ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ичкерин йозуш цахилар къобалъян лаам хиларх ца ваьшна Кадыров


Нохчийччоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийччоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Нохийчоьнан Ичкери Республика йозуш цахилар чIагIдар доьхуш Украинан Лакхарчу Раде чукховдийна проект беламе ю аьлла мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана. Регионалан куьйгалхочунна хетарехь, Ичкери Малхбузенан проект яра, иза йоцуш ю 2009-чу шарера схьа дуьйна.

"Кехаташ тIехь а ур-атталла яц Ичкери. Иза йоцу дукха а хан ю. ТIехула тIе, 2007-чу шарахь Ичкери дIаяккха, Кавказан Имарат кхолла аьллачу Ичкерин векалша шаьш йохийна а ю. Оцу Малхбузенан проектех дисинарг, цхьа стаг ах стаг юкъахь волу "телефонан парламент" яра, иза а дIасахийцира 2009-чу шарахь", - яздина Кадыровс шен телеграм-каналехь.

Де хьалха фракцешна юккъера "Маьршачу Кавказехьа" депутатийн тоба кхоьллина украинхойн депутат Гончаренко Алексейс а, цуьнан коллегас Магомедов Мусас а Украинан парламенте листа чукховдийра суверенитет къобалъярх проект – нагахь санна, иза тIеэцахь, пачхьалкхан президентана йовзуьйтур йолуш ю.

"Шина тIамехь Оьрсийчоьно яккхий бомбанаш а, артиллерин тохарш а деш хIаллакйина ерриг а аьлча санна Устрада-ГIала а, Соьлжа-ГIала а (Мариуполь а, Северодонецк а, Украинан кхин а иттаннашкахь гIаланаш а санна)… Ичкерин бIахой хIинцале а Украинана гIо деш бу вайн суверенитетехьа Оьрсийчоьнца болчу тIамехь. Цундела ас кхайкхам бо сайн коллегашка катоххий хIара резолюци тIе а эций, Украинан президенте Нохчийн Ичкерия республика йозуш йоцу пачхьалкх хилар къобалде аьлла", - яздинера Гончаренкос фейсбукерчу шен агIонехь.

1991-чу шарахь йозуш йоцу республика хилар дIакхайкхийра Ичкери, цуьнан президент хаьржира Дудаев Джохар. И бахьанехь Къилбаседа Кавказера конфликт дIаяхъелира- республикана тIехь контроль латтор юхадерзо гIертара Оьрсийчоь. Нохчийчохь хьалхара тIом боьдучу хенахь 1994-1996-чу шерашкахь хIинца волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIом бира федералан эскаршна дуьхьал Ичкерин агIор. ШолгIа тIом боьдуш (1999-2009) Оьрсийчоьнехьа велира.

Къобалъяза Ичкери дIайхорах а, Кавказан эмират кхолларх а дIакхайкхийра 2007-чу шеран гурахь.

  • Къобалъязчу Ичкерин векалш, шен коьртехь арахьарчу урхаллин хьалханча Закаев Ахьмад волуш, цхьанакхийтира Стигалкъекъа-баттахь Киевехь Украинан Лаккхарчу радан профилан дуьхьалонан комитетан векалшца а, депутатца Гончаренко Алексейца а, Оьрсийчохь магийна йоцчу ГIирмерчу гIезалойн боламан куьйгалхочуьнца Джемилев Мустафаца а, хьаькамашца а, иштта, Украинан ТIеман ницкъийн могIаршкара нохчийн тIемалошца а.
  • Мангал-баттахь къобалъязчу Нохчийн Ичкерия республико шен консул хIоттийра Украинехь, оцу омрана куьйгъяздира Ичкерин министрийн кабинетан куьйгалхочо Закаев Ахмада. Консул хIоьттина 43 шо долу Шулипа Юрий.
  • Дудаев ЖовхIаран а, Шейх Мансуран а цIарах нохчийн лаамхойн батальонаш ю Украинехьа тIемаш беш. Кремло хIоттийначу Кадыров Рамзана Iиттарш йина ца Iаш, хьалхо Украинан Iедалхой а цхьаьна бара царна тIаьхьабевлла- стохка Къоман кхерамзаллин Кхеташоно бIахошна дуьхьал санкцеш ехира.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо шозза – Зазадокху-беттан яюьххьехь а, Охан-бутт бовш а- кхаъ кхайкхийра украинхойн Дудаев ЖовхIаран а, Шейх Мансуран а цIарахчу батальонийн командираш –Осмаев Адам а, ЧIебирлойн Муслим а - болу меттиг йийцинчунна 500 эзар америкахойн долларшкахь. Цкъачунна нохчийн батальонийн могIаршкахь ямартхой хаабелла бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG