ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Иза ейтинарш маьрша бисна". 15 шо кхаьчна Политковская Анна йоцу


Политковская Анна

2021 шеран ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь 15 шо кхаьчна "Новая газетера" журналист Политковская Анна йийна. Редакцехь хIиттийра дагалецаман барамаш, Москвана юккъехь дина иккхина бохам бовзуьйтуш гайтира "Муха йийна Анна" фильм. Оцу зуламца доьзна масех стаг набахте хьажийнехь а, бехктакхаман гIуллакх дирзина аьлла ца хета Политковскаян коллегашна. Зулам дайтинчийн цIераш хIинца а яц яьхна. Ткъа тахана чекхъяьлла низамо бекхамна къастийна хан.

Политковская Анна, йина масех герзан чов а йолуш, йийна карийра Москварчу Лесная урамерчу шен доьзалца ехачу цIийнан учахь ГIадужу-беттан 7-чохь. Журналист лифт чуяьлча тоьхна цунна некхах герз, тIаккха коьртах. ДIатесна Макаровн тапча карийра лифта чохь.

Зулам таллар шен тергоне ийцира хIетахь Оьрсийчоьнан инарла прокурора Юрий Чайкас. Москван прокуроран гIовса Росинский Вячеслава бохура, талламан версешлахь ду Политковская "ша бечу балхаца доьзна леррина йийна хилар".

Масех стаг лецира. 2009 шарахь кхелкъасторхоша бехказбехира массо а лецнарш, амма тIаьхьо Лакхарчу кхело юхабаьккхира сацам, юхаталла хьажийра дов, масех шаре елира процесс. 2014 шеран Мангал-беттан 9-чу дийнахь тIаьххьара а Москва гIалин кхело оьмар кхачаяллалц набахте валлон кхачийра Нохчийчуьра Махмудов Рустам а, зулам кхочушдинарг а, дан нах вовшахтоьхнарг а лору криминалан авторитет Гайтукаев Лом-Iела а. 2017 шеан Мангал-баттахь иза кхелхира набахтехь.

Милцо Iийна Хаджикурбанов Сергей бехкевира Политковская юьйш юкъарлонехь лелла хиларна, 20 шо туьйхира цунна. Зулам дечунна хьал довзуьйтуш, Политковская тергалъеш леллачу шина вешина, МахмудовгIарна – ИбрахIимна а, Джабраилна а – кхайкхийа набахтехь такха 12 а, 14 а шераш.

Вежарий МахмудовгIар суьдехь
Вежарий МахмудовгIар суьдехь

Хьалхо оццу зуламан декъашхо хиларна, журналист тергалъеш дакъалацарна 11 шо хан туьйхира Москвахь милицехь болх беш хиллачу Павлюченко Дмитрийна.

Чубоьхкинчара зулам стенна дина къастонза дисина, билгалдохура адвокаташа. Цул сов, адвоката Мусаев Мурада дуккхаза а бехира бехккъасторхошка, видеокамераша гойту стаг тера вац кхело герз тохарна бехкевечу Махмудов Рустамах.

Павлюченков Дмитрий суьдехь
Павлюченков Дмитрий суьдехь

Зулам дан нах арабаьхнарг мила ву кхеташ дац тахана а. "Новая газетера"

Политковская Аннин коллегаш тешна бу хилларг Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца дозуш ца хуьлийла дац бохучух. Йийначу журналистан дукхахйолу репортажаш яра Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхорах лаьцна.

"Новая газетин" информацица, газетанна зуламах лаьцна хаам бан гIиртира Нохчийчьура федералан эскархо-эпсар Ямадаев Сулим, амма ца кхиина – Дубайхь вийра иза 2009 шарахь. Цуьна ваша вийнера шо хьалха Москван центрехь. "Восток" батальонан коьртехь хиллачу вежарша ЯмадаевгIара дина хила тарло зулам, бохуш, хьехийра уьш адвокаташа кхелехь. Политковскаяс церан бизнесах йозу къайленаш хьейора, цара бекхам бина хила а мега цунна, бохура.

Ямадаев Сулим а, Кадыров Рамзан а
Ямадаев Сулим а, Кадыров Рамзан а

Талламан комитетан официалехь векал хиллачу Маркин Владимира, зулмхойх дIатухуш, масийттаза хьахийра велла волу олигарх Березовский Борис. "Березовскийна гонахарчу дукха нахаца къамелаш дина талламчас, массара а санна билгалдаьккхина Березовский Борис Абрамович Политковскаян балханна чIогIа резавацара, аьлла. Журналистна ша магийра Нохчийчоьнан тема хьеян, дуьйцура Березовскийс", – яздина шен "Оьрсийчохь XXI бIешарахь дина уггаре даккхий зуламаш" цIе йолчу книги тIехь Маркина. Амма Политковскаян доьзало а, коллегаш а аьшпаш лору и верси.

"Новая газетин " ютьюб-канале хIоттор ю "Муха йийра Анна" фильм. Дуккха а информаци ю оцу чохь талламах а, Аннин тIаьххьарчу денойх а лаьцна

"Новая газетин" коьртачу редактора Муратов Дмитрийс дийцира, коллегашна муха дагалоцур ю 15 шо хьалха шайна юкъаръяьккхина Политковская Анна:

– Политковская Аннин хьомара лаборатори ю оха схьайоьллуш цуьнан 307-чу кабинет чохь, даима а лаьттара иза йолчу кхача, цуьнагара гIо оьшуш де эшначийн могIа. Оцу чохь оха гойту муха теллира зулам: муьлш бара иза йийнарш, зулм кхочушдинарш, юкъалелларш, зулам кечдинарш, церан суьрташ, цаьргахь хилла герз. Тхуна мехала ю и чоь, оцу чохь Анна Iийна хиларна. Цуьнан компьютер чохь ца хеддаш лаьтта муьлтимедиа цхьацца гайтамашкахь, суьрташца, хIара цуьнан белхан меттиг ю, стоьла кIел цо хуьйцуш лелийна мачаш ю. Цул сов, сан стоьла тIехь ю хIинцца "Новой газетин" редакцино арахоьцуш йолчу "ХIун динчунна?" книгин экземпляр. Цо гIеххьачул жоп ло, стенна йийна иза бохучунна. Цуьнан репортажех, талламах лаьцна ю книга, дешахьалхе язйина Аннин бераша – Илюшас а, Верас ПолиткоскийгIара.

Муратов Дмитрий
Муратов Дмитрий

Кестта оха "Новая газетин " ютьюб-канале хIоттор ю "Муха йийра Анна" фильм. Йовзанза йисина дуккха а информаци ю оцу чохь талламах а, Аннин тIаьххьарчу денойх а лаьцна. И фильм редакцино, тхан видеостудино кечйина, режиссер ю хьомсара Артемьева Анна, монтаж йина Сахарнов Кирилла. Иза тхуна беза хилам бу.

15 шо хьалха, иза йийча, президента элира, иза ейтинарш схьакаро безаш бу. Делла дош кхочушдан деза

–​ Политковская Анна ейтинчийн цIерш цкъа мацца а йохур ю бохучух теший шу? Таллам дIабахбаре дог стенна доху аш, иза стенна оьшу хьуна а, хьан коллегашна а?

– Политковская ерах болу таллам дIабахьа кхачош йолу зама редакцина цкъа а кхачор яц. 15 шо хьалха, иза йийча, президента элира, иза ейтинарш схьакаро безаш бу. Делла дош кхочушдан деза. Ас официалехь хаттар хьажийра Талламан комитете, лохуш буйла хаа лууш зулам дайтинарш, соьга таллам бирзина бац, дIахьош бу, аьлла. Цундела кхузахь тешар я цатешар дац, менеджментах хьакхалуш ду.

–​ "Новой газетина" мел еза ю Политковская Анна, мила ю иза Оьрсийчоьнан журналистиканна, Оьрсийчоьнан юкъараллина? Иза йийна 15 шо даьлча къастабойла дуй зуламан мах, олийла дуй хIун эшам хилла Оьрсийчоьнна?

– Оьрсийчоьнан литература а, журналистика а – уьш кIоргга хиламашна юкъайоьлла ю, юкъахь дакъалоцуш а, хийцамашца цхьаьна хицалуш а ю. Оцу хьолах "хийцамийн ницкъ" аьлла философа Мамардашвили Мераба, дахар дикачу агIор хуьйцу гIирс бу иза. Политковская яра и гуманизман некъ гойтучех. Иза вуно чIогIа тIегIертара шегара гIо оьшучу наханна. Иза наггахь бен нислуш йоцу йист ю журналистиканий, бакъоларъярхочун декъанний. Оцу маьIнехь иза, соьга хаьттича, хьалханча яра, – боху "Новая газетин" коьртачу редактора Муратов Дмитрийс.

Политкрвская Аннин доьзалан адвоката Ставицкая Аннас, журналист ерах долчу девнна тIе тIаьххьара тIадам биллина бац, боху:

Зулам дайтинарш маршонехь беха, таллам цхьана меттехь лаьтта, бехкенаш берраш а бац гучубаьхна

– Ас дукхазза а хазийна эшам хиллачу агIонан позици – Политковская Аннин бераша бохург. Цара кхеттош дIаьалла, талламан жамI кхоччуш гучудаккханза ду, уьш реза хир бу цунна, нагахь санна церан нана ейтинарш схьакарабахь. Зулам дайтинарш маршонехь беха, таллам цхьана меттехь лаьтта, бехкенаш берраш а бац гучубаьхна. Кхеле "Новая газето" а, зен хиллачара а Iорабаьхна нах бен ца кхаьчна. Хьалхарчу кхелехь зуламхой Павлюченков а, Гайтукаев а бехк тIебаьхначу агIонан тешаш бара. "Новая газета" къар а ца делла, цо тоьшаллаш а карийна, кхачийра и ши стаг бехктакхамхойн декъа.

Ставицкая Анна
Ставицкая Анна

Зулам дайтинарш стенна ца карабо талламна? Бахьанаш дуккха а ду. Цхьаъ делахь, вац гIуллакх дуьззина, баккъал а талла лаам болуш цхьа а талламча. Цу тIе, Талламан комитетехь болчу талламчашка иза далур а дац. Ткъа уггаре коьртаниг – Оьрсийчоьнан Iедална оьшуш хIума дац иза. Оцу дерригено а новкъарло йо, тахана а вац зулам дайтинарг карийна, билгалваьккхина. Лаьттачу хьелашкахь тхуна го Талламан комитето Iедалан тренд юьззина кхочушъеш - кхеле ца озош стаг вац, тъа бехкениг вац хьавеш, – боху адвокат Ставицкаяс.

Гарехь, таллам дIакъовлур бу, вайна евзар а яц зулам дайтинчийн цIераш

Политковская Аннех иза йийачу дийнахь дагалоьцу журналиста Светова Зояс:

– Ас даима а йоьшура цуьнан репортажаш, суна Политковская Аннин йоза масал дара журналистикехь. Сайн ницкъ ма-кхоччу цо деш хилларг дан а гIиртина со. Анна бакъоларъярхо-журналист яра, цунна иза мехала а дара. Политковская Анна ер толлуш бечу балханна реза хуьлийла дац, 15 шо даьлла – каронза висина зуламхо бехках мукъавоккху зама ю иза. Гарехь, таллам дIакъовлур бу, вайна евзар а яц зулам дайтинчийн цIераш. Зулам кхочушдинарш, вовшахтоьхнарш, юкъалелларш чубоьхкина, царех цхьаъ, Гайтукаев Лом-Iела, вала а велла. Тешна а, цунна вевзаш хилла зуламан коьрта да. Ткъа иза набахтехь велла хилча, хуур дац вайна иза цуьнгахула.

Журнлист ейтинарг вевзар вац, гарехь, цкъа а. Дера ду иза доккха халахетар. Суна хетарехь, динчу зуламах жоп цадехаро хIоттийна тахана журналистика халчу хьоле – тобанашкахь арахьарчу агентийн статусе боху журналисташ. Политковская Анна ер магийтаро кхачийна оцу хьоле журналисташ, медиа.

Теманаш дукха хир яра цунна, иза хир яра мискачийн агIор, пачхьалкхо, хьаькамаша хьийзочу нехан агIор

–​ Хьуна муха хета, иза, журналистан, бакъоларъярхочун новкъахь хIун лелош хир яра тахана, ша 15 шо хьалха ца йийнехьара?

– Шеко йоццуш, хир яра Къилбаседа Кавказ толлуш. Беларусехь а хир яра иза, суна хетарехь, цо кхелех лаьцна яздора, бехк а боцуш набахтешка хьийсочу нахах лаьцна яздора. Теманаш дукха хир яра цунна, иза даима санна хир яра мискачийн агIор, пачхьалкхо, хьаькамаша хьийзочу нехан агIор. "Новая газетин" тоьллачу авторшлахь хир яра иза. Цуьнан гIуллакх дIахьош бу тахана оцу газетехь болх бен журналисташ.

Светова Зоя
Светова Зоя

Бакъоларъяран журналистика а яра цунна герга, иза вуно дика аналитик яра. Цо шен артиклашкахь, Францехь арахецначу "Суна стенна ца веза Путин" книги тIехь гайтира Путинан режиман орам. Оьрсийчоьнна хIун Iаткъам бо Нохчийчуьрчу тIамо гойтура цо, гойтура и тIом бахьанехь вайх хилларг, вай шолгIа тIом а бан Iедална магор. Цуьнан цо вуно кIорга, дика йора анализ, Малхбузехь араюьйлучу цуьнан материалаша дика гойтура Оьрсийчохь хуьлуш лаьттарг. Малхбузехь уггар дика евза Оьрсичуьра журналист яра Политковская Анна. Иза цигахь йовзара, цо ен Оьрсийчоьнан дахаран анализ мехала яра Малхбузерчу журналисташна, политологашна, элитина. Доцца аьлча, Оьрсийчоьнан а, дуьненан а журналистикан исторе йижина журналистика ю иза, – боху Светова Зояс.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG