ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Исламан Лигин инарла секретара "Европехь фетваш цадар" доьху мухIажирашка


Мел деза ду Исламан Лигин дош бусалбанашна?

"Политикан ислам" хуьлийла дац, аьлла хета Дуьненаюкъарчу Исламан Лигин куьйгалхочунна ал-Iиса Мухьаммадна. Ишта олу цо ша Европерчу мехкашка кхаьчча. ТIаьххьарчу бетта чохь лаххара а шозза дина цо и политикашна товш хуьлу къамел: Италехь а, Францехь а.

"Европера массо а бусалбанаш декхаре бу конституцица баха, шаьш бехачу мехкашкара низамаш, гIиллакхаш лардан. Арахьарчу наха ден фетваш, церан кхетам мегар дац шаьш дехачу меттигашкахь коьрта лара", - аьлла ду цхьа хан хьалха СаIуда Iаьрбийн махкахь юстицин министр Iийначу ал-Iисан "Франс пресс" агенталло довзийтина къамел.

Ша ваха охьахиинчу керлачу пачхьалкхехь лела низамаш тIеоьцуш воцу бусалба, иза стенггахь а велахь а, "вац бусалба умматах, иза ша-шена вехаш волу бодане стаг ву", аьлла ал-Iисас.

Кху беттан 17-чу дийнахь Парижехь "Дуьне а, машар а" конференцехь къамелдеш Лигин инарла секретара элира, ша реза ву Францин президента Макрон Эммануэла аьллачунна: политикан ислам "кхераме ду, цо бохабо юкъараллехь барт".

1962 шарахь кхоьллина Дуьненаюкъара Исламан Лига, шен коьрта офис Маккахь а йолуш. Лигано ша Iедалх яцахь а, массо а бусалбанийн коьрта хьукмат лору – амма и санна йолу цхьаьнакхетараллаш кхин а ю.

Ю СаIудийн Iаьрбийчохь Исламан юкъараллин организаци, Къатарера исламан Iилманчийн дуьненаюкъара цхьаьнакхетаралла, Мароккохь ю Дешаран, Iилманан, синбахамаллин гIуллакхашкахула йолу Исламан организаци, Дуьненаюкъара Исламан мисси, Британера Исламан орцан организаци, иштта дIа дуккха а.

Цхьайолу хьукматаш билгалйовлу сагIанаш дарца я кхечу кепехь гIодарца, кхийолучара фетванаш даржадо, шарI довзуьйту, вукхара шаьш массо а бусалбанийн бакъонаш къовсаме ехкина хьийза боху. Цхьаерш наггахь хуьлу хезаш, кхечара алссам хозуьйту шаьш. Бакъду, кхоччуш бусалбанийн дуьне тешаш, цо шена коьрта лидер лоруш яц цхьа а хьукмат.

Мила мел веза ву бусалбанашлахь?

Ал-Iиса Мухьаммадан цIе яц дуьнентIерачу уггаре ларамечу 500 бусалбанийн рейтингехь. Ткъа оцу дукха хан йоццуш хIоттийначу тептара язбина, бусалба политикаш боцуш, дуккха а Iеламнах, динан жигархой, сагIаден нах, спортхой, совдегарш, кхиболу бусалбанаш.

Маршо Радионо йовзийтира дукха хан йоццуш рейтингера цхьайолу цIерш. Уггаре хьалха яьккхина цIе ю рейтингехь Туркойчоьнан президентан – ЭрдогIан Реджепан. Тептаран хьалхарчу могIаршка язбинчех ткъеха сов стаг ву я паччахь, я эла, я президент, я церан тIаьхье. Бисинаш бу Iеламчаш, ткъа уьш а бац шайн кхетамца вовшашлахь цхьабарт болу нах.

"Muslims500" рейтинго уггаре веза Iеламстаг, тоьлла бусалба Iилманча аьлла билгалваьккхина Пакистанан муфти Iусмани Таки. Веккъа муфти хилла ца Iа иза. Бусалбанийн хатI (фикъ) массарел дика хьоьхучех лору иза, ву бусалба Iилманчийн "Деобанди" боламан лидер.

Дуненахь вуно дукха бу Iусманин Iилма юьхьаръоьцу Iеламчаш. Масала, Британерчу маьждигех доьалгIа дакъа ду "Деобанди" болам шайна коьрта лоруш. Шатайпа цхьа къайле а ю Iусманин болам ларамца - финансаш. Исламан банкашкахь белхаш бина Iусманис, аьлча а, лаьттина коьртехь, хIинца ву Бахьрейнехь Исламан финансийн хьукматийн бухгалтерийн, финансийн Организацин Дуьненаюкъарчу Кхеташонан куьйгалхо.

Iусманел лаха язвина ву рейтингехь Иракъера Iеламча Систани Iела. ШийIийн Наджаферчу хьуьжаран коьрта шайх ву иза. Ша иза "ислам+политика" олучу кепанна резавацахь а, цуьнга ладугIу Иракъерчу политикаша а, Iедало а.

Рейтинган хьалхарчу 50-нна юкъахь ву Йеменера суфи-Iеламча Ибн Хьафиз Iумар. Ба Iалави тобан лидер а, дешаран Дар ал-Мустафа центран куьйгалхо а ву иза. Рейтинг хIоттийначара бахарехь, Гергарчу Малхбалехь а, Индонезехь а, Малхбалерчу Африкехь а веза лоруш Iеламча ву иза. Кхуьуш бу иза лоручийн могIарш Азин къилба-малхбаленехь а, Европехь а, Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а. 2016-чу шарахь Соьлж-ГIаларчу Дуьненаюкъарчу исламан конференце веана вара Ибн Хьафиз.

Лаккхарчу могIаршкахь ву рейтингехь кхин а цхьа Нохчийчу веана лелла хьаша – Ибн Iумаран мутIелам, Эмираташкара ал-Жифри Хьабиб Iела. Эмираташкахь цо кхоьллина, ша куьйгалла до ТIаба фондан. Гоьвалла стаг ву иза, Facebook, Twitter машанашкахь цуьнан дош лардеш хуьлу миллионаш нах. Цуьнан даIваташа велхаво хийланиг.

Мисарарчу Ал-Азхар университетан Коьрта муфти ТIейиб Ахьмад а ву рейтинган лакхарчу декъехь. "Суннитийн исламехь коьрта Iеламча" ву иза, цо "дерриг а дуьне шена тIедерзадо", аьлла вовзуьйту иза рейтинган тептаро. СаIудийн Iаьрбийчоьнан, Къатаран, Эмиратийн университеташкахь дешна цо. Иза ву 2016-чу шарахь Соьлжа-ГIала баьхкина хиллачу Iеламчех. Политика а, ислам а иэдан мегаш дац, олу цо, амма дакъалецира Мисарахь гIаттам иккхинчу муьрехь оппозициний, президентаний юкъахь маслаIат деш.

Рейтинган лидерашлахь ву пакистанхо Iабдул-Ваххьаб а. 2018 шарахь велла иза шен 95 шо долуш, ткъа ша валлалц лаьттина ЖамаIат ТIаблигIан амир. Оьрсийчоьно низамера яьккхинчех ю цо кхоьллина тоба, амма цIе лела цуьнан Къилба Азехь а, Британехь а. "Динан цIаноне, бидIа дIататтаре (керла хIуманаш динна юкъа ца ийзоре) кхойкху оцу маззапо. Амма Iабдул-Ваххьаба ша даима а дара олуш, ницкъаша мегар дац нах дине ийзо, политикана гена хила деза дин.

Хьажа комменташка

Iедалан а, динан а коьртехь болчу Нохчийчуьрчу хьаькамашна кест-кеста ло "академик", "профессор" цIераш. Уьш мел лараме, йогIуш ю?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG