ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инарлашна тарраш дайтарх а, къизаллаш лелорах а дийцина тутмакх лаьттинчо


Омскерчу ИК-7 колонехь дина герз
Омскерчу ИК-7 колонехь дина герз

Омскерчу номер 7 йолчу колонехь хан яьккхинчу Абраменко Сергейс дийцина, шега Iазапаш хьегийтира, Федералан таIзар кхочушдаран урхаллин (ФСИН) а, Талламан комитетан а, прокуратурин а лаккхарчу даржхошна гравировкашца гIалакхаш а, тарраш а дайтора аьлла. Цуьнца йина интервью зорбане яьккхина Gulagu.net. проекто. Проект кхоьллинчу Осечкин Владимира бахарехь, ИК-7 колонехь ворхI шо даьккхина Абраменкос, цигахь дукхазза къиза йиттинера цунна, гIело хьегийтира, сийзазвора.

Тутмакх лаьттинчо дийцарехь, колонин промзонехь 12 сахьтехь сов белхаш бойтуш хиллера цуьнга. ТIеман гIалакхаш а, тарраш а деш, царна тIехь "ФСИН-н инарлашна а, Талламан комитетан а, прокуратурин лакхарчу даржхошна а совгIатна гравировкаш а еш".

"Юстицин инарлашна а, полковникашна а деза совгIаташ кхачош хиллера ИК-7 колонин хьаькамашкара. Оцу коррупцин зIенаша лелош хилла дийнна ворхI шарахь Iазапийн конвейер, эзарнашкахь тутмакхашна тIехь къизаллаш, сийсазаллаш лелош, уьш хьийзош", - яздо Осечкина комментарехь.

  • Дечкен-беттан юьххьехь Сибирь-Реалии проекто яздира, Омскерчу ИК-7 колонехь хенаш яьхнарш бакъонашларъярхошка бовларх, шайна тIехь лелийнарг бахьана долуш бехктакхаман гIуллакхаш дохур ду аьлла хеташ. Цара чIагIдора, шайна тIехьуьйсучара а, жигархоша а когаштIера лоций хьалаухкий, кхетамчуьра довллалц гIело латтайора, хьийзадора шаьш, ткъа прокуроран лакхарчу гIоьнчас шаьш дина аьрзнаш доуьйтура шайга аьлла.
  • Gulagu.net проектан авторо Осечкин Владимира а, цуьнан белхан накъосташа а 2021-чу шарахь зорбане даьккхира тутмакхашна тIехь гIело латторах ФСИН-н архиван материалан ши дакъа. Хьалхарчу декъехь гайтира Саратоверчу тутмакхийн лазартнехь лелийна къизаллаш, шолгIачу декъехь – Красноярскерчу ИК-17 колонехь тутмакхаш хьийзор. Саратовехь Iазапаш хьегийтарх видео зорбане яьккхинчул тIаьхьа Талламан комитето масех бехктакхаман гIуллакх диллира, ФСИН-н куьйгалхочо Калашников Александра а, цуьнан гIовсо Якунин Анатолийс а даржаш дитира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG