ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь къайлаха дуьхьало кечъеш хиларх дIахьедина Ичкерин агIончаша


Шейх Мансуран цIарах йолу нохчий батальон. Архивера сурт
Шейх Мансуран цIарах йолу нохчий батальон. Архивера сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан рожна а дуьхьал джихIад кхайкхийна къобалъязчу Ичкерин агIончаша – цунах лаьцна дуьйцу социалан машанашкахь яржийначу видео тIехь. Де хьалха Нохчийчоьнан бахархошлахь къайлаха болам кечбарх лаьцна дIахьедира Ичкерин хиллачу президентан кIанта Масхадов Анзора а, Шейх Мансуран цIарах йолчу, Украинан агIо лаьцна тIом беш йолчу нохчийн батальонан спикеро Белокиев Ислама а. Цара бахарехь, оцу кечаман Iалашо – "Ичкери оккупацих мукъаяккхар а, маьрша хилийтар а".

Видео тIехь туьтмIаьжгашца яххьаш дIа а хьулйина, тIеман барзакъ доьхначу вевзаш воцчу шина стага Нохчийн республикан байракх ягайо. Цара дIахьедо, джихIад дIакхайкхийначу минотехь дуьйна республикехь болх беш къайлаха болам хир бу – цуьнан агIончаш, дийцарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллорчу гонехь а бу.

Цул масех де хьалха "Мысли Ислама" ютуб-каналан автор волчу Шейх Мансуран цIарахчу батальонан спикеро карта гайтира, цу тIехь Нохчийчоь кхаа фронте (Къилбаседан, Централан, Къилбан), 16 секторе а екъна яра – Белокиевс бахарехь, оцу хIора секторехь меттигерчу нахаца болх болийна, нохчийн ницкъахойх, церан болу меттигех, герзах лаьцна информаци а гулъеш. "Белсат" каналан эфирехь иза тIечIагIдина Ичкерин хиллачу президентан кIанта Масхадов Анзора.

"ТIамехь шен-шен къайленаш хуьлу, уьш дIайийца ца мега. Белокиевс аьллачул сов сан ала йиш яц, бакъо яц. ХIаъ, оха вовшашца къамелаш до, дагадуьйлу, хууш ду, бахархошца беш вуно чIогIа болх хилар", - аьлла Масхадовс.

И хаам Кавказ.Реалиина тIечIагIбина батальонан хаамийн сервисан куьйгалхочо Чеченский Богдана. Цо бахарехь, Ичкерин агIончаша Нохчийчохь болх бина а ца Iаш, Европерчу ерриг диаспорица болх бо.

"Оьрсийчоьно оккупаци йина йолу Ичкери кIелхьараяккхаран хаттар кхочушдарехь тхо масех этапах чекхдовла дагахь ду. Дуьххьара коьртачу кхааннах лаьцна олу аса: Украинан толам, хир болчу хийцамашна нохчийн къам кечдар, таханлерчу хьелашкахь тIом бан а хууш, тоъал герз карахь долу Нохчийн Маршонан Эскар кхоллар а", - дIахьедина спикеро.

Цо билгалдаьккхина, къам кечдар чекхдаьлла, ткъа эскар кхоллар чакхенга доьрзуш ду. Ичкерин агIончийн билггал йолчу Iалашонех лаьцна хууш дац, амма Чеченский Богдана бакъ ца до Нохчийчохь цхьа тIеман тийсадаларш хирг хилар.

"Тхо хIокху минотехь, цхьа а ойла ца еш, Ичкери чу а дахана, кхозлагIа тхан къам ша шозза лайна йолчу оцу тIеман инзаречу эрчаллина кIел кхуссур ду моьттуш волу стаг галваьлла ву. Тхан хIора гIулч ойла а йина, политикаца а, кхетамца а йогIуш хир ю", - аьлла цо.

  • Украинхойн парламенте проект кховдийна къобалъяза йолу Нохчийчоьнан Ичкерия республика тIелоцуш сацам байта. Бутт хьалха Гончаренко Алексейс Украинан парламенте проект кховдийра, 1763-чу а, 1864-чу шерашкахь Кавказан тIом боьдучу хенахь лелийна чергазойн (адыгийн) геноцид къобалъяр доьхуш, цул хьалха Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн кхеташонехь кхайкхамбира Гончаренкос, Къилбаседа Кавказан къаьмнаш маьршадаха аьлла. Цунна хетарехь, XIX-чу а, XX-чу а бIешерашкахь а санана, регионехь империн политика лелош схьайогIу Оьрсийчоь.
  • ТIеман жихIад – исламан терминологехь Делан некъа тIехь дин къовсуш тIом бар ду. КъорIанца а догIуш, кхерамна бухехь нисвеллачу хIора бусулбачо дин лардарехь къа хьега деза, цунна ца кхоош шен рицкъ а, ницкъ а. Кхерам белахь джихIадо динан мостагIашна дуьхьал тIаме гIатта декхаре во.
  • Дудаев ЖовхIаран а, Шейх Мансуран а цIарах нохчийн лаамхойн батальонаш ю Украинехьа тIемаш беш. Кремло хIоттийначу Кадыров Рамзана Iиттарш йина ца Iаш, хьалхо Украинан Iедалхой а цхьаьна бара царна тIаьхьабевлла- стохка Къоман кхерамзаллин Кхеташоно бIахошна дуьхьал санкцеш ехира.
  • Къобалъязчу Ичкерин векалш, шен коьртехь арахьарчу урхаллин хьалханча Закаев Ахьмад волуш, цхьанакхийтира стигалкъекъа-баттахь Киевехь Украинан Лаккхарчу радан профилан дуьхьалонан комитетан векалшца а, депутатца Гончаренко Алексейца а, Оьрсийчохь магийна йоцчу ГIирмерчу гIезалойн боламан куьйгалхочуьнца Джемилев Мустафаца а, хьаькамашца а, иштта, Украинан ТIеман ницкъийн могIаршкара нохчийн тIемалошца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG