ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президент Iехийча чекхдолий?


2013-чу шарахь ФСБ-н ницкъаша вийра ГIалгIайчуьра оппозиционер Хашагульгов Султан-Гири

Ерриг Кавказ а Iадош эккхийтира 2010-чу шарахь БуьрийтIера базар. Адамаш дайарна бехке а вина, велла дIаваллалц набахти такха дIахьажийра цхьаъ. Цуьнан ваша вийра лаца баьхкинчу ницкъхоша. КхоалгIачу вешина кху деношкахь тоьхна еха хан. …Ткъа хIинца гучудолуш лаьтта Iедало бехк тIеэгийначех лаххара а цхьаъ, тIаьххьарниг, хиллане а ца хила тарлойла бехке.

Хашагульгов Якъуб

Къилбаседа Кавказерчу тIеман кхелехь деношкахь листина Хашагульгов Якъубан дов, кхайкхийна 18 шо. ГIера а кхоьллина, наханна тIелетарна, герзаш лелорна, гIалгIайн а, хIирийн а кхелахошна а, ницкъхошна а кхерамаш тийсарна дина цунна и таIзар.

Хашагульгов Якъуб Росторчу кхелехь
Хашагульгов Якъуб Росторчу кхелехь

Адвокат Аушев Мохьмад къера хила дагахь вац Ростоврчу кхеланна – Лакхарчу кхеле арздан кечлуш ву иза. Якъуб къера ца хилла сацамна, бехк талламчаша тIекхоьллина бу, лоцучу хенахь шена цхьа маха туьйхира, ша тиларчу вахара, цул тIаьхьа шен дегIа тIера биоматериал а яьккхина, иза тоьшалле йиллина, элира цо кхеле.

Хашагульгов Iиса

2010-чу шеран Гезгмашин-беттан 9-чохь эккхийтира БуьрийтIехь базар. 18 стаг вийра. Зулам вовшахтоьхнарг ву аьлла, лецира къайлахчу сервисо (ФСБ-но) Iиса. "ГIалгIайчоь" жамаIатан амир а ву, "Кавказ-имаратан" эмирца Умаров Доккица уьйрехь а лела, бохура ницкъхоша.

Ткъа ГIалгIайчоьнан бахархошлахь вевзаш а, дика цIе йоккхуш а бара вежарий-бизнесхой ХашагульговгIар.

БуьрийтIехь зулам дина кIира даьлча лецира ХашагульговгIарех хьалхарниг - Iиса. Бехк тIебаьхьина а бацара "зуламхо карор" Путинна дIахоуьйтуш. Цундела иза бехкеван оперативан белхахой сихбиначух тера ду ФСБ-но. Амма хан гена ялале карийра базар эккхийтарна баккъал а бехке хилла зуламхой, цара даре а дира. Делахь а ца хIоьттира Iедал долийнарг хийца – Путине аьлла даьлла дара бехкенаш ХашагульговгIар бу, телевизионашкахула а гайтира и хаам президентна тIекхачош. Иштта туьду хьал адвоката Аушевс.

Хашагульгов Iиса набахтехь
Хашагульгов Iиса набахтехь

Бехк тIе ца ийцира шена Iисас. Тоьшалла дан валийнарг вара цхьа стаг. Амма иза ша а вара бехкебечаралахь. Iисана дуьхьал тоьшалла дарна "озабезам" беш, 20 шо хан кхайкхийра оцу тешанна. Ткъа Iисана, Якъуба чIагIдарехь, "дареш дохуш къиза йиттинера".

Изолятор БуьрийтIехь текхира Хашагульгов Iисас. Цундела цунна кхел ян а догIура оццу гIалахь. Ростов, тIеман кхеле дIахьажийра цуьнан дов. Бахьана а дицира – ваша Якъуб хIара мукъаваккхархьама, тIелата мега БуьрийтIерачу кхеланна, бохура.

Иштта долийра цхьана девнах гарадаьккхина шолгIа дов -Iисаниг.

Кочахь жIар кхозу шахIид

Адвоката Аушев Мохьмада дийцарехь, лоцучу хенахь Якъубан дегIаца шахIидан доьхка "карийна". Амма цец а ца баьхна ницкъхой шаьш лоцу гIалгIа шатайпа хиларо – кочахь жIара, чохь керста доIанаш карийна царна.

Талламчийн версица, "2008-чу шеран Лахьан-баттахь "ГIалгIайчоь" жамаIатан декъа вахана Хашагульгов Якъуб. Зуламаш деш хьийзина оцу жамаIатехь уггаре луьра ларалучу "Магас" тобанехь. …Маларш духкучийн баккхалш ягош.

Цул сов, бехкедо Якъубна цхьана Iай, "бевзашбоцучаьрца" цхьаьна хIирийн а, гIалгIайн а мехкашкара кхелахой а, ницкъхой а хIаллакбан дагахь ваьхна" хиларна.

Хашагульгов Султан-Гири

Доьзалера шолгIаниг лаьцна пхи даьлча. 2013-чу шеран Чиллан-беттан 13-чу дийнахь сатоссуш еана ФСБ кхоалгIаниг лаца – воккхахволу Султан-Гири. Мехк-кхелан декъашхо иза хилар, къомо цуьнан ларамбеш хилар ца гуш, герз тоьхна вийна иза. Бехках хьалха бевлла, цо дуьххьара туьйхира герз, аьлла.

Вийначух кхин жоп ша ца деллехь а, цIийнах хьажаро пайда беана ФСБ-на – карийна хIирийн кхелахойн цIерш тIеязйина кехат, дерзийна, Якъуба тIелата кечлуш хIоттийна иза, аьлла.

ТIаьхьо адвокатна Аушевна гучудаьлла ХашагульговгIаьргахь "карийна" кхелахойн цIерш тIе йолу А3 кехат а, ФСБ-но вежарий бехкебеш хIиттийна материалаш а цхьана принтерца кечйина хилар.

Воккхахволчу вешина, оппозиционерна Султан-Гирина, дуккхаза а тийсина хилла кхерамаш. Вен гIертачара ши шо хьалха шен хIусаман кевнах йоьллинчу бомбано чевнаш бен ца еш, къелхьарваьлла хиллера иза. Амма кхелхина Iедалан карах. ФСБ-но ша вен де дуьсуш аьлла цо цхьана радиочухула: "ГIур вац со цъхьаьнхьа а. Вехь – вуьйр ву. Висахь – вехар ву".

Хьалхарчу кхело бехках хьалхаваьккхира Якъуб

2005-чу шарахь Ростовхь листира Якъубан дов. ТIебаьхьина бехк шеконе а биллина, къастамхоша бакъвира иза.

"ФСБ-нна вуно чIогIа Iаьткъира хилларг, юьхьIаьржа хIуьттуш бара цуьнан хьаькамаш – духуш лаьттара дов. Цундела мукъаваьлла де далале лецира иза юха а", дагалоьцу адвокато.

Шема, ДАIИШ-хойх дIакхета ваха воллу, аьлла вигира Якъуб. Ца дира цо даре. Амма ФСБ-н аьтто белира йинчу кхелан сацам юхабаккхийта. Бухадиллинарг дара, кхело бехк къасто кхайкхинчу нахе са ца доIуьйтуш, буса 10 сахьт даллац болх байтира, кIадбеллачу цара, шаьш дийриг хIун ду а ца кхеташ, тIеэцна Хашагульгов бехке вац боху вердикт, аьлла.

"Низамо ишта хьал хIоьттича бехкькъасторхой хийца, рогIерчу тобане листийта дов, боху. Иза ФСБ-на ца товра. Цундела тIекхоьллира Якъубна рогIера артикл – 205-гIаниг, 1-ра дакъа, тIемалойн гIеранехь лелар, терроризм. Иштаниг листар тешош дац могIарчу нахана, бехкькъасторхошна", дуьйцу Аушев Мохьмада.

Ма-аллара, деношкахь йирзина юьйцу шолгIа кхел. Тоьшалле балийнарш бу хьалха хенаш а тоьхна, набахтехь бахкош болу тIемалой. Аушевс дийцарехь, царна ирча халонаш йина Хашагульговна тIелейта.

Адвокат вац къарвала дагахь. Оццу тIехь ву ша Хашагульгов Якъуб а. Нагахь санна церан шозлагIа а кхелан сацам юхабаккхийта ницкъ кхачахь, гучудер ду хIирийн кхелахошна кIело йина хьийзаш стагга а ца хиллийла. Ткъа оцо гойтур ду Якъубан дов БуьрийтIера Ростов а даьхьина листар харцо юйла, дезар ду шолгIа сацам а юхабаккха. Иштта ю юристан стратеги. КхоалгIа кхел нийсонехьа хиларе догдоху цо а, ХашагульговгIара а.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Нохчийчоьнах а, нохчех а лаьцна Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша дуьйцучух теший шу?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG