ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кабулерчу тIалибах Оьрсийчоьнан векало алла: "Террорхошца гIоле ду"


Оьрсийчоьнан Афганистанера векал Жирнов Дмитрий (аьрру агIор) пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министрца Атмар Мохьаммадца
Оьрсийчоьнан Афганистанера векал Жирнов Дмитрий (аьрру агIор) пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министрца Атмар Мохьаммадца

Афганистанерчу Оьрсийчоьнавн векало Жирнов Дмитрийс дIахьедина "Эхо Москвы" радиостанцин эфирехь, "террохошца-тIалибашца хьал гIоле ду Кабулехь", президент ГIани Ашраф волуш хиллачул а аьлла.

"Цара Кабулна тIехь контрол латточу хьалхарчу дийнахь-буса хиллачуьнца дусту ас. Дикачу агIор битам бу", - кхетийна векало, дипмиссин белхахойн кхерамзаллех лаьтта хеттарш дийцаредан гергарчу хенахь "Талибанан" векалшца цхьанакхета дагахь ву ша аьлла, тIе а тухуш.

Оцу хаттарехьа тIалибийн болу хьажам "сирла а, позитиве а, тешаме а" бу аьлла Жирновс .

"Массо а хIуманан духе кхетамца кхиа дуьхьало ца го суна", - дерзийна къамел Оьрсийчоьнан векало.

Хьалхо хааме даьккхира, Оьрсийчоьнан векаллаллина кхерамзалла шаьш латториг хиларх, дIахаийтина тIалибаша аьлла.

КIирандийнахь, Оьрсийчохь террорхойн леринчу, радикалан исламистийн "Талибан" боламан векалша тIом а ца беш, схьаяьккхира Афганистанан шахьар Кабул. ТIаьхьо президентан пачхье а дIалецира цара.

Пачхьалкхан президент ГIани Ашраф пачхьалкхера дIавахана, йоккха гуманитаран катастрофа цахилийтархьама. Йоллу Афганистан тIалибийн карахь йисина.

ТIалибаша Кабул схьаяккхарца, гIалин аэропортехь доьхна хьал дара. Радикалийн агIор хинйолу репрессех а, ницкъбарх а кхоьруш, эзарнашкахь нах бара пачхьалкхера арабовла гIерташ. Аэропортехь гIуьтттучу арахьарчу пачхьалкхийн кеманийн шассих тийсалора цхьаберш.

Reuters агенталло хаам бира оршотан дийнахь, бовда гIоьртинчу овхIанхойх мел лахара а пхи стаг валарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG