ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иркутскерчу СИЗО-хь гIело латтийна 17 гIуллакх схьадиллина. Ницкъбинчех цхьаъ нохчо ву


Иркутскера номер 1 йолу СИЗО
Иркутскера номер 1 йолу СИЗО

Оьрсийчоьнан Талламан комитето 17 бехктакхаман гIуллакх схьадиллина Иркутскерчу номер 1 йолчу изоляторехь латтон тутмакхаш хьийзорна а, Iазап хьегийтарна а тIехула, хаамбина Gulagu.net бакъонашларъяран проекто.

2020-чу шеран бIаьста Ангарскерчу ИК-15 колонехь бунт гIаттийначул тIаьхьа а цхьа могIа аьрзнаш кхочура Иркутскан колонера а, СИЗО-ра а. БIе гергга тутмакх ИК-15 колонера Иркутскерчу номер 1 йолчу СИЗО а, Ангарскерчу номер 5 йолчу СИЗО а дIа а вигина, царна тIехь къизаллица гIело латтийна, хьийзош, бунт гIатторах бехк шайна тIелаца бохуш а, кхиндолу шайна оьшу мукIарлонаш а де бохуш.

Царех цхьаъ ву Нохчийчуьра Хайдаев Хьумайд. Иркутскерчу СИЗО валийначул тIаьхьа кхечу хантоьхначаьрца ФСИН-н белхахоша куьйгашца, мийрашца, чхьонкаршца етта а етташ, могIарех чекхвалийтинера иза а. Цул тIаьхьа цхьаьна камери чу воьллинера иза "жигархошца" - иштта олу администрацица юкъарлонаш лелочу тутмакхех. Цара йиттинера цунна, маьнгашна юккъехь когашца а, куьйгашца а ирхъоьллина, цIийбина аьчкан Iайг тIеIуьттуш вага а веш. Когийн а, куьйгий а пIелгаш кегдинера Хайдаевн, дуккха а лазийна яра цуьнан дегIан меженаш. Иза тешна ву, и дерриг а СИЗО-н администрацин пурбанца лелийна аьлла.

Хайдаевн дIахьедарна тIехула гIуллакх зийна Талламан комитето, амма дуьхьало йина бехкзуламан гIуллакх делла. Талламхочо Корнев Александрна хетарехь, тутмакхашка "Iазап хьегийтар" доьзна дац администрацин тIедахкаршца.

Стохка Дечкен-баттахь, тутмакхаша бунт гIаттаяле кхо бутт хьалха маьршаваккха везаш вара Хайдаев Хьумайд, амма колонин администрацино латтош вара иза чохь.

Иштта Иркутскерчу номер 1 йолчу СИЗО-хь латтийначу Нохчийчуьрчу вахархочо Беличков Муслима а дийцира Кавказ.Реалиига, цигахь Iазапийн конвейер вовшахтоьхна хиларх а, къаьсттина бусулбанаша цигахь бала хьегарх а.

ГIадужу-баттахь Gulagu.net проекто зорбане ехира Саратовн кIоштахь Iазап хьегийтарх видеон архив. Оцу материалийн буха тIехь масех бехктакхаман гIуллах диллира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG