ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интерпол: Советан пачхьалкхера схьабевлла къуйн хьалханчаш лецар кхиаме ду


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчуьра а, Советан пачхьалкхана юкъайогIуш хиллачу кхечу республикашкара криминалан авторитеташна дуьхьал Европехь, ша аьлча Францехь, къийсам дIабахьар кхиаме хиларх лаьцна дуьйцуш ду Интерполан сайта тIехь. Цунна тIе тидам бахна Кавказ.Реалиин.

2019-чу шарахь дуьйна оьрсийн мотт буьйцучу (Эрмалойчьура а, Гуьржийчуьра а, Оьрсийчуьра а, Украинера а, кхечу пачхьалкхашкара а) криминалитетана юкъахь дош лелачу нахана дуьхьал цхьамоггIа леррина операци дIаяьхьна Интерполо, кхечу ницкъаллин структурашца цхьаьна, 37 криминалан куьйгалхо а, церан цIуьхIарш а лоцуш, цаьргара 380 эзар евро ахча а доккхуш.

Интерпола билгалдоккху, шайн аьтто баьлла хиларх лаьцна къуйн маша бохо Лионан а, Нансан а, Парижан а кIошташкахь.

Цу кепарчу операцех уггар яккхийчарах цхьаъ дIаяьхьира 2021-чу шарахь Мангалан-беттан 21-хь Страсбургехь. Цу юкъахь дакъалецира 100 сов Францин эпсаро. Оцу операцехь лецира Гуьржийчуьра а, Эрмалойчуьра а зуламхошна юкъахь дош лелаш волу ши стаг.

Францин полицино дIахьедарш до, шаьш Интерполца цхьана кхин дIа а дагахь ду цу тайпа операцеш дIаяхьа бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG