ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ЦIаберза луурш вуно кIезиг бу Австрерчу нохчашна юкъахь"


Австри -- Венера нохчийн туька. Архивера сурт.
Австри -- Венера нохчийн туька. Архивера сурт.

Европехь тховкIело йоьхуш болу мухIажарш шайн лаамца даймехкашка юхаберзийтархьама цхьа могIа программаш ю Iедалша юккъеяьхна.

Австрерчу чоьхьарчу гIуллакхий министро Соботка Волфганга хьастагIа дIахьедар дира, хIинцалца схьа шайн лаамца цIабаха реза хиллачу мухIажаршна 500 евро луш хиллехь, хIинцачул тIаьхьа и ахча 1000 евро хир ду аьлла.

Цо дийцарехь, гергарчу шина шарчохь, мел кIезиг а, 50 000 мухIажир ву Австрера дIаваха везаш, хIунда аьлча церан цхьа а аьтто бац Iедалера тховкIелоне кхача.

Амма буй-те цу Iедалан программех пайда а эцна, шайн лаамца Европера цIабаха кийча дукха нохчий?

Лахарчу Австрехь гочдархо а, социалан белхахо а санна болх беш йолчу Эсмурзиевас ишттаниш вуно кIезиг хаабелла шена боху: “ЦIабаха лууш болу нах вуно кIезиг бу, доккхачу декъехь кхузахь тховкIело ца луш берш цхьана юкъана къайлабовлу. Ткъа цIабаха кийча берш, суна хаадаларехь, къена нах бу, могуш боцурш я валаран-виссаран ойла еш берш".

Къона нах къачьстттина цIаберза лууш бац боху Эсмурзиевас: "Къона нах, шайн доьзалшца кхуза схьа а баьхкина, кхузахь баха а, дIатарбала а сатуьйсуш берш хIуъу дина а, махкахь биса гIурту, гергарчаьргахь хан яьккхина я къайлабевлла”.

Нагахь цхьаъ муьлххачу а бахьанашца шен лаамца цIаваха реза хилахь, цунна тайп-тайпанчу кепара гIо до Iедало. Лакхахь хьахийна долу ахча делла ца Iаш, нагахь санна цуьнан дацахь, керла документаш даха а гIо до, юристийн консультаци а йо мехаза, некъан харжаш а Iедало шена тIеоьцу.

Цул сов, цIаваханчунна юхьенца даймахкахь шена цхьа жима бизнес схьаелла ахча дала а йиш ю, нагахь санна цо шен бизнес-план Iедалан тидаме йиллахь бохуш, дуьйцу Эсмурзиевас: “Нохчашна лерина цхьа программа ю бохуш хезна суна. Шу цIадахарх оха шу дIатесна дуьтур дац, гIо дийр ду шуна бохучу маьIница кхоьллина программаш ю уьш, нахана и цIабахар марздархьама.

Масаллаш а ду боху социалан белхахочо: "Тхуна хууш долуш, кхузара дIабахана болчу цхьаболчу наха цу программица цIахь жима бизнес схьаелла и ахчанаш схьаэцна. Цул тIаьхьа цара цунах бизнес йинехь а, ца йинехь а”.

Шайн лаамца цIабаха кийча болчу мухIажирашна гIо деш йолу цхьаьнакхетараллаш массийта а ю Австрехь. Коьртачу декъехь Каритасехь а, Адамийн Бакъоний Цхьаьнакхетараллехь а до цу нахана гIо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG