а дуьйцур ду аса, сан иэсера дIа ца долу и. Серноводскехь дара и. Курорт йолчу оцу эвлана шаьш кхин тохарш дийр дац аьллера эскархоша, амма сатосуш тIелетира цунна.

Газиева Фатимица а, Юнусова Тоитица а, тохарш дина дукха хан йалале,цига дахара тхо. Урамашкахула лелаш танкаш а, БТР-ш а йара, оьрсий болчахь камера хьала ца йаккха хьовсура тхо, цо дарбора уьш. Маьждигна тIекхеттера цхьа хIоъ-молха. Цунна тIехдовлучу тхуна зудчун узам хезира, цу чу дахара тхо. Лаьттахь Iуьллуш ворхI дерриг а даьгна дакъа дара. Уллохь – ши зуда, хIора дакъана тIе а йоьдуш, уьш харца а хорцуш, церан йаххьашка хьоьжура иза, вукхо дIайахийта вайша бохура цуьнга. ТIаьхьа хиира, шен кIант лоьхуш хиллера и цхьаъ, букъа тIерачу тIедаца иза вевзар ву шена бохуш. Вовзийла дацара. Массаьрга хьоьжуш иза чекхйаьлча, цхьа а шена ца вевзича, адаман кIурзах дуьзна шен куьйгаш хьала а айдина, байинчаьрга а хьаьжна, элира цо: "Шу массерана а нана йу со!" Ирча сурт дара и. Оха болх бора, иштта дийна тоьшаллаш дIахаийта, и тхан декхар дара.

ТIаьхьо хиира, цуьнан кIант а цу маьждигехь велла хиллера – цунна тIейеттачу хенахь тховх хилла цхьа аьчган балка тIейоьжна, корта баьккхина хиллера цуьнан. Иза а вовзийла дацара.

Соьлжа-ГIала, 1995 шо
Соьлжа-ГIала, 1995 шо

– Хьо хилла-кх бакъонан гIо латтош йерг нохчийн мухIажарна Батаев Iелина, Швейцарин Iедалхой бу-кх уьш Оьрсийчоьне дIавала хьийзаш. Хьуна хетарехь, Украинехь тIом баьлча а, Москвано дуьненайукъаран низамаш талхошшехь, Евроберто депортацин политика хIунда лелайо-те?

– Европера машаран цIийнан цхьахйолу Iалашо йу – йукъаралла а, Европан Iедалхой а кхетор: нохчашна депортаци йар нийса а дац, зуламе а ду. Бюрократин дозанаш бахьана долуш бертаза Оьрсийчоьне дIалуш болу нах, уьш къизачу хьелашка нисло, царна ницкъбо.

Гой хьуна, кху деношкахь кадырохвоша тIамтIе вахийтина Закаев Ахьмадан вешин кIант а, кхин а "бехкала бахна" нохчий а. Республикера мухIажаршна депортаци йеш, европахойн политикаша Путинан режим къобалйо, хIунда аьлча, украинхошна дуьхьал нуьцкъаша тIом бан хьийсор ма бу уьш.

Кхузахь доккха дакъалаьцна оьрсийн пропагандо, шерашкахь доллу дуьненахь нохчочун васт террорхочун, тIемалочун санна гойтура цара. И бакъ ма дац, амма йаьржинчу исламофобина йуккъехь и стереотип йисси-кх.

– Делахь а Европера нохчийн диаспорера хьал тахана аттачухь дац. Масех вовшашца конфликташкахь йолу вовшахтохараллаш кхоьллина, вовшашна бехкаш дохку. ХIетте а, мухIажарийн доккхаха долу дакъа диаспоран дахарехь дакъалоцуш дац. ХIунда?

– Нохчийчохь хьалхара тIом болабалале нохчийн къам цхьаъ дара моьтту хьуна? ТIамо а, йукъарчу мостагIна дуьхьал латтаро а вовшах эдина тхо. Москваца тIемаш беш цхьа мифан террорхой бацара, Кремлан зорбанаша ма дийццара, доллу къам дара, жимчунна тIера воккхачунна тIекхаччалц.

Ма-дарра дийцича, Европе сехьабевллачу дуккхаъчу нохчашна йукъахь ламасташ а, вовошашца уьйраш а ларйеш йу. ХIора доьзалехь ненан мотт хаьа берашна. Велларг а дукха хьолахь махкахь дIаволла хьовсу, кхузахь лаьтте ца кховдош, веллачул тIаьхьа мукъна а шен даймахкахь хилийта.

Ахьа йуьйцучу тенденцин цхьа бааьана – Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн болх бу. Шайн къайлахчу агенташкахула диапора йохайо цара, лидерийн вовшашлахь девнаш доху, йа шайн агIор боху. Кремл а, къайлаха сервисаш а жигара къахьоьгуш йу атомизаци йаржон гIерташ, нохчийн барт эгIийна ца йаш, йоллу къаьмнийн йозуш йоцчу боламашна йукъахь а мостагIалла хилийта.

Дуккха а шерашкахь диаспорин йукъараллера дахар жигара дацара. Иза гIаттийна Украинехь тIом болийначул тIаьхьа. Таханалерачу дийнахь цигахь масех нохчийн дакъа ду тIемаш беш, кегийрхоша активизм лелайо, митингаш, пикеташ хIиттош, нохчийн медиаш чIагIйо. Йуха а дегайовхо кхоллайелла диаспоран цIа гIура ду аьлла. Теша лаьар-кх, Европера машаран цIийнах а цхьа майда хир ю, эмиграцихь беха нах цхьаьнатухуш аьлла.

***

Австрера а, Германира а, Швецера а векалташна хьалха митингаш хIиттийра нохчийн диаспоран векалша Батаев Iела Оьрсийчоьне дIаваларна дуьхьал. Цуьнан гIуллакхца боьзна кхерамаш бу, Украинехь вехачу заманчохь Ичкерин агIончех вовшахтоьхначу батальонашкахьа иза хилар. 40 шо долу Батаев Iела дуккха а шерашкахь Украинехь ваьхна, шайн пачхьалкхехь ваха бакъо а йеллера цунна. Амма Украинехь тIом болийча Европе дехьавала дийзира цуьнан. 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Швейцарин Iедалхоша лецира иза, хIетахь дуьйна депортацин центрехь ву. Товбеца-бутт йуккъе баьллачу хенахь мацалла кхайкхийра цо 30 денна, и бахьанехь могушалла телхира цуьнан.

Нохчийчуьра хььалхара тIом бирзина 1996-чу шеран мангал-беттан 30-чу дийнахь дагестанхойн Хасав-Йуьртахь, цигахь тIом сацош куьйгаш йаздира. Ткъа I197-чу шеран стигалкъекъа-беттан 12-чохь Москвахь куьйгаш йаздира машаран а, Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнан Ичкерия республикана а йукъахь уьйраш лелоран бертана. 1996-чу шеран гIуран-баттахь Нохчийчуьра арадехира доллу оьрсийн эскарш.

"Мемориалан" а, "Ковалев Сергейн тобанан а" лараршца Соьлжа-ГIалахь 1994-чу шарера схьа 1995-чу шеран зазадокху-батте кхаччалц схьа байина 25 эзарна тIера 29 эзарна тIе кхаччалц гIалин бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG