ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кабулехь дарбан цIенна тIелатар дина


ОвхIанистанерчу тIемалойн лазартнена динчу тIелатарехь вийна 3 стаг, 60 гергга чевнаш йина аьлла, хаамбо Reuters агенталло. Ткъа Al Jazeera телеканало бахарехь, 15 ву велларг.

ОвхIанистанан тIеман министралло дIахьедина, тIелатар динчех цхьаъ вийна хиларх, шиъ йийсаре лацарх. Кхаарийн Iуьйранна дина тIелатар.

Хьалха Довудхан Сардар Мухьаммадан дарбан цIийнан лаьттатIехь эккхийтар дина, цул тIаьхьа чу лилхинчу наха герз диттина дархошна а, лоьрашна а тIе.

ОвхIанхойн зорбанаша хаамбарехь, тIелатар «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобано шена тIелаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG