ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ичкерин суверенитет къобалъян проект кховдийна Лакхарчу Раде


Украинхойн парламенте проект кховдийна къобалъяза Нохчийчоьнан Ичкерия республика тIелоцуш сацам байта – цунах лаьцна хаамбина Лакхарчу Радан депутато, "Маьршачу Кавказехьа"депутатийн фракцишна юкъара тоба кхоьллинчу Гончаренко Алексейс.

Проектан авторех волу Украинан халкъан депутат, "маьршачу Кавказехьа" тобанан декъашхо Магомедов Муса а вистхилира.

"Шина тIамехь Оьрсийчоьно яккхий бомбанаш а, артиллерин тохарш а деш хIаллакйина ерриг а аьлча санна Устрада-ГIала а, Соьлжа-ГIала а (Мариуполь а, Северодонецк а, Украинан кхин а иттаннашкахь гIаланаш а санна)… Ичкерин бIахой хIинцале а Украинана гIо деш бу вайн суверенитетехьа Оьрсийчоьнца болчу тIамехь. Цундела ас кхайкхам бо сайн коллегашка катоххий хIара резолюци тIе а эций, Украинан президенте Нохчийн Ичкерия республика йозуш йоцу пачхьалкх хилар къобалде аьлла", - яздина Гончаренкос фейсбукерчу шен агIонехь.

Оцу кепарчу кхайкхамца вистхилира иза иштта Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка а, Европерчу союзан пачхьалкхашка а, кхечу мехкашка а.

Бутт хьалха Гончаренко Алексейс Украинан парламенте проект кховдийра, 1763-чу а, 1864-чу шерашкахь Кавказан тIом боьдучу хенахь лелийна чергазойн (адыгийн) геноцид къобалъяр доьхуш, цул хьалха Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн кхеташонехь кхайкхамбира Гончаренкос, Къилбаседа Кавказан къаьмнаш паргIат даха аьлла. Цунна хетарехь, XIX-чу а, XX-чу а бIешерашкахь а санана, регионехь империн политика лелош схьайогIу Оьрсийчоь.

Мангал-баттахь къобалъязчу Нохчийн Ичкерия республико шен консул хIоттийра Украинехь, оцу омрана куьйгъяздира Ичкерин министрийн кабинетан куьйгалхочо Закаев Ахмада. Консул хIоьттина 43 шо долу Шулипа Юрий – Оьрсийчоьнан а, Украинан а юрист, юкъаралхо. 2014-чу шарера схьа дуьйна Украинехь вехаш ву иза. "Къоман политикан Институтан" дуьненаюкъара ассоциацин коьртехь ву иза. Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь цо дийцира консулан даржехь волчун Iалашонех, Малхбузено гIо лацарх а, Ичкерин агIончаш ВСУ-н агIор тIемаш беш хIунда бу а.

  • "Маьршачу Кавказехьа" депутатийн фракцийн юккъера цхьанакхетаралла официалехь кхоьллира Мангал-беттан 20-чохь куьйгалла дечу партин а, иштта оппозицин а партийн итт депутат юкъахь а волуш. ДIакхайкхийна, тIейогIучу хенахь вовшахтохараллин могIарш шордийр ду аьлла.
  • Къобалъязчу Ичкерин векалш, шен коьртехь арахьарчу урхаллин хьалханча Закаев Ахьмад волуш, цхьанакхийтира Киевехь Украинан Лаккхарчу радан профилан дуьхьалонан комитетан векалшца а, депутатца Гончаренко Алексейца а, Оьрсийчохь магийна йоцчу ГIирмерчу гIезалойн боламан куьйгалхочуьнца Джемилев Мустафаца а, хьаькамашца а, иштта, Украинан ТIеман ницкъийн могIаршкара нохчийн тIемалошца а.
  • Дудаев ЖовхIаран а, Шейх Мансуран а цIарах нохчийн лаамхойн батальонаш ю Украинехьа тIемаш беш. Кремло хIоттийначу Кадыров Рамзана Iиттарш йина ца Iаш, хьалхо Украинан Iедалхой а цхьаьна бара царна тIаьхьабевлла- стохка Къоман кхерамзаллин Кхеташоно бIахошна дуьхьал санкцеш ехира.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо шозза – Зазадокху-беттан яюьххьехь а, Охан-бутт бовш а- кхаъ кхайкхийра украинхойн Дудаев ЖовхIаран а, Шейх Мансуран а цIарахчу батальонийн командираш –Осмаев Адам а, ЧIебирлойн Муслим а - болу меттиг йийцинчунна 500 эзар америкахойн долларшкахь. Цкъачунна нохчийн батальонийн могIаршкахь ямартхой хаабелла бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG