ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иттаннашкахь божарийн мажош яьшна Узбекистанехь милицин белхахоша


Холматов Икрам, нуьцкъаша маж яшийтале хьалха а, яьшначул тIаьхьа а
Холматов Икрам, нуьцкъаша маж яшийтале хьалха а, яьшначул тIаьхьа а

Узбекистанерчу Ташкентан кIоштарчу чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахоша иттаннашкахь тIекхайкхинчу божарийн мажош дIаяьшна бертаза. Узбекийн Азаттык Радионо бина и хаам.

Милици тIекхайкхинчух цхьаммо, Холматов Икрама дийцина, гIалин милицин декъе ша Лахьан-беттан 22-чохь вигинера "лоьхуш йолчу цхьана зудчун хьокъехь" хеттарш дан аьлла. Цуьнан телефон зийна, цул тIаьхьа суьрташ даха буьйлабеллера.

"ТIаккха дIахьедира соьга: "Нагахь санна, айхьа маж ца яшахь, оха тхаьш дIайошур ю". Уьш кхето гIоьртира со, сайн маж ас тIехь Iуналла а деш лелош ю, тIех ях ца йолуьйту аьлла, амма соьга схьахьедира, цуьнах гIуллакх хир дац аьлла", - дийцина цо.

Холматовс бахарехь, маж яша дуьхьал хиллера иза, амма милицин белхахоша тIеIаткъам а бина, цара бохург дан дийзира цуьнан.

ТIаьххьарчу беа баттахь шозза тIекхайкхина ву иза чоьхьарчу гIуллакхийн органаша, шоззе а маж яшийтина.

Меттигерчу жигархочо, шен цIе хьулъяр а доьхуш, хаамбина, тIаьххьарчу баттахь Ташкентан кIоштарчу цхьана Янгиюль гIалахь 22 стеган мажош яьшна хиларх.

Янгиюлерчу милицин белхахочо дIахьедина, "суьрташ дохучу заманчохь бакъоларъяран органаша дехар дина хила тарло, шайн мажош битаме ялае аьлла", амма, боху цо "нуьцкъаша мажош цхьаммо а ца яшийтина цаьрга".

Милицин декъе кхаьчначу божарша чIагIдо, шаьш дин лелош хиларна йошуьйтура шайга мажош. Цара дийцарехь, цхьаболчу божарша лелайо мажош модица, амма уьш хьебеш бац.

"Тхо шайна террорхой хета, боху цара", - чIагIдо Янгиюлян цхьахволчу вахархочо.

2014-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, еха мажош лелор, мекхаш дашар, хечин когаш чукарчор - ваххабизман а, Нохчийчохь могуьйтур доцчу леларан а хатI ду аьлла. Цул тIаьхьа ницкъаллин структурийн белхахой маьждигашка оьхура, "нийса куц-кеп доцу" кегийрхой лоьхуш.

Бакъоларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедалхоша арахьара агент лаьрра; "Мемориал" цунна реза яц. - Редакцин билгалдаккхар.) центро шуьйрра яздира, Кадыровн кхеташо йирзинчул тIаьхьа, тIехулара куц "нийсадоцу" кегийрхой леца болорах. "Шекойолчийн" телефонаш охкура цара, радикалан хьажам болу видеороликаш юй хьовсуш. Маж "хила езачу барамехь яц" бохуш, лецна балийначу кегийрхошка бертаза йошуьйтура полицин дакъошкахь, цул тIаьхьа дIахоьцура бохуш, дуьйцура тешаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG