ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIенаха гур яре сан хьоме Нохчийчоь"


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

Нохчийчохь шолгIа тIом болабелла 15 сов шо даьллачул тIаьхьа республикан коьртехь волчу Кадыров Рамзана дIахьедар дира шен Iедало новкъарло а ца еш, Нохчийчу юхаберза а, шайн цIахь баха а некъ ло Ичкерин Iедалехь цхьацца даржашкахь хиллачу нахана, аьлла.

Цул совнаха, Оьрсийчоьнан Iедалан хеттарш хилахь, ша юрист хиларе терра, накъосталла дийр ду а элира цо. Ши кхо де хьалха Кадыровс динера кхин цхьа дIахьедар. Террорхошна тоьпаш тохар юкъадаккха деза Оьрсийчохь аьллера цо.

Цунна делахь а, дуккха а нохчийн доьзалийн кхоллам хийца мегаш долчу цуьнан маслаIатан дIахьедаран дIоггара тIаьхье ца хилира.

Маршо Радионна цу деношкахь еллачу интервьюшкахь махкал арахьа бехачу нохчаша дийцара, маьршша даха а, шайна хетарг ала а, лело а бакъо хир ю аьлла ца хета шайна Нохчийчохь бохуш.

Тахана хала ду ала маса стаг цIавирзира Кадыровс кхайкхам бинчул тIаьхьа. Цу тайпанаш хилла хила а мега. Амма цхьаболчу хаамашца, тахана а 150 - 200 эзар нохчо ву даймахках ваьлла леллаш. КIезиг нах бац царна юкхаь аьлларг хилча дерриг а охьатесна цIаберза сатуьйсуш.

Цу нахах вара, 18 шо Белгехь а даьккхина, кхаарин бусу кхелхина волу ночхийн яздархо а, поэт а Яшуркаев Султан.

Махкахбевлла хан токхуш болчу иттаннаш эзарнаш нехан сатийсам бу даймахка цIаберза бохуш, дьйцу даймаках ваьлла вехачу нохчийн политико Закаев Ахьмада.

- БIеннашкахь эзарнашкахь ца алахь а, амма иттаннашкахь эзарнашкахь нехан ойла йолу хIума а ду иза, нехан сингаттам болу хIума а ду иза. ХIунда аьлча, кху арабевлла лелачу нахах дуккх а адам цIабоьлхуш а, схьабогIуш а дIасалелаш а ду.

Делахь а доккха дакъа ... цIабаха йиш йоцуш, дог а, ойла а цIахь лаьтташ йаш адам а ду. Царах цхьаъ вара, ала мегар ду, Яшуркаев Султан. Селхана дIакхелхина иза, тахана цигахь лаьтташ тезет а ду. Цуьнан байташка ладоьгIначу стагана хуур ю кху арахь болчу, цIа баха йиш йоцуш, тахана цхьацца бахьанашца кху арахь Iаш болчу нехан дог ойла.

- Ткъа муха хьал хила деза нохчашна паргIат цIабаха?

- Уггаре хьалхарчу декъехь маршо хила еза. Адам маьрша хила деза. Маьрша хила деза цIадаха а, цIера схьада а. Шайн коьртан дай хиллла а дай хила беза уьш. Шайн коьртан дай а болуш, шаьш дагIа а дахка а йиш йолуш ду аьлла, цунах тешаш ойла хила еза.

Цхьана а агIорхьара оцу цIахь болчара а, я оцу лаьттачу хьоло шаьш юьхьIаьржа а хIоттор дац, шайн сий а дойур дац, шайн сий а дожор дац аьлла, цунах адам тешна хилча а бен, цIадаха а, дахка а маршо хир яц.

- Ахь дуьйцу хьелаш Нохчийчохь кестта хилахь тамаш бу. Социалан машанашкахь вовшашца уьйр латточу нохчашка ладоьгIча, хетало цхьаболу вайн махкахой, дукха бацахь а, сатийса кIадбелла-кх олий, къаьсттина хене бевлла нах. Хьуна хааделлий иза?

- Со тешна ву бIеннаш эзарнашкахь кхузахь бехаш болу нах даймахках дог диллин абац бохчух. Церан ойла а, кхетам а а, массо а хIума а даймахкаца доьзна а ду. Оцу латтаца доьзна ду. Кхане цIахь яккха йисина хан ерш а бу, ДегIастанахь лахьта хиларан кхане ерш а бу. Амма уьш а, уьш а шайн кхане даймахкахь гуш дехаш ду вай адам.

- ШолгIа тIом болабелла а даьлла лаххара а 18 шо. Таханлерчу хьолехь Нохчийчоь йисарх а цецбуьйлуш хуьла, нохчийн истори евзаш болу нах. Хьан хIун ойла ю цунах?

- Суна схьахетарехь, цIахь Iаш а, бехаш а болу нах, мухха а цигахь делахь а, хало ялахь а, ирчо ялахаь а, мел чIогIа хьал сагаттадойтуш делахь а, Iазапехь делахь а, Iазап уггаре долчу хенахь вайн махкахь дисина адам.. нохчийн мохк хилар оцу нехан доьналлица доьзна ду.

ЦIахь Iийна а, цIахь баьхна а болчу нехан доьналица доьзна ду иза. Иза вайн нехан ггаре турппалчерах турпал дакъа ду ала мегар ду, политикан хьажам церан мухха а хиллехь а. Амма оцу вайн махкаца долчу хIуманна уьш шаьш а, шайн синош а, шайн тIаьхьенаш а цунна закъалтана а ехкина и вайн мохк ларбеш Iаш къам ду иза.

Дала диканца бекхам бойла и мохк а ларбеш, цIахь Iийначарна а, оцу махке сатуьйсуш тахана цIабаха йиш йоцуш лелаш болчу нехан а. Церан и ойла хилар цу къоман кхане хилар ду-кх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG