ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iовхойн хиллачу кIоштара латтаца доьзна дийцарш ма хилийта аьлла Дагестанера бахархоша


Видео йуккъера сурт
Видео йуккъера сурт

Дагестанера Мини-АтагӀара (Гамиях) бахархоша мехкан урхалхочунна Меликов Сергейна тIедожийна Iовхойн кIошт хиллачу меттигера латтанаш кхечу нехан дола ма даха аьлла. И кIошт йухаметтахIоттайе аьлла тоххара дIахьедира меттигерчу хьаькамаша. Регионан урхалло цкъачунна терго йина йац цу хааман.

Видео дIайазйеш 100 гергга стаг вовшахкхеттера, йаздо "Кавказский узел" агенталло. Оцу роликаш тIехь гулбеллачийн цIарах вистхуьлуш ву къано. "Тхуна гуш ду, Iовхойн кIошт йухаметтахIоттон йеза доллу латтанаш дIадаха хьийзаш", - дIахьедира цо "хьал телхина догIу, дуьхь-дуьхьал латтар чIагIлуш ду" аьлла.

Латтанан фондаца мел лелош йолу операцеш Iовхойн кIошт йухаметтахIоттайаллалц совцор тIедожийна оцу видео тIехь бахархоша: "Тхан цхьа дехар ду – Iовхойн кIошт йухаденйаллалц латтаца доьзна цхьа а операцеш ца йайтар".

Дагестанан Iовхойн кIошт кхоьллина 1943-чу шарахь, цигахь бехаш бара нохчий. 1944-чу шарахь Iовхой махках бехира кхечу нохчашца а, гIалгIашца а цхьаьна. Карарчу хенахь Iовхойн кIоштана йукъадогIу латтанаш Дагестанан Новолакскан кIоштан доза лоруш ду.
2017-чу шархь мехкан куьйгалло керла программа тIеэцна Iовхойн кIошт меттахIоттон. 2025-чу шаре кхаччалц кхочушйийр йолуш йу и.

  • 1944-чу шеран чиллан-зазадокху а беттанашкахь Сталин Иосифан омраца нохчий а, гIалгIай а махках бехира – Казахстане а, ГIиргIазойчу а дIахьовсийра уьш йамартлонна бехкебина. Ахмиллион нахана депортаци йира хIетахь. Iовхойн кIоштара араваьккхира 16 эзар стаг. 2004-чу шарахь Европан парламенто геноцид йу элира вайнах махках бахар.
  • 1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР йухаметтахIоттийра, делахь а депортацера Iовхой цIа баьхкинчул тIаьхьа царна бакъо ца йелира Новолакскан кIоштахь дIатарбала. 1980-гIа шо довш дуьйна Iовхойн кIошт йухаметтахIотторах а, лакцаш а, суьлий а цигара дехьабахарх а хаттар кест-кеста айдеш ду.
  • Сталина депортаци йечу хенахь Iовхойн кIоштара бохийначу нехан цIенош юхадерзаде аьлла, тIедожийра Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада 2023-чу шарахь. ХIинццалц схьа оцу дийнахь шуьйра барамаш хIиттор республикехь официалехь доцуш дихкинчу нохчийн Iедалхоша дуьххьара дина дIахьедар дара и.
  • Чиллан-бутт бовш, депортаци йина рогIера шо кхочуш Дагестанан прокуратуро дIахьедира нохчашка, Iедалхошкара бакъо йоцуш акцеш, пикеташ хIиттон мегар дац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG