Къобалъянзачу Нохчийн республика Ичкерин президентан Дудаев Джовхаран цIарх урам биллина Киевехь. Иштта сацам бина де хьалха гIалин кхеташонехь.
Официалерчу хаамашца а догIуш, Искровская хилла болчу урамо 1995-чу шеран охан-беттан 21-хь оьрсийн ракетаца Гихчу эвлахь вийна волчу Ичкерин президентан цIе лелор ю хIинца. Украинхойн коьртачу гIалин Соломенскан кIоштахь бу и урам.
Украинехь Дудаевн цIарх дуьххьара урам бац иза, хьалхо цуьнан цIе тиллира Ивано-Франковскера, Львовера, Хмельницкера, Гоше-эвларчу а урамашна. Полтавехь мемориалан у схьадиллира Ичкерин президентана лерина.
Иштта Киеван гIалин Iедалан сацамца Ичкерийская аьлла цIе хийцира Грозненская урамна.
- Дудаевн цIе лелош долу урамаш ган йин ю тахана Босния Герцоговинехь, Литвахь, Латвихь, Эстонехь, Польшехь, Туркойчохь, Урдунехь.
- Хьалхо хаамбора, украинхойн Днепр гIалахь лоьран, шен лаамехь йолчу эскархочун Окуева Аминин цIарх урам боьллург хиларх. Днепран гIалин кхеташонан пресс-сервисехь дийцира цунах лаьцна.