ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кабулерчу аэропортехь "кхерамазаллин зона" кхолла лууш ю Париж а, Лондон а, Берлин а


Кабул, дуьненаюкъара аэропорт
Кабул, дуьненаюкъара аэропорт

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралле дехар дан дагахь ю Франци а, Британи а, Германи а Кабулерчу аэропортехь кхерамазаллин зона кхоллар хьокъехь, Афганистанера арадовла гIерта адамаш маьтршша цига дахкийта. Цунах лаьцна яздо Американ аз зорбан гIирсо.

Цунах лаьцна кIиранан дийнахь дIахьедина Францин президента Макрон Эммануэла.

Цо дийцарехь, Талибанца кхин дIа нахана эвакуаци яр дийцаре дечу Францино, оршотан дийнахь цу хаттарехула йолчу резолюцин проект дIалур ю, вето кхайкхо бакъо йолчу пачхьалкхаша дакъалоцуш хир йолчу сихха гулйъеллачу Кхерамазаллин Кхеташоне.

"Дийцарш дIадоьлхуш ду… кеманаш лелар юхаметтахIоттор хьокъехь", - хаам бира Макрона TFI телеканалана интервью луш.

Францин президента тIетуьйхира, дийцарш дIахьуш гIо деш Катар ю аьлла. Макрона билгалдаьккхира дагадовларш кхиаме ду-дац ала хьалхе хилар.

"Цара (дийцарша) вовшахтоха мега ерриг дуьненан юкъаралла, ткъа иштта Iаткъам бан мега Талибанна", - билгалдаьккхира Францин президента, шаьш Талибанца дийцарш дIадахьар дац, Францино къобал дийр ду талибийн Iедал бохург, аьлла тIе а тухуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG