ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иэс эшон гIерта Кадыров: Ичкерин васташца тIом болийна Нохчийчохь


Нохчийн республика Ичкерин байракх
Нохчийн республика Ичкерин байракх

Дечкен-бутт болабелчхьана схьа хаамаш лела Нохчийчухула, берзан васт тIехь долу бедарш, кхийолу хIуманаш кегийчаьргара дIайохуш лела полици, бохуш. Дуьнено тIеэцна йоцчу Ичкерин гербна а, байракхна а тIехь дара берзан сурт. Оцу экхано боккха меттиг дIалоцу нохчийн синкхетамехь, барта кхолларалехь. Борз тIехь йолу хIуманаш нахера дIалехьайе ца боху Нохчийчоьнан цхьана а низамо. Я ерриг Оьрсийчохь а дац Ичкери а, цуьнан битамаш а иэсехь кхабар доьхкуш.

Ичкерин битамаш дIалехьош рейдаш йолорах лаьцна дуьххьара хаийтинчех бу кадыровхошна дуьхьаллаьтта оппозицин болам 1ADAT. Кавказ.Реалиина комментари луш цуьнан векалша дийцира васташ дIалехьор ерриг а республикехула даьржина хиларх лаьцна.

"Нохчийн халкъо берзан васт дузу маршо езарца, цундела кадыровхоша Iалашо юьхьарлаьцна кегийрхошкара маршонах болу хьогам дIахьаша. Царна ца оьшу маьрша нах, лай беза царна", – боху 1АДАТ-хоша.

Багахь бина бехкам

1991 шеран Лахьан-беттан 2-чу дийнахь Нохчийчоьнан Республикан парламенто шен №7 сацамца тIечIагIйира мехкан байракх. Цуьнан шолгIачу вариантехь яра борз а исс седа-тукхам а.

"Маугли" чуьрчу Акелех тарйира тхан нанас борз, дас еъначу эскиз тIерачул а иза буьрса гойтуш

"1990 шарахь Дудаев ЖовхIар цIавеара Голландера, пачхьалкх йоцчу къаьмнийн гуламера, нохчийн байракхан а, гербан а эскизаш а йохьуш: ис седа (тайпанийн тукхамаш), борз а яра малха кIел Iуьллуш. Дудаева Аллас (Дудаев ЖовхIаран цIийннана – Ред.) и эскиз карлаяьккхира вайна тахана девзачу суьртахь. "Маугли" чуьрчу Акелех тарйира тхан нанас борз, дас еъначу эскиз тIерачул а иза буьрса гойтуш. Аьрха зама яра хIетахь, синош тIома девллера",– дийцира цкъа GQ журнална Прибалтикехь вехачу Ичкерин президентан жимахволчу воIа Дудаев Дегис.

Дудаева Аллас чекхъяьккхина Смоленскерчу пединститутехь исбаьхьаллин-графикан факультет, 1980-чу шерашкахь болх бина шен майрачо эпсаран гIуллакх дечу меттехь - Иркутскна гергарчу Усольскан кIоштахь, "Средний" цIе йолчу тIеман аэродромерчу школехь берашна суьрташ дахка Iамош.

1973 шарахь аСоветийн пачхьалкхехь араяьллачу муьтипликацин "Маугли" фильмехь борз Акела ю Iуьллуш, Ичкерин герба тIехь санна. Амма "нохчийн борз" изза ю олийла дац – дуккха а бу оцу вастехь берзан суьрташ дехкинарш, башхаллаш кеп-кепара ю берзан васташкахь.

Дуьнено къобалйина а йоцчу Ичкерин васташ, ша Ичкери а санна, доьхкуш дац Оьрсийчохь цхьана а низамо. Терриристийн болам а лоруш дйикина ларало Оьрсийчохь еккъа цхьа "Ичкерин а, Дагестанан а халкъийн конгресс" цхьаьнакхетаралла – иза кхоьллира 1998 шарахь Басаев Шемала а, Удугов Мовладис а (цуьнан байракх яра Iаьржа, тIехь вовшашна тIетевжина ши шаьлта а йолуш).

Амма шена духьал низам арахецна ца хиллехь а, карабо Оьрсийчохь Ичкерин васташна таIзар дан некъаш. Масала, 202I шеран Гадужу-баттахь Нефтеюганск гIалахь 1000 сом гIуда туьйхира меттигерчу вахархочунна Ильясов Рустамна Ичкерин байракх бахьанехь - "Нацистийн артибутика я васташ, экстремистийн боламийн атрибутика я васташ даржор" олу административан кодексера бехк бара дара цунна дуьхьалбаьккхинарг.

Ткъа Нохчийчуьрчу Iедало шеггара дIадахдина дехкарш. Официалехь боцчу бехкамна бухадаьхьна берзан васт, бен а дац, ду иза Ичкерин гербца цхьаьна я дац.

Маршо езарна - бекхам

"Кадыровна чIогIа оьшу "паччахь" кхидIа а оьшуш вуйла Кремлна хаийтар. Оцу Iалашонца сурт хIотто деза ша нохчийн халкъан долахо хилар гойтуш. Амма тIаьххьарчу хенахь массо а кхета цуьнан карара и мукъ бужуш лаьттийла", – боху нохчийн Iедална критика еш хуьлучу "Исламан ойланаш" цIе йолчу тьюб-каналан автора Белокиев Ислама.

Говрах лата ца ваьхьнарг нуьйрах латар санна ду барзах летар, Кадыровн кхетамехь борз – иза Ичкери ю

Цо дагадоуьйту Нохчийчохь деш лаьттачу зуламех мохь тоьхна дуьйцуш хилар Европерчу а, Туркойчуьрчу а нохчийн диаспорийн векалша.

"И нах ца сецало кхерамаш тийсарца, церан гергарнаш идорца. Цундела къахьоьгу кадыровхоша цхьа дуьхьало кхолла гIерташ. Иза говрах лата ца ваьхьнарг нуьйрах латар санна ду барзах летар, Кадыровн кхетамехь борз – иза Ичкери ю", – аьлла хета Белокиевна.

Билгалдоккху блогеро кадыровхой берзан вастах къаьхкаш ца хилар, цара кест-кеста шаьш а иаз даржош хилар – мульххачу а нохчочунна бу берзан сурт маршонан, майраллин, доьналлин битам.

"Цундела го вайна духарца, инстаграмерчу сьурташца, нехан цIерачу хIуманашца, аккаунтийн никнеймашца, иштта кхидIа а берзан васт", – дуьйцу Белокиевс.

Масала, Кадыров Рамзана байкерийн "Ночные волки" («Буса лела берзалой») клубан духар леладо, ткъа оцу клубан декъашхоша шех Кадыровх олу "буса лела борз" (аннекси йинчу ГIирмин гуллакхашна юкъагIертарна Американ Цхьанатоьхначу Штатийн а, Канадин а санкцийн тептаршкахь ю байкерийн и тоба. - Ред.).

Нохчийчоьнан куьйгалхочо а, цуьнан гоно а кест-кеста детта инстаграм чу: кхечу социалан машанашка берзан суьрташ, яржайо видео. Масала, Кадыровс ГIуран-бутт боьрзуш яжийначу видео чохь иза ву шеца караIамийначу къилбаседанерчу берзаца. 2013 шарахь, ша санкцеш бахьанехь Инстаграмо дIакъовлале, сурт даржийра цо берзан чалхашца Iаш.

Цуьнан иштачех цхьана суьртанна комментари луш, арахьара политикан эксперта, Foreign Policy журналиста Ральф Элизабетас яздира: "Хьалха ша а гIаттамхошца хилла волчу Кадыровна дагайогIучух тер аду нохчийн национализм, Путинна ша мел герга кхочуш латтахь а".

ЖамI деш Белокиевс бохура: "Проблема шеца барзаца йоьзна яц, дукха хан йоццуш Европехь шена резабоцчу нохчаша хIиттийна хиллачу протестан гуламашца дозу дерриг а. Норвегерчу, Австрерчу пикеташкахь а, Францерчу митингехь а вуно дукха дара берзан суьрташ. Оцу хиламо бахийтина рогIера хьостам Кремлан вассалан кошан гIутакхах а, цо нохчийн Iазапехь кхаба деллачу дешан чIагIонах а".

Лелхийтина тхан дайн бIаьвнаш, доьза дайъа гIиртина къоман иэс. - изза бIаьвнаш ю тахана Ичкерин герб а, байракх а

Ичкерин васташца хIинца болийначу тIамо гойту диаспорашкара хезарг – къоман маршонах йолу ойла дийна а, ехаш а ю, амма цуьнан охIланаш гIелонехь латтабо Оьрсийчохь а, дерриг дуьнентIехь а. Ичкерин маршо хьехор, яржор, вер-ваккхар санна, кхераме ду, элира Кавказ.Реалиица шен хиллачу къамелехь Австрерчу Нохчийн Республикан Ичкерин векал йолчу Дунаева Розас.

Цо тоьшалла до наха, цхьаьан ойланца, кхетамца вовшах а бетталуш, 90-гIачу шарех долу иэс, маьршачу пачхьалкхе болу лаам-безам дийна латтош хиларх.

"Цундела ду кегий чкъоьрнаш Ичкерин васташка дирзина хилар – борз тIехь йолу байракхь, герб езар. Нохчийчохь оккурпаци чIагIъеш хьийзина нах: церан режим доьза дайъа гIерта иэс, нохчийн маьршачу пачхьалкхах болу дагалецамаш. Тхо ша махкахдаьккхича, 1944 шарахь, Советан Iедал а гIиртина изза дан – лелхийтина тхан дайн бIаьвнаш, доьза дайъа гIиртина къоман иэс. Изза бIаьвнаш ю тахана Ичкерин герб а, байракх а", – аьлла хета Дунаева Розина.

Ерриг а Оьрсийчоь ю Нохчийчоь санна

Историкна, юкъараллин жигархочунна, "Барт Маршо" нохчийн мухIажарийн цхьаьнакхетаралла кхоьллинчу Сулейманов Жамболатна хетарехь, берзан вастаца Кадыровн къийсавалар дац цуьнан рейтинг йожарца доьзна. Цунна хетарехь, барзаца къийсаро йожайо ишта а йоьзна йолу куьйгалхочун рейтинг.

"Iедал къоман лехамех кхоьру. Маьршачу Ичкерин вастах. Нохчийчохь санна кхоьру цунах Кремлехь а. Кегийрхошлахь и васташ леларо кхитIе а бестабо цаьргара кхерам. Ичкери – Путинан кIомар ду. Цунна а, цуьнца возавелла волчу Кадыровна а валар-висар санна ду и гIуллакх, иштачу кепашца кхоьллаелла ю Путинан Iедалан вертикаль. Берзан васт церан гIаларт-гIишлонна кхераме ду. Цунах кхоьру Iедалхой", – билгалдоккху Сулеймановс.

"Цхьана муьлххачу а вастца дерг – иза цхьана дийнахь болабелла некъ бац. Даржо тIедохку декхарш а, стагна туху дозанаш а хенаца шорло", -элира Кавказ.Реалиига Оьрсийчуьрчу Amnesty International декъан куьйгалхочо Звягина Натальяс.

Цо дагалоьцу, къоман хьесапашца догIуш доцчу духарахь болу божарий а зударий а – шорташ йоьхна – Нохчийчоьнан куьйгалхоша емалбарх муха буьйлира махкара бахархой.

"Цундела хIоранна а ца го шайн лаамехь болчу нехан амалш кагго гIертарш кхана шен машена чохь акхаройн васташ леха тIехь хIуьттур буйла. Юьхьанца цхьаъ доккху хьогара, тIаккха - кхин", – боху Звягинцевас.

Зама кхаьчна адаман маршонаш хьоьшучу полисхошца болх бан, къасто деза доза, мичахь ю иза дан бакъо

Цо дагадоуьйту Нохчийчуьрчу ЛГБТ-нехан дийцарш: герзахоша сацавора хьо, дIайоккхура хьоьгара телефон, луьстура цу чохь мел дерг. Иштта бу бехктакхамаш кхуллучу системин некъаш пачхьалкхехь, шайн белхан «результаташца» дузу цара нехан дахар.

"Пачхьалкхехь телефонашца бандиташа миллионашкахь кредитан ахча лечкъош хилар а дицдина, лоьху бахархойшкарчу смартфонаш чуьрчу йоца коч йоьхначу, килсашна хьалха дIахIиттинчу мехкарийн суьртийн автораш. Иза дерриг а цхьаъ ду, реигионашкахь шен-шен бос а болуш. Низамо шайна бакъонаш шорйина полисхой лелха, неIарш а кегъеш, нехан петарш чу, хьуьйсу нехан машенаш чу. Зама кхаьчна адаман маршонаш хьоьшучу полисхошца болх бан, къасто деза доза, мичахь ю иза дан бакъо, стенгахь ю адамаш Iалашдан елла бакъонаш", – боху Звягинцевас.

***

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG