ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь адамаш сов даларан терахь алсам ду 1101 гIаларчу бахархойн терахьал а


ГIадужу-баттахь Оьрсийчохь велла 74 893 стаг, уьш берш бара коронавирусан COVID-19 ун хьакхаделла, хаам бо Радио Свобода зорбан гIирсо, Росстатан гайтамашна тIе а тевжаш. ЧIагIдарехь, 5018 стаг велла вирус кхетаро Iаткъа ца биннашехь.

Цхьана баттахь COVID-19 вирусах беллачийн официалан терахь а, ун кхеттачех юкъара бахьанашца адамаш даларан терахь а уггар доккха ду пандемия йолаелчхьана дуьйна. Хьалхара оофициалан баларийн терахьан максимум билгал йинера 2021-чу шеран Товбеца-баттахь. Оцу цхьана баттахь веллера коронавирусан н кхетта волу 50 421 стаг.

Лахьан-беттан статистикан хаамаш зорбане баьхна бац. ГIадужу-баттахь белларш а лаьрча, пандемия йолаелчхьана Оьрсийчохь велла ун кхетта 538 эзар стаг.

ГIадужу-баттахь хуьлучул а алсам адамаш далар хилира - 100509 стаг, ткъа пандемия йолаелчхьана лаьрча и терахь герга дахна 870 эзарна.

Де хьалха вице-премьера Голикова Татьянас дIахьедира, Лахьан-баттахь деллачу адамийн терахь 3,4 процентана лекхара ду Лахьан-баттахь, ГIадужу-баттахь хиллачул а аьлла. Иза ду Оьрсийохь пандемия йолаелчхьана адамаш сов далар герга гIоьртина 988 эзарна бохург.

И терахь лакхара ду, масала, Саратовн а, Тюменан а бахархойн терахьца дуьcтича. Лакхара ду иза Оьрсийчуьрчу 1101 гIалин бахархойн терахьалла а. Оьрсийчохь 16 гIала бен яц, оцу гайтамал (988 00) алсам адамаш дехаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG