ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шалом Нохчийчуьра!


Соьлжа-ГIала, Кан-Каликан урамехь
Соьлжа-ГIала, Кан-Каликан урамехь
Михальченко Лидия

Кадыровс жуьгташна йийр ю баьхна синагога янза ю цкъачунна

Маьждигаш а, керстанийн килс а лаьтта Соьлжа-ГIалахь. Синагога а лаьттар ю цигахь, элира 2013-чу шарахь мехкан куьйгалхочо. Амма иза янза юьсу таханенна. Кан-Калик Викторан урамехь (Нохчийн университетан ректор Iийначу Iилманчин сийнна тиллина и цIе) дуьххьара тIулг биллира синагогина.

Израилера еъначу делегацига нохчашний, жуьгташний юкъара барт керлачу тIегIан тIе баккха дохку шаьш, элира мехкан дайша хIетахь.

Ханука Соьлжа-ГIалахь

150 шо хьалха, Грозная гIап юьллучу мурехь, баьхкина Нохчийчу жуьгтий. Йохк-эцархой бара дуьххьара махка кхаьчнарш. Оьрсийчоьно кхузахь хьалхара тIом болабаллалц лаьттина шахьарахь жуьгтийн каппаш. Тахана уьш меттахIитта тарло аьлла хета Кадыровна, цуьнан администрацина а. Иштта гойту махко ша гергарло дIадахдан лууш буйла.

Бакъду, жуьгташка махкахь цхьана заманахь цабезам лелла ала а дац. Цул сов, стохка Соьлжа-ГIалахь Керлачу Шарна хIоттийначу Базанна уллехь къегара жуьгтийн Ханука-даздаршкахь кечбеш хуьлу ворхI чIурам.

Къилбаседа Кавказерчу жуьгтийн конгрессан а, Нохчийчуьрчу жуьгтийн юкъараллан а лидер волчу Юнаев Моисейс дийцира "Кавказ.Реалиига", хинйолчу синагогина бух биллина лаьтта, шо-ши шо даьлча лаьтташ хир ю гIишло, аьлла хета цунна. Цкъачунна шаьш, Соьлжа-ГIаларчу жуьгтийн жима тоба, мехкан куьйгалхоша шайна шахьарна юккъехь еллачу хIусамехь гулло, элира цо. Цигахь дIахьо жуьгташа шабата, гулло динан гIуллакх дан а.

Синагога йоцург, музей а хир ю шайн юкъарлонан, хьалха Соьлж-ГIалахь мел хаза бехара жуьгтий гойтуш хир ю цигара экспонаташ, дуьйцу Юнаевс.

"Советан заманахь дукха бара кхузахь жуьгтий. Европерчу а, "ломан а" (татийн) шайн-шайн яра синогаш. Нохчий 1944-чу шарахь махкахбаьхча, жуьгтийн хьалханчас дIагулбира синагоге шен нах, элира, мегар дац шуна нохчийн хIусамашкара бахам долабаккха, дай цIабахккалц Iалашбелаш иза. Нохчашна хууш ду иза, цара гергарло а латтадо тхоьца", билгалдоккху Юнаев Моисейс.

Бакъду, ца делира лидеро цхьадолчу хеттаршна жоьпаш, ца дахкийтира, дехча а, оцу меттиган суьрташ, ца гайтира, муьлхачу меттехь хир ю синагога.

Кан-Каликан урамехула дIасаволавелча а ца карийра "Кавказ.Реалиин" корреспондентна жуьгтийн килсан бух.Меттигерчу бахархоша ца хаьа шайна цунах дерг, элира. Я интернетехь а дац проектан паспорт, ца карабо лехарх хаам.

Жуьгтий Соьлж-ГIала юхабахка а тарло, доттагIалла лелон кийча бу нохчий, элира деллачу хеттаршна жоп луш махкарчу къоман политикан министран гIовсо Элембаев Iалихана.

Израил, Абу-ГIош, Кадыров Ахьмадан цIарх маьждиг
Израил, Абу-ГIош, Кадыров Ахьмадан цIарх маьждиг

Лаамца - тхоьгахьа

Юнаевс шайн юкъаралла ю элира Оьрсийчуьрчу Жуьгтийн къоман-культуран автомин (ФЕНКА) могIаршкахь. Ткъа автономин векало Энгель Викторияс, иза дац ишта, цкъачунна шайн декъашхошлахь яц Соьлжа-ГIаларчу жуьгтийн тоба, делахь а, хуьлийла ду цунна лаахь, элира "Кавказ.Реалиига".

"Регионера керла тоба автонимин декъаяккха атта дац. Юстицин министраллехь дIаязйина хила еза регионерчу шина гIалахь бехачу жуьгтийн ши тоба. Нохчийчохь атта дац иза дан. Юха оцу шина тобанах, цхьаьна а кхетта, цхьа тоба хила еза. Цул тIаьхьа меттигерчу газетехула хаийта деза цунах лаьцна. Хала ду иза. Нохчийчуьра тоба ша йолучохь кехаташца дIачIагIлуш бен а яц цкъачунна. Оха гергарло леладо оцу тобанца, амма низаме диллича, яц иза тхох схьакхетта", элира Энгель Викторияс.

Баха хууш болу нах

2013-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь "Терек" тоба Къудсера (Иерусалим) "Бейтарца" футболах ловзучу деношкахь хьахийра Кадыров Рамзана синагога йилларх дерг. "Шу даха хууш адамаш ду. Тоян еза вай юкъаметтигаш. Тхуна хазахета синагога йилла меттиг тхаьшна карийна. Футболах а ловзур ду, синагога а хIоттор ю, вовшашна тIеттIа а оьхур ду, аьлла, хастийра Кадыровс хIетахь жуьгтий.

Кхин цхьа бахьана а ду Соьлж-ГIалахь синагога йилла – Израилой, Нохчийчоьной шаьш-шаьш лелочу динийн хIусамашка ларам бар. Къудсна гена йоцчу Абу-ГIош юьртахь (цигарчу бахархоша шаьш нохчий ду аьлла даржорца) 2014-чу шарахь Кадыров Ахьмадан цIарх маьждиг схьадиллира Нохчийчоьно. Соьлж-ГIалахь синагога йоьллур ю аьлла дIакхайкхийра, оцу совгIатна дуьхьал совгIат деш. Дийцарехь, лаам бехаш бу хIинца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG