ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кабулерчу аэропортехь велларг 200 гергга ву


Дахначу еарин дийнахь Кабулерчу аэропортехь динчу эккхийтаршкахь беллачийн терахь 200 гIоьртина, шайлахь 13 америкахойн тIемало а волуш. The Wall Street Journal гIирсо яздо цунах лаьцна Афганистанерчу могушалла Iалашъяран министраллана тIетевжина.

Хьалхо бинчу хаамашкахь дуьйцура, Кабулан аэропортна чувоьдучохь Iожалхо эккхар бахьана долуш 100 сов стаг велла бохуш.

Афганистанерчу CBS News ресурсан корреспонденто чIагIдо, байинчарлахь бераш а цхьаьна ду бохуш. 200 ца кхоччуш ву чевнаш йинарш.

Оьрсийчохь йихкинчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу террорхойн тобанхоша шайна тIелаьцна динчу терактах жоьпалла.

"Талибан" (Оьрсийчохь йихкина ю) боламо хааме даьккхина, динчу лелхийтарийн декъах хила тарлуш волу масех стаг лаьцна шаьш аьлла.

Карарчу беттан 15-чохь дIалецира Кабул тIалибаша, пачхьалкхера Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн эскарш а, церан агIончааш а арабохучу юкъаанна. Афганистанан президент ГIани Ашраф ведда пачхьалкхера. Кабулерчу аэропортехь йолийра арахьарчу пачхьалкхийн миссин а, тIалибаша шаьш хьийзор ду аьлла хета, цаьрца белхаш беш леллачу афганхошна а эвакуаци яр.

The Washington Post газетан хаамашца, "Талибано" дехар дора Вашингтоне, Афганистанца дипломатин юкъаметтигаш Iалашъяре кхойкхуш. КIайчу цIийнан пресс-секретаро Псаки Джена хаам бира, хIара бутт байначул тIаьхьа Американ дипмиссино болх бийр бац аьлла.

ХIинцале а Афганистанера араваккха аьтто хилла 100 эзар сов стаг. ТIалибаша пурба делира пачхьалкхера нах арабахийта, амма кху беттан 31-чу дийне кхаччалц бен Кабулерчу аэропортехь тIемалой буьтуш бац цара.

Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, кхечу пачхьалкхаша а шайн нах арабохуш бу хIинца а. Германин а, Испанин Iедалша ерзийна эвакуаци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG