ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инстаграм дIакъевлиначул тIаьхьа шайн агIонаш лелочера ца севцина Нохчийчуьра пачхьалкхан зорбанаш


Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт
Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт

Шортта нохчийн хьаькамаш инстаграмера дIабахнашехь, республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана социалан машанах "информацин тIеман гIирс" аьллашехь, шайн инстаграмера агIонаш лелор ца сацийна Нохчийчуьрчу Iедалхошкхьа йолчу зорбанаша а, пабликаша а.

Зазадоккху-баттахь Москван Тверскойн кхело Meta компани экстремисте лерира Коьртачу прокуратуран тIедилларца, цуьнан долахь хилла социалан машанаш дIа а къовлуш. Цул тIаьхьа нохчийн пачхьалкхан зорбанан гIирсаша дIадехира шайн инстаграмера аккаунташ, амма дукха хан ялале машане юхабирзира.

ЧГТРК "Грозный" канало кхин дIа а лелийра шен инстаграмера аккаунт (998 эзар вазвелла стаг), иза дира пачхьалкхан "Путь" телеканало а (166 эзар). Шайн инстаграмера агIо карлайоккху "Чечня Сегодня" сайто (530 эзар), иштта Iедалехьа йолчу нохчийн chp_chechnya паблико (87 эзар).

Meta компанин социалан машанаш дIакъовлар Кадыров Рамзана "чIогIа шен хенахь" бина сацам бу, элира: "Со тешна ву, ша-шега ларам болчу муьлхха а нохчочо а, Оьрсийчоьнан вахархочо а буьззинчу барамехь къобалбо вайн махкахь оцу компанин гIуллакхдар дехкарца боьзна сацам", - яздира регионан куьйгалхочо телеграмехь.

Мeta компанина дуьхьала арз даккхаран бахьана дара Facebook-ан хийцаелла политика, цо аьтто бора украинерчу пайдаэцархошна оьрсийн тIемалошна тIехь ницкъбаре кхайкха.

Фейсбук, инстаграм лелор - иза Оьрсийчоьнан низам хадор дац, церан долахо Meta компани экстремистийн цхьанакхетаралла лерина ялахь а.

Зазадоккху-беттан 28-хь болх бан йолалур ю оьрсийн социалан маша Rossgram. Оцунах лаьцна дуьйцу проектан официалан сайтехь. Билгалдоккхуш ду, Оршот-дийнахь дуьйна социалан машанах пайда эца йиш хир ю партнерийн – зорбана гIирсийн, инвесторийн а, цул тIаьхьа шен болх шорбийра бу цо блогерше а, рогIерчу пайдаэцархошка кхачалц.

  • Чиллан-баттахь инстаграмо дIакъевлира Нохчийчоьнан куьйгалхочо лелош хилла @ya_pomoshnik_kra_95 аккаунт. Исс миллион стаг вара оцу аIгоне язвелла. Социалан машано важа агIо дIакъевлинчул тIаьхьа йиллина яра и аккаунт.
  • Дуьххьра Кадыровн инстаграмера а, фейсбукера а агIонаш дIакъевлира 20I7-чу шеран ГIуран-беттан 23-чохь – Нохчийчоьнан куьйгалхочунна "Магнитскийн тептаран" гурашкахь санкцеш туьйхира. ХIетахь цо дIахьедира, Mylistory социалан маша белларх Нохчийчохь. Амма нахалахь баржанза бисина и маша. 20I8-чу шеран аьхка Нохчийчоьнан урхалхо инстаграмехь za_kadyrov_95 аьлла, аккаунт йиллира. Амма иза а дIакъевлира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG